ТIекхочийла долу линкаш

Парижан Iедалша сацам бина хIокху беттан I-чохь дуьйна 1997 шарал хьалха араевлла машенаш а, 1999 шарал хьалха араевлла мотоциклаш а белхан деношкахь Iуьйрана 8 даьлча дуьйна суьйрана 8 даллалца Париж-ГIалахула ца лелийта, оцу гIалара хIаваъ бехделла хиларан бахьанца.

Цкъачунна шира машенаш йолчарна тухуш гIуданаш дац хIокху шеран гIадужу бутт тIекхаччалца. Некъан низам лардархоша шира машенаш сеца а еш, церан дайшца дIахьош кхеторан болх бу.

ХIокху шеран гIадужу беттан I-чохь дуьйна 35 евро гIуда тухур ду и низам дохочу машенашна а, мотоциклашна а.

Ткъа тIедогIучу 2017-чу шеран дечиган баттахь дуьйна и гIуда кхин а тIекхетар ду: жимачу машенашна 78 евро, яккхийчарна 135 евро.

Вай хаьттира могIарерчу францхошка царна Парижан Iедалша бинчу сацамах хIун хета. Керла машенаш эца таро йоцучу нахана цунах хила эшам бу-бац а дуьйцуш, шена хетарг дийцира иштта ша а шира машен лелош йолчу Сильвис:

Сильви: "Парижан мэро и сацам бина хIаваъ цIена хилийтаран Iалашонца. Оцу юккъедаьккхинчу низамо боьха хIаваъ бахьнехь хуьлуш долу цамгарш лахдийр ду. Керла машенаш эца аьтто боцучу нахана эшам хир бу аьлла хетахь а, и ца хилийта а гIо лоцур ду аьлла мэрино. ГIала юккъера транспорт лелорехь ахчанца аьттонаш бийр бу цо нахана. Балхахь болчарна цIена машенаш эца а гIо лоцур ду аьлла мэрино..."

Жил-Iаламан цIоналлин Iуналла дечу "Аdeme" агенталлин хаамашца, Францера яккхийчу гIалийн бахархойн могушаллина доккха зие до хIаваъ бехдаларо, 15 процент бераш садеIарца доьзна цамгарш йолуш ду, 35 процент аллерги олу сиркхо йолуш ду.

Статистикан хаамашца, хIаваъ бехдаларан бахьанца дуьнен тIехь 7 миллион адам делла, ткъа Францехь 48 эзар адам делла.

ХIаваана цара беш болчу эшаме хьаьжжина, машенаш категорешка екъна хир ю хIинца, хIора категорин шен-шен кехат хир ду машена тIелатийна.

И кехат даккха таро ю цу гIуллакхна билгалъяьккхина йолчу сайта тIехь.

Машенан категорига хьаьжжина, долахочуьн бакъо хир ю зонашка екъначу гIалин урамашкахула лела.

XS
SM
MD
LG