ТIекхочийла долу линкаш

Кутаев Руслан: Маьрша стаг АллахIна бен Iибадат дина вац


Оьрсийчоь - Олимпиадан майданашкахула лела нах толлуш ю полици, Сочи, 10Чил2014

Оьрсийчоь - Олимпиадан майданашкахула лела нах толлуш ю полици, Сочи, 10Чил2014

Массеран а тергонехь ю Сочи гIалахь дIайоьду Iаьнан олимпиада. Къилабседа Кавказерчу гIаттаман лидеро Умаров Доккас, шен ницкъаша цунна новкъарло йийр ю бохуш тийсина кхерамаш кху деношкахь айбина дагалоьцу дуьненан прессано. Ткъа хууш дац, дийна ву Кавказ Имаратан лидер я вац.




Сочехь Олимпиадан йолалуш Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Умаров Докка кхелхина аьлла динчу дIахьедаро йоккха гIовгIа яьккхира прессехь. Оьрсийчоьнан премьер-министран Медведев Дмитрийн дIахьедар дан дийзира оцу хьокъехь. Умаров велла аьлла кхоччуш тоьшалла хиллалц иза дийна лоруш ву, элира цо.

Мухха а делахь а, тIемалойн баьччех Умаров Доккех дозуш дукха а хIуманаш ду аьлла хета деххачу шерашкахь иза лац я вен Iалашо йолуш болучарна.
Амма иза билггал вийна я велла хууш стагга а ца ваьлла цкъачунна . Цундела дуьйцурш пропагандан къамелаш лара бен а ца дуьсу.

Умаровл хьалха а хилла Маршонан боламан лидерш, уьш кхелхина, ткъа хIума а хийца ца делла, нохчийн политолога Кутаев Руслана бахарехь.

Кутаев: «Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша даима а дуьйцура, Масхадов дIаваьккхича иза хир ду, Басаев дIаваьккхича кхидерг хир ду бохуш. Суна Докка дIоггара дика вевзуш вац. Салам-Iалам а долуш хилла, амма тIекIаре йолуш гергарло ца хилла сан цуьнца. Цундела цуьнан мах хадо а, амалш йийца а суна ца хаьа. Сайна уьш девзуш хилча а, башха доккха хIума а ца хета суна. Кхузахь кхин ду. Докка дIаваккхахь а, иза вийнехь а, иза дIаваьллехь а, оьрсашна а дайна, ну и что? Бала дIа ма ца баьлла».

ТIемалойн боламехь тахана мел декъашхо ву хууш дац царна шайний бен. Амма билггал гушдерг ду, хан мел йолу уьш къизий, хIуманах Iехалур боцушший бу, Кутаев Русланна хетарехь.

Кутаев: Оцу Доккина тIехьальатташ шортта бу. Иза-м мел вон валахь а, Оьрсийчохь Iийна ву, гIазакхашца Iиттавелла, дика а, вон а цаьргара ган а гина, царна юккъахь диканаш буйла а хууш, царна юккъахь тоьлла интеллигенташ буйла а хууш, бехк боцуш нах буйла а хууш, царех къинхетам бан меттиг а, ойла а йолуш ву. Ткъа вайн хьалакхиина чкъор телехьожийлехь бен оьрсий ган а ца гина ду. Оцу чкъурах болу нах багIахь коьрте, уьш цхьанна а тайпа къамел а доцуш, ла а ца дугIуш, оцу Доккел эзарза къиза а, цхьанна тайпа шайн идеологина тIера юхбевр а боцуш хир бу».

Кавказера хиламийн а мах хадабо нохчийн политолога Кутаев Руслана. Кхин а еххачу хенахь регионехь чолхалла чIагIлуш а, кIадлуш а лаьттара ю, боху цо.

Кутаев: «Докка вийнехь а нагахь санна, цуьнга дIагIур долуш хIума дац Кавказехь лаьтта хьал. Лелош йолу харцо, бусулбачу нахана тIехь латтош долу Iазап - иза лайшний, лай боцчу наханий юккъахь болу къийсам бу. Цкъа а, вовшех кхетар а воцу ши стаг ву лаййий, маьрша стаггий. Маьрша стаг тIерачу АллахIна бен Iибадат дина вац.

Лайна башхалла яц, шена тIейоха хIумий, бага кхосса доьший хилчхьана. Цундела Кавказехь лаьтта къийсам лайшний, маьршачу наханий юккъахь бу. Наха шайна ма-товв, "исламан терроризм", "вахьабизм"бохуш, цIераш тоьхкур-м ю».

Умаров Доккица хьалха леллачу наха цунах лаьцна олуш билгалдоккхура даима а, иза, хаза неха санна хIилла долуш а, ларлуш а стаг хилар. Шена амир вевзаш ца хиллехь а, изза боху, масала, юкъархочо Хаджимурадов Сулимана а. Цунна хетарехь, иза вийна аьлла дийцар, лерринчу сервисийн, иза гучувалийта юкъадаьккхина хIума хила а мега.

Хаджимурадов: «Умаров Докка хIилла долуш стаг ву. Велла аьлла, дийцаре а даьккхина, иза мичахь ву хьажа гIерташ хила а мега. Цхьа Iалашо йолчух тера ду цигахь. Иза чIогIа хIилла долу ву».

Сочехь Олимпиада йолаяллале цхьа ши бутт хьалха Соьлж-ГIала еанера Iамеркарчу NBC телекомпанин тоба. Ткъеха стаг йолчу оцу тобанерчу журналисташа интервью ийцира Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнгара Кадыров Рамзанера. Доккхачу декъанна оцу телекомпанин векалшна хаа лууш дерг дара, Умаров Доккас, массийта шо хьалха дуьйна, Олимпиадана туьйсу кхерамаш кхочуш хила мегаш бу я бац къастор.

Ала догIу, NBC телекомпанехь, шегахь цхьангахь, ю Олимпиада гайтаран бакъонаш. Уьш цо 4 миллиард ах миллиард доллар ца кхоччуш ахча а делла, эцна. Цундела кхоччуш цунна хаа лаьара, мел кхерам лаьтта Сочерчу олимпиадана тIехь. Ловзарш доьлху ду массех де, гуш ду тийсина кхерамаш башха кхераме а ца хиллийла.
XS
SM
MD
LG