ТIекхочийла долу линкаш

Дукха хан йоцуш Малхбузера Европерчу цхьана гIалахь волалуш сан накъосто элира соьга "дIо воьдург валахь-вацахь а нохча ву-кх аьлла». Цуьнан болар гича, аса йира изза ойла. Вавше а хьажна, велавелира тхойша.

Иштта нохчий хьовха жимма а махкал арахьа хан яьккхинчу стагана, бийца ца оьшуш, бевза Советан пачхьалкх хиллачу республикашкара, ша аьлча Оьрсийчура баьхкина нах. Лелар ша-тайпа хилла ца Iаш бIаьргаш хулу цера ша-тайпа.

Кху деношкахь Кремлана муьтахь болу зорбанан гIирсаша хIора денна кхерош бу пачхьалкхара нах Епропах а, Iамеркин Цхьанатоьхначу Штатех а. Цигара нах набар суй ца беш ойлана еш бу Оьрсийчоьнна тIе муха летара дара-те бохуш. Iамеркахой а, европахой а лууш бу берриг оьрсийн бахамаш дIалаца, аьлла ойла кхоллало цара дуьйцучуьнга ладоьгIча.

Цу юкъана цара туьйранаш дуьйцу Оьрсийчура араваьлча дехаш долу адамаш вуно холчахь ду бохуш. Путинан пропагандисташа пайда оьцу дукхах болу Оьрсийчурча бахархошна хууш ца хиларх кхечу пачхьалкхара адамаш муха дехаш ду.

Кхана хIун хир ду те аьлла ойла ца еш цхьа а вац. Амма Оьрсийчура бахархой даиман а кхоьруш хуьлу хин долчух. Цундела кханенна дIадиллина банканашна чохь ахчанаш долу хан хIинца а лаьтташ ю аьлла хетало Оьрсийчохь. Ткъа Оьрсийчура пропагандин машено шуьйра пайда оьцу адамаш кханенах кхоьруш хиларх.

Цу тайпа Iедалан политика цаловш болу нах а бац Оьрсийчохь кIезиг. Амма хьал хийца лаам дукха ледара бу церан. Уггаре а цара чIогIа деш дерг ду махкара бовдар. Цу нахах а дукхах берш бу дешна болу, Iилма девза нах.

Кху деношкахь Оьрсийчура Левада-Центр олучу талламан центран талламчас Левинсон Алексейс дийцира хIун нах бу Оьрсийчуьра тахана а дIабаха лаам берш бохург.

Левинсон: «Советан пачхьалкх лаьттинчу мехкашкара даиманенна а дIабаха луурш, юкъарчу хьолехь аьлча, I2 процент бу. Ткъа лаккхара дешнарш бийцича – уьш I5 процент бу. Яьккхийн таронаш йолучаралахь уьш 18 процент бу. Яккхийчу шахьаршкарчу бахархошлахь а бу дIабаха луурш 18 процент.

Эрна а дац иза. Iедал ша мискачу нахехьа дуйла моттийта гIерта. Амма иза бакъду бохург а дац. ХIунда аьлча, таро йоцу нах тешна бу Iедал хьолахошкахьа хиларх. Делахь а, мискачарна тоаме ду цкъачунна Iедалан дайша дуьйцург, цо ден къамел».

Ткъа хIун бахьанаш хьалхадоху махкахбовла леринчу наха, аьлла, динчу хаттарна иштта жоп делира социолога Левинсон Алексейс.

Левинсон: «Стигалкъекъа-баттахь алссам адамашка хаьттича, дIабаха ойла йолучаьрга хаьттича, хьалхадериг ду дозанал арахьа дахар тоьлаш хилар, шолгIачу меттехь – кхузахь экономикан хьал тешаме дацар, кхоалгIачу меттехь – берийн оьшшу хиндерг дацар, боьалгIачу меттехь – 20 процент – Оьрсийчохь хьаькамийн къизаллах хьалхавала некъаш бацар».

Делахь а даймохк бита луучу Оьрсийчоьнан бахархойн массо а бахьанаш цхьанна тIедоьлху – политике, царна ца тов таханлера Iедал, цуьнан халкъе ларамбацар. Левинсонна цуьнан бахьана иштта хета.

Левинсон: «Хьо пачхьалкхана оьшуш воцийла гар – иза вуно хала ду. Цу тIе, цхьа хьаькамашна а доцуш, халкъана хьо ца эшар. Шайн политикан хьажамболучарна го шаьш санна нах оьшуш боцийла. Лазаме ду и дерриг а».

Кху деношкахь «Керла регион» олучу интернет портало зорбане яьккхина Литвахь ехачу оьрсийн журналисто Деккер Татьянас язйина артикл. "Соьгаметтигерчу бахархоша хоьтту хIун хилла Оьрсийчохь бехачу нахана бохуш-, яздо Деккер Татаьянас.

"Оьрсий цкъа а цахилла къиллой а, Iовдала нах а. Уьш тIе а товш хIунда Iа Iедалша а, зорбанан гIирсаш а дийнахь-бусий пуьтуш буттуш а болуш? 20-чу бIешаре юхаберза сацам хIунда бина цара, дерриг а дисина дуьне 21-чу бIешарехь дехаш а долуш? Кхечу пачхьалкхашкарчу наха дуьйцург хIунда ца хета царна?"- бохуш хьоьтту шега бохуш яздо журналисто Деккер.

Дукхах болчу оьрсийн цу тайпа тамашийна леларан ши бахьана го журналистана. Царах цхьа бахьана къелла ю, шолагIа бахьана ду кхечу къаьмнийн меттанаш цахаар.

Иза бакъ ду. Дукха болу Оьрсийчура бахархой хууш бац шайн мотт а бен. Церан шайн маттахь Iедалша харцанца кечйина информаци бен карон аьтто бац кху дуьнентIехь хуьлучух лаьцна.

Вай лакхохьа хьахийна йолчу «Левада-центро» стохка Охан-баттахь бинчу талламца, 70 процент Оьрсийчура бахархой хууш бац цхьа а кхечу къаьмнийн мотт. Нагахь хууш хилча 11 процент оьрсий бу мухха белахь а инаглс мотт лело гIорта аьтто болуш, немцойн а, испанхойн а мотт хууш, я Iамош бу шишша процент бахархой.

Оьрсийчура бахархошна шайн махкахь а, дуьненчохь а хуьлучух лаьцна дуьйцу телевизионерчу керланаша. Ткъа цу чохь кху тIаьхьарчу шарахь дуьйцург «гIирма вай хиаларх а, Украинера фашистех а,оьгIазе Малхбузенехь а, вочу Iамеркех лаьцна доцург хIумма а дац. Цундела цу махкарчу нахана цхьа а хIума ца хаьа баккъалла а Малхбузерчу мехкашкахь хьулучух лаьцна. Царна ца хаьа цигахь нах муха беха, муха ю церан дог-ойла, юкъаметтигаш, дахаре хьажар.

Кхузахь ша ала мегар ду Нохчийчура бахархойх. Кхеташ ду, царна шаьш дIоггара хийца делла аьлла хеташ цахила а там бу. Амма вайн къомах боцучу наха а цхьана синтем барца дуьйцу цу хийцамех лаьцна.

Царах ву 1996-чу шарахь, тIом боьдучу Боснехь шина шарахь болх бинчул тIаьхьа, «Мацаллина духьал болам» цIе йолчу вовхатохараллан цIарах Нохчийчохь болх бина волу яздархо Литтел Джонатан.

Цул тIаьхьа иза шозза хилла цигахь.

2006-чу шарахь Литтел Джонатана французийн маттахь язйина (Les Bienveillantes) «Къинхетаме мехкарий» цIе йолу роман. Цуьнах оццу деношкахь бестселлер хилира. Иза зорба тоха кехат а ца тоьана, Францехь зорба тухучура сацийра дерриг а дуьнено хазахетта тIеэцна йолу «ХIарри Поттер» цIе йолу рогIера книга (туьра). Ткъа кехат дIаделира Литтеллан роман арахецийта.

2006-чу «Къинхетаме мехкарий» романо даьккхира ( Prix Goncourt Гонкуран цIарах долу совгIат. Оццу шарахь и роман язъярна Литтеллна делира Францин академин коьрта совгIат а. 2007-гIа шо чекхдолуш цу книгин 700 эзар экземпляр йоьхкинера цхьана Францехь. Цул тIаьхьа 900 агIонах лаьтташ йолу и роман I9 матте яьккхира.

Хьуна тIаьххьара Нохчийчу вахача, гинарг дIоггара дика сурт дац. Хьалха ахьа нохчех лаьцна дуьйцуш лелош кхин дешнаш дара. Хийца-м ца елла хьан нохчех йолу ойла, аьлла шега хаьттича Литтелл Джонатана иштта жоп делира.

Литтелл Джонатан: «Суна нохчех лаьцна хетарг дац хийцаделларг, суна хетарехь, шаьш нохчий вуно хийцабелла. Цхьана декъанна иза тIом хиларан жамI ду. Аса дуьйцург ду, цу кепара беха тIом лайна адам хийцалуш Iедал ду.

Юкъаралла йоха йо, адамийн юкъараллехь хийцамаш хуьлу. Амма Нохчийчура хийцамаш сихбинарг, суна хетарехь, Кадыровс хаьржина а, тIеэцна а йолу политика ю. Иза уггара тоьлларг дац. Оьрсийн гIоьнца Кадыров нохчех къезиг нохчий бан гIерташ ву. Нохчаша лелийна долу дуккха а гIиллакхаш, шайна юкъахь доьзалшкахь лелош йолу юкъаметтигаш а, юкъараллан уьйраш а йолуш, вуно чIогIа йохийна цигахь.

Масала, масех шо хьалха Кадыровн цIарах арабевллачу кегийрахоша басар юкъахь долу гарголгаш йиттира, шайна мелла а эвхьаза духар доьхна бу аьлла хетачу махкаршна. И тайпаниг нохчашна юкъахь хьалха хилла доцу а, хила йиш йоцу а хIума дара цу наха лелийнарг».

Нохчийчохь юьхьарлаьцначу политико хIаллак деш ду нохчех нохчий беш дерг. Хьалхара тIом боьдуш берриг а аьлча санна болчу нохчаша юьхьарлаьцнарг яра яхь а, сий а лардон кодекс.

Дохо йиш йоцу низамаш дара цигахь лелаш, муха юкъаметтигаш лело еза божаршца, зударшца, кхечу махкарчу нахаца, кхечу тайпанерчу стагаца бохучу хаттаршкахь. Массо а хIума шен зил тоьхна дара. Амма хIинца дерриг а хийцаделла делла, бохуш вара Литтелл Джонатан. Цуьнан бахаьнаш а дийцира цо.

Литтелл Джонатан: «Цхьана агIор иза кхеташ ду. Цу кегийрачу нехан дай байина тIамехь, церан девежарий байина тIамехь. Царна гIиллакхаш Iамо, муха лела веза бохург Iамо стаг ца хилла дахарехь. Цу агIор цера дуккха хIума дайна.

Ткъа хIинца Кадыровс вовшахтухуш а, дIахьуш а ду дуккха а цо нохчийн ламасташ ду бохуш долу, цхьа цунна хетарехь нохчийн гIиллакхаш ду аьлла хеташ долу хIуманаш. Ма дарра аьлча иза Советан заманахь лелийнарг санна долу хIуманаш ду. Якхийн фестивалаш а, концерташ а иштта дIа кхин а.

Цигахь баккхийн хийцамаш бу. Иза бакъду. Амма дикачу агIор бац уьш».

Делахь а хIора денна ала мегар долуш алсамбовлуш бу нохчашна юкъахь, меттигера пропаганда а йитина, дозуш доцучу хьостанашкара хаамаш бовза аьтто болу нах. Ас буьйцург кегйира нах бу Нохчийчохь бехаш болу.

Умаева Iайнаъ Нохчийчохь ингал-меттан хьехархо хилла ю. Цо дуьйца шен хиллачу дешархойн корматалла вуно лакхара яра бохуш. Iайнаъа дийцарехь, царна юкъахь дуккха а бара махкал арахьа деша баха ойла йолу кегийрхой..

Ткъа мел баьржина бу Нохчийчохь ингалс мотт, иза бийца меттигаш юй иза хуучуна аьлла хаттвр колла ло. Меттигаш кIезиг ю, амма аьтто баьлча вовшашца буьйцуш а шайн ингалс мотт шарбан гIерташ хуьлу вайн бераш бохуш яра Iайнаъ.

Кхин хьал ду махкал арахьа бехачу вайнахехь дерг. Шайн сингаттам шайн бераша нохчийн мотт тесна битар а бу, кхин меттанаш тIех дика Iамар а бу бохуш дуьйцу Норвегера вахархочо Гисаев Ахьамада.

2014-чу шарахь Левада-Центро бинчу талламца, 76 процент Оьрсийчура бахархой цкъа а ца хилла Советан пачхьалкх хиллачу республикашкара арахьа. Ткъа махкал аравала оьшуш долу паспорт долуш бу Оьрсийчохь 28 процент бахархой.

XS
SM
MD
LG