ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь тIелеттарш уллера герз диттина байина бохург харцдина Росгвардин векалша


Russian Police

Нохчийчохь Росгвардина тIелеттарш уллера герз диттина байина бохург бакъдоцург ду боху Росгвардин векалша. И верси ялийнера "Новая газето".

Газето дехар динчу суьдан медицинан эксперташа а, баллистикан говзанчаша а тоьшалла дина, сурташ тIехь гуш болу нах юххера герз диттина байина бу аьлла.

Царах хIоранна а коьртах герз тоьхна, лерга уллера меттиг а лоцуш. Кхин герзо йина чевнаш яц царна тIехь.

Цхьана сурта тIехь вийначуьнан скотчаца дегIах йихкина ю куьйгайинчу бомбанан муляж. Гуш ду иза цIийн а, хоттан а томмугIашна тIехула тIейихкина хилар. ТIехула тIе вийначуьнан аьрро куьйга тIехь гуш ю гIоьмаша йитина лар, яздора "Новая газето".

Кхузахь дагадаийта догIу стохка шо чекхдолуш хилларг. ГIура-беттан 17-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь кегийрахоша тIелатар динера полицин белхахошна, цул тIаьхьа леррина операци дIаяьхьнера масийтта стаг а вуьйш, 4 стаг дIа а лоцуш.

ЦхьамогIа зорбанан гIирсашкахь хаам баржийнера, дарба деш болу тIемалой муьлуш бу ца хуучу наха байина аьлла. "Суна ца хета и эхь доцу сий доцу пуьташ бийцаре бан беза аьлла»- яздина Кадыровс.

Цу хеннахь Новрара тIелатар а шайна тIелаьцна «Исламан пачхьалкх» олучу тобано. Изза хилира 2016-чу шеран ГIура-баттахь кегийрхоша Соьлж-ГIалахь масех тIелатар дича.

И дIахьедар зорбане даьккхинера оццу SITE Intelligence Group организацино.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG