ТIекхочийла долу линкаш

Шемахь уггаре а хала ду кегийчу къаьмнашна


Шемарчу тIамах бевдда Урдуне бахначу мухIажирийн четарш, аьхке, 2012

Шемарчу тIамах бевдда Урдуне бахначу мухIажирийн четарш, аьхке, 2012

Шемахь лаьттачу тΙемаша, нехан эзарнашкахь баларша сагаттонехь латтадо тахана дерриг а дуьне. Бен-башха дац цигара хьал нохчашна а – бусулба вешаршца цхьаьна балехь бу Шемахь беха вайнах а.


Шемарчу кегий къаьмнашна дукха хало хилла цигахь гIаттам болабелчхьана дуьйна. Къаьсттина керста нахана, гIаттамхошна дуьхьалдовла, бохуш, тIеIаткъам бан болийна царна Шемарчу Iедало. Ткъа и керста наха бу Iаьрбийн а, Ассирахойн а, Халдойн а, Эрмалойн а къаьмнех схьабевлла. Царалахь дуккха а бу, Iедало кара герз а делла, гIаттамхой байа арабаьхнарш. И некъ къобал ца бийраш Шемара уьдуш бу я мехкан къилбаседехь йолчу Вади Ал-Насара-юьрта дIаоьху. Кхечарна тхов-кIело карайо Либнанан махкахь. Эрмалойх берш-м Кавказерчу Эрмалойчоьно аьттонаш а беш, цига дIаоьху.

Цхьаболчу керстанийн баккхий нах, гIаттамхойн баьччанашна тIе а бахна, цаьрца барт бина, шаьш Iедалехьа дац, амма гIаттахойх дIакхета а ца лаьа шайна, аьлла. Уьш сехьа а я дехьа а боцуш, IадIийча, гIаттамхоша къобал дина иза. ХIете а, Шемарчу Iедало коьртачу шахьаран Баб-Тума олучу куьпахь бехачу цхьаболчу керста нахе герз а делла, уьш гIаттамхошна дуьхьалбаьхна.

Делахь а Iедалехьа болу керстанаш дукха цахилар Интернетехула таллам бича билгалдолу - дукхахболучара шайн Iедална резадацар гойту сайташкахула. Ткъа Iедалехьа йолу сайташ кIезиг ю керстанийн. И Iедалехьа берш тешна бу, гIаттамхоша толам баккхахь, Шемахь ШарI а хIуттур ду, шайна таIзарш а дан тарло бохучух.

Шемарчу керста нехан хьал шен тидамехь латтош йолу журналист ю МаIайIа СухIа. Цо хIара къамел дира Маршо Радиога иштта къамел дира.

МаIайIа: "Керста нах Шемахь 10 процент бу. Уьш хIинццалц цхьа а дин доцчу Iедалехь баьхна. Царна хетарехь, динан маршонан царна кхачо латтош дерг Шемара Iедал ду. Цу Iедалехь керста нах хIинццалц паргIат баьхна. Дукхахберш гIаттамна юкъа ца гIерташ Iан лууш бу, амма царна юкъахь тIамехь дIакхелхина керста нах а бу.

Шемин Iедало питанаш туьйсу къаьмнашна а, динан тобанашна а юкъа. Iедало керста нахана моттийтина, уьш Iедалехьа ца бовлахь, бусулба фанатикаша церан маршо а йохош, уьш бойъур бу, аьлла. И сурт тIечIагIдеш цхьа хилам хIоьттира Хьимс-гIалахь. Некъа буьйлуш болчу гIаттамхоша цIогIанаш диттира, Iалавиш барми тIе бахка беза, керста нах Бейруте дIабаха беза, бохуш. Цу кхайкхамаша кхерамаш туьйсу керста нахана.

Цхьаболчу гIаттамхоша керста нахе, шайгахьа довла, бохуш, кхайкхамаш бира. Iедало кестанийн декъан кара герз делира, гIаттамхошна дуьхьала довла, аьлла. Цундела шина а агIорнаш керста нах байа буьйлабелира".

Шемарчу Iедало керста а, бусулба а нахана юкъа туьйсуш долу питана Iорадаккха хIун дина, аьлла, хшега динчу хаттарна иштта жоп делира.

МаIайIа: "Iамеркехь а, хIокху юккъехь а дукха керста нахаца къамелаш дира ас, артиклаш язйира. Керста нах чIогIа кхоьру, шайн хьал тешаме ца хеташ. Кхузахь шайн бахам чекхболуш санна лору цара, бусулбан фанатикаш совбийлар бахьана долуш. Изза ма дара Iиракъехь хилларг а".

Шемарчу Эрмалошна Эрмалойчоьно паспорташ луш, тIеоьцуш бу. Иштта дIаэха дагахь-м бац кхечу къаьмнех болу керста нах, аьлла а хаьттира Маршо Радионо.

МаIайIа: "Эрмалойх лаьцна ца хаьа суна, амма цкъачунна керста наха шаьш кхечунхьа гIур дац, хIара шайн мохк бу, боху. Суна хетарехь, Iиракъерчу керста наха диннарг дийр ду Шемарчу керста наха а. Уьш Шемара дIаоьхур бу.

Тхов-кIело лоьхуш дукха бац Урдунехь, амма со цхьана керста стагна тIекхечира Шемара гIаттам болабелла ши бутт баьлча. Со Урдунан а, Шеман а дозанехь йолу Рамта-гIалахь таллам беш яра. Цхьа керста стаг вара сехьа ваьлла. Цо дийцира шайна тIе Iедалан эскаро герз деттара, ша керста вуйла хуушшехь, цул сов, шайна тIехь йина хилла геноцид йийцира цо соьга.

Суна ала лаьа, Iаьрбийн гIаттамаша керста нахана цхьа а тешам ца белла, уьш маьрша баха буьтур бу Iедал хийцаделча, ала. Мисар-махкахь болчу керста нехан а бац керлачу Iедалх тешам. Дукхахболу керста доьзалш хIижарат дан сацам бина беха".

Шемара Iедал керста нехан дола деш а, уьш резабеш а хилла ду. Дукха хьалхa дуьйна церан жайнийн мотт, арамейск-мотт, Iамабеш школа йиллира Шемарчу Iедало коьрта гIалахь Димашкъехь, МаIлула олучу керста нехан куьпахь. Цундела уьш алсам тIетийжа цкъачунна лаьтташ долчу Iедална.
XS
SM
MD
LG