ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дубайхь Ямадаев Iийса лаца гIоьртина Нохчийчура полисхой


Ямадаев Iийса.
Ямадаев Iийса.

Оьрсийчура ницкъаллин структураша лоьхуш волу эскархо лорe Ямадаев Iийса лаца гIоьртина Нохчийчура цига хьажийна болу полицин белхахой.

«Росбалт» агенталло дийцарехь, нохчийн оперативан тоба гIоьртина иза дан, Интерполан кепаш а йитина.

Ямадаевга бехк кховдийна иза дуьненаюкъарчу лехаме велла аьлла сацам барца, Нохчийчура ницкъаллин структурийн белхахой тIехь болу леррина кема дахана Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмираташка, хаам бо «Росбалто», шен хьостанна тIе а тевжаш.

Агенталло дийцарехь, уьш Дубай дIакхачале цхьа де хьалха Ямадаев дIавахана хилла цу пачхьалкхара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG