ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сийна цIе лета хьох... Samsung Galaxy Note 7


Нохчашлахь а вуно дукхаезарца пайда оьцуш йолу Самсунг Galaxy Note 7 цIе йолу мобилан телефонаш даханчу шарахь нехан карахь лелхар бахьана долуш масийта стагана чевнаш хиллера.

ХIинца цу кхачамбацаран бахьана карийна шайна аьлла дIахьедар ждина Самсунган векалша. Азимова Сийлахас дуьйцу и телефонаш кхин дIа а лелон маьрша маца хир ю бохучух.

Даханчу шарахь нохчашлахь шуьйра яьржина яра ватсапехула а, кхечу социалан машанашкахула а дIасалелаш йолу Самсунг фирман телефон иккхина хиларх цхьа видео.

Цу тIехь гойтуш дара ша дIавуьжуш метта уллехь лаьттачу стоьла тIе аккумулятор юзийтархьама токах тессан йолу телефон а йиллина, агIор ваьллачу цхьаьна къоначу стеган маьнгина а, меттанашна а и телефон эккха а иккхина дина зулам.

Нохчийн маттахь комментари ечо дуьйцура хьовсархошка, боккъал а шаьш дуьйшучу чохь Самсунг я кхинйолчу фирманийн а мобилан телефонаш ма йитахьара аш бохуш.

Бакъдолуш, даханчу шарахь доллучу дуьнентIехь маьI-маьIIехь бехачу нехан карахь я петаршкахь лелха евлира Самсунг фирман телефонаш. Къаьстина иза хьакхалора даханчу аьхке бен арахеца йолийна а йоцучу Самсунг Галакси Ноут 7 цIе йолчу моделах.

Ша араяьллачу муьрехь доккхачу дозаллийца ша санна йолчарна юккъехь флагман санна Къилба Коерярчу Самсунг концерно дIахьейина йолу и смартфон муьлха а цхьа гIалат шеца долуш хилар гучуделира хье ца луш.

Ша Самсунг фирмано яханчу гуьйранна официале дIахьедар дира, доллучу дуьнентIехь 35 Галакси 7 смартфон ю шайн иккхинарг, аьлла. Уьш ерриш а токаца зIене хIоттийна а йолуш, аккумулятор совтIех йохйаларна иккхина ю шайн, аьлла кхетийра Кореярчу концерно и кхачамбацар. Цул тIаьхьа дахана шо дерзале 50 сов яра иккхина йолу смартфон, уггаре а хьалха Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь а, Къилба Кореяхь а хиллера и саннарг.

Самсунган тIаьхьарлерчу смартфонашца долу хьал дукха кхераме дерзар бахьана долуш ур-атталла аэропорташкахь уьш шайн кеманашна тIе яхар а дихкира массо а яьлча санна яккхийчу авиакампанеша.

Иштта, Европехь хIора а эропортехь некъахоша регистраци ечу меттигашкахь дIатоьхна ду „Самсунга Галакси Ноут 7“ телефон я багаж чохь а, я карахь а кеманна тIе яккха магийна дац“ боху йоза. Иштта концерно ша хIинцалца схьа дуьне мел ду йоьхкина йолу цу моделера телефонаш юха а оьцуш, церан долахой хиллачарна боллучу барамехь мах юха бала болийра.

Бакъду, телефонаца ерг хIун проблема ю, мулхачу бахьанийца иза кхоллаелла ю бохург къайлене дисира. Шена Самсунг конернан миллионашкахь зенаш хилира, уггаре а хьалха клиенташлахь цу фирман массо а смартфонашца цатешам кхоллабалар бахьана долуш.

Нохчашлахь а уггаре а шуьйра яьржинчехь мобилан телефонийн фирма ю Самсунг, ала дашна тIаьхь-тIаьхьа яьлла йолу модел а оьцуш, лар йо дуккхаъчу вайнаха цу концернан продукци. Цундела Берлинехь лоьран болх беш йолчу Салгириева Хьавайга хаьттира Маршо радионо, цо муьлхарниг телефон лелайо а, Самсунгах ларвала оьший а. Цо дийцарехь, муьлха телефон, иза совтIеха дегIаца лелийча зенехь ю могашаллина.

Салгириева Хьава: „Масех Самсунг а вайн чохь, Айфон а ю. Ас айса, бакъдерг аьлча, Айфон лелайо, иза аттох хета суна. Амма сан хIусамдас а, бераша а Самсунгаш лелайо, и хIинца тIаьхьаяьлла йолу Самсунг Эйдж ю цаьргахь. Вуно дика телефон ю бохуш хестайо цара иза. Бакъду, и Самсунгаш лелхаш ю аьлла хезча дуьйна схьа иза уллохь ца йита гIерта со.

Масала, тхаьш дуьйшучу чохь ца юьту ас иза, дехьа чу йоккху. Муьлха а телефон ю дукхалелийча дегIана а, могашаллина а зенехь, радиаци ма юй цуьнца. Цундела ка ма-доллу, кIезгох хабарш дийца хьажа веза цуьнца, аьтто белахь, лергах юхкургех пайда эца а беза“.

Шайн тоьлачех смартфон лелхаш хиларна вуно даккхий имиджан зенаш лайначу Самсунг фирмано кху деношкахь дIахьедар зорбане даьккхина, шен говзанчаш эххар а тIахьакхиина, Галакси Ноут 7 телефон эккхаш хиларан бахьанина, аьлла.

Концерно дийцарехь, цу телефон чуьра аккумуляторш техникан гIалат шайца долуш хиларна хилла иза. И гIалат хIинцале а дIадаьккхина фирмано, ткъа Галакси Ноут 7 модел кхин арахоьцур йолуш яц Самсунго. Цу кепара, хIинцачул тIаьхьа шаьш юккъейохур йолу керла моделаш тешаме хир ю бохург чIагIдо Къилба Кореярчу техник яран концерно.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG