ТIекхочийла долу линкаш

Синтем байна Оьрсийчохь бехачу туркойн


Russia -- People buy Turkish fruit in a supermarket in Omsk, December 3, 2015

Russia -- People buy Turkish fruit in a supermarket in Omsk, December 3, 2015

Иттаннаш эзарнаш туркой бу Оьрсийчохь бехаш, болх беш а, доьзалш кхоьллина а. Амма тахана, Оьрсийчоьнан бомбанаш етта кема туркойн тIеман кемано чудаийтинчул тIаьхьа, церан дахар халоне дирзина. Цунах лаьцна материал кечйина Маршо Радион корреспонденто Балмфорс Тома.

Кху деношкахь саготта бу Оьрсийчохь беха туркой. Бахьана, хууш ма хиллара Оорсийчоьнан бомбанаш етта кема Туркойчоьнан тIеман кемао Шеман дозанехь чудаийтар ду. Иза хилла Лахьан-беттан 24-чу дийнахь. Цул тIаьхьа вуно эргIад яхана Туркойчоьнна жоп дала гIерташ ю Оьрсийчоь.

Кема чудаийтинчул тIаьхьа иттанаш туркой лецна оьрсийн миграцин полицино, гIишлош ечу меттигашкахь а, заводашкахь а уьш леха а лоьхуш. Дуккха а туркой Iаткъам ловш бу яляккхаран полицино рогIера боцу талламаш беш. Туркоша дIахьедарш до шаьш кхоьруш хиларх лаьцна полицино лелочуьнах. Уьш цабаьхьа, Москох, масала, метрох пайда а оьцуш, дIасабаха.

Цхьаболчу хаамашца, карарчу хенахь 90 эзар турко ву вехаш Оьрсийчохь. Царах дукхах берш гIишлош еш белхаш беш бу. Церан сагатдийриг ду Кремло Туркойчоьнна бекхам беш шайн доьзалшца шаьш цу махкара цIалахка мегаш хилар.

Бомбанаш етта кема чудаийтинчул тIаьхьа 4 де даьлча Лахьан-беттан 28-чу дийнахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимра омра делира къоман кхерамазалла ларъян а, Оьрсийчоьнан махкахой ларбан а дан дезарг дуьйцуш.

Цуьнан указаца а догIуш, сацийна виза а йоцуш Туркойчура бахархой Оьрсийчу бахкар. Сацийна чартеран олу шина пачхьалкхана юкъахь кеманаш лелар. Цул сов, Оьрсийчоьнан компанешна дихкина Туркойчура бахархой балха эцар. Путина санкцеш хьакхалуш боцу туркой а бу Оьрсийчохь шело хаалуш.

34 шо долу Умут Москох Туркойчура компанешна гIирс бухкучу гIишлошъяран компанехь болх беш ву. Иттех шо ду иза Москох веха. Цуьнан хIусамнана Анна оьрсийн къомах ю. КIант а ву цуьнан Роиман цхьа шо долу. Иза а ву Оьрсийччоьнан махкахо.

Шен хIусамнана коьруш ю хIун хир ду цахууш, бохуш дуьйцу цо. Иза тешна яра тхо даиман а а кхузахь дехар ду бохучух а, Роман Оьрсийчохь кхуьур ву бохучух а. Амма хIнца цу махкара дIадаха план хIотто дезаш ду шаьш боху Умута. Иза хила мегаш ду гергарчу 6 баттахь, я тIедогIучу шарахь.

И доьзал мел беха буьсур бу Оьрсийчохь дозаш ду мел кIарглур ю Путинан санкцеш бохчучух. Оьрсийчоьнан бомбанаш туху кема чудаийтар тайп-тайпа туьду Туркойчоьно а, Оьрсийчоьно а.

Оьрсийчоьнан премьер-министран когаметто Шувалов Игора Лахьан-беттан 30 дийнахь дIахьедар дира, гIишлош ярца йоьзна контракташ йохор яц шаьш аьлла. Цу кепара, Умутан кхин а цхьана шарахь Москох виса аьтто хила мега.

Амма бакъонашларъярхочо Ганнушкина Светлана дийцарехь, санкцеш дукха шуьйра тида мегар йолуш ю. Цундела Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а махкахой болчу нехан кхане муха хир ю хууш дац.

Шена хетарехь, туркой махках бохур бу бохуш дуьйцу цо. Низамашца иза муха догIуш ду цахаьа шена, амма гуш дрг ду и нах арабохуш хилар боху Ганнушкинас.

Оьрсийчоьнан бомнаш туху кема чудаийтинчул тIахьа визан раж дIа а яккхале Оьрсийчоьнан дозанхоша дихкира туркошна шайн махка бахкар.

Туркошкаххь марехь болчу оьсрийн къомх болчу зударша интернетехь петици кечйина Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире гIо дар доьхуш. Цу кехатана кIел куьйгаш яздина 4 эзар стага.

Цара доьхург ду низамаш бохург дечу туркошна шайн доьзалшца баха бакъо ялар а, цераш белхан меттигаш йитар а, уьш миграцин сервисе хьйийза цабайтар а. Цул сов, цу зударша кхайкхам бина махкарчу зобанан гIирсашкахь а, телевизионехь а туркошна лер сацаде аьлла.

Туркойн гIишлошъярхой жигара белхаш деш бу Москох. Карарчу хенахь цара еш ю стигалх хьекхало Москва-Сити олу лекха гIишло. Амма кема чудаийтинчул тIаьхьа цигара белхаш севцна бохуш дуьйцу Умута.

Дуккха а шерашкахь Москох ваьхна волчу Умутана цIаваха цалаьа. Туркойчохь болх хир бац шена буху цо. Москох кафе схьаелла яла а мега шега, иза бен кхин шена дан дуьсуш хIума дац бохуш вара иза.

Федотов Михаил Кремло кхоьллинчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан куьйгалхо ву. Оьрсийчоьнан кема чудаийтарна адам оьгIаз дахана хиларх кхеташ ву ша боху цо. Амма иза бахьана дац махкахь туркошна дуьхьал атмосфера кхолла аьлла хеташ ву Федотов.

ЭрдохIанан а, Путинан а дуьхь-дуьхьал латтаро йийсаре лецна болчу Оьрсийчохь бехачу туркошна хетарехь, кху кепара хьал хIоттарна бехке шиа а ву.

Амма Умут сатесна ву 2018-чу шарахь футболан чемпионат хиларна гIишлош яр оьшуш Оьрсийчоь а йолу, Кремло дIадаха мега ша юкъадаьхна туркошца доьзна дехкарш. Шен сатийсам бу элира Умута. Путин ЭрдохIан санна ву. Цу шинан лелар цхьаьна догIуш ду. Уьш диктаторш бу боху цо.

Иштта бара Маршо Радион корреспонденто Балмфорс Тома кечйинчу материалан боцца чулацам.

XS
SM
MD
LG