ТIекхочийла долу линкаш

Амир аш-Шишани -- гоьваьлла тIемалойн буьйранча


Иракъ -- Аш-Шишани Абу Iумар. Манг 29, 2014

Иракъ -- Аш-Шишани Абу Iумар. Манг 29, 2014

Кху сурт тIехь верг ву Шемахь Асад Башаран агIончашца тIемаш дечу тIемалойн буьйранча амир аш-Шишани Убу Iумар. Дукха хан йоцуш хиина и стаг къомах нохчий хилар. Шишани Iумаран бакъйолу цIе ю Батирашвили Тархан.

ДоьалгIа шо ду Шемахь тIом боьду. Цу тIамо тIеозийна эзарнаш кху дуьненан массанхьара а тIемалой. Цхьаболчу хаамашца, таханлерчу дийнахь 10 эзар гергга кхечу пачхьалкхашкара тIемалой бу цигахь. Амма Оьрсийчоьнца хиллачу тIемашкахь бахчийна болу нохчий уггаре а тоьлла тIемалой лоруш бу.

Цара тIемаш деш гойтуш а, тIемалойн Iер-дахар дуьйцуш а дуккха а видеош ю инетрнетехь. Аш-Шишани Iумара ша даре а деш, дуккха а дараш а ду нохчашна юкъахь.

Коьртачу декъана нохчех Шема тIаме оьхурш бу махках бевлла лелачу доьзалшкара кегийра нах. Къаьсттина Австрехь а, Францехь а, Белгехь а бехачу вайнахенан доьзалшкара нах. Церан кхолламех лаьцна дуьцу Азимова Сийлахас.

Азимова Сийлаха:

Шемахь а, Иракъехь а карарчу хенахь тIемаш бечу тобанашна хьалхабевлла бу Нохчийчохь хиллачу тIемашкахь дакъалаьцна болу тIемалой. ТIеххула бинчу талламца, цхьана интернетехь каро аьтто бу 7-8 аш-Шиашни цIе лело амир. Царна юкъахь а гIараваьлла ву Батирашвили Тархан.

Батирашвили а, цуьнан доьзал а дика бевзаш ю Гуьржийчура вайнехан жигархо, журналист Хангошвили Тумиша. Цо дуьйцу Батирашвили Тарханах лаьцна.

Хангошвили Тумиша:

Iамеркан NBC News телеканало бечу хаамца, Гуьржийчоьнан полицино чувоьллина хилла Батирашвили Трахан, бакъо а йоцуш герз лелийна аьлла.

BBC-но билгалдоккху Батирашвили Тархан 2008-чу шарахь хиллачу Оьрсийчоьнан а, Гуьржийчоьнан тIамехь дакъалаьцна хилар а, цунна сержант чин делла хилар а. Эпсар хилча шен доьзал кхаба аьтто хир бу шен моьттуш хилла Батирашвили. Амма цамгар бахьана долуш Гуьржийчоьнан армера дIавала дезча, бан болх боцуш, вуно гIийла хене болуш хилла цуьнан доьзал.

Малика Уцаева Нохчийчохь шолгIа тIом болабелча мухIажир санна хилла ПIаьнгаз-чIажехь. Цо иштта дуьйцу цигахь шена гина сурт.

Уцаева Малика:

Аш-Шишани Абу Iумар гоьволу стаг ву тIемлошна юкъахь, бохуш яздо Малхбузерчу журналисташа. Кху деношкахь гIаттамхойн карахь йолчу Шеман а, Иракъан территореш тIехь ша Исламан халифат кхуллу шен куьйга кIел долчу Шемин а, Иракъан а лаьттанаш тIехь, аьлла дIахьедина «Иракъан а, Левантан а Исламан пачхьалкх» олучу гIаттамхойн тобано. Чабаев Лемас дуьйцу цу хиламах лаьцна.

Чабаев Лема: «Халифат кхоллар а кхайкхош, боламан цIарх дIахадийна суннатойн гIаттамхоша «Иракъ а, Леванта а» боху дешнаш. ХIинца цара шайгарчу шаьш шина пачхьалкхан дакъойх вовшашна тоьхначу махках деккъа дIа «халифат» баха долийна.

«Халиф» кхайкхийна боламо ал-БагIдади Абу Бакар. «Исламан пачхьалкхо» дуьнентIера массо а бусулбанаш боьху халифна байIат даре.

«Халифат» Iаьрба маттахь халифна мутIахь хилар бохург нисло. Мохьаммад Пайхамар (IалайхIи салам) веллачул тIаьхьа, 7-чу бIешарахь кхоллаелла. Халиф ларалуш хилла дерриг а уммин хьалханча. Бакъ халифат – рашидун – дуьххьара халифаш Iийначу веа шайхаца юзу – Абу-Бакарций, Iумарций, Iусманций, Iелиций. Царал тIаьхьа халифатан коьртехь лаьттина тайпанийн ши гара Омейядаш, Iаббассидаш. 15-чу бIешарахь монголаша йохийна халифат.

Лондонерчу пачхаьан бусулба колледжан хьехархочо Керстен Карла дуьйцарехь, Iела-халифах имам баха долийна шиIаташа. Цул тIаьхьа дуьйна имамо имам а хуьйцуш дIадахана бусулбанийн пачхьалкхалла.

Дуккхаза а гIиртина цхьацца-цхьацца мехкашкара бусулба лидерш халифат юхаденъян. Амма дуккхаъчу бахьанаша ца белла царна и аьтто.

Тахана «Исламан Пачхьалкх Иракъ а, Леванта а» шех олуш хиллачу боламо халифат дIакхайкхор ша дIалецначу Шемин а, Иракъан а лаьттанаш тIехь царна дIачIагIбала лаар ду, аьлла хета тергамхошна".

Деношкахь Исламан Пачхьалкхан (Даулят ал-Исламиййа) тIемалоша видео арахецна, шаьш Иракъаний, Шеманий юккъехь долу доза дIадоккхуш. ТIамалошна тIехь куьйгалла деш вара аш-Шишани Абу Iумар (Батирашвили Тархан).

Ассошиэйтед Пресс агенталло тидам бо, Абу Iумарах тIаьххьарчу хенахь Даулятан керла "сибат" хуьлуш хиларна. Даулятан амир ал-БагIдади Абубакр санна, камерех къехкаш вац аш-Шишани.

ДIадаханчу мукъа деношкахь арахецначу видео тIехь аш-Шишани гуш ву Исламан Пачхьалкхан зорбанан секретарций, цхьамогIа тIемалошций лаьтташ.

Тобано Исламан Халифат дIакхайкхо масех сахьт дисича, яьккхинчух тера ду и видео. "Тхан Iалашо дика гуш ю, массарна хууш ду, тхо тIом хIунда беш ду. Тхан некъ Халифат тIе боьдуш бу", боху 28 шо долчу Шишанис.

"Оха Халифат юхаметтахIоттор ю. Амма Дала тхуна, и юхахIотто, пурба ца лахь, оха дехар до цуьнга, тхуна шахIидалла далар."

Аш-Шишанис хIинцалц тIом бинера Шемехь Даулятан коьрта буьйранчаy даржехь. Амма хIинца кхин а хьалаваьллачух тера ву и. ДIабаханчу баттахь Даулятан тIеман Амир хилла волу Абу Iабдул-Рахьман ал-Биляви ал-Анбари вийначул тIаьхьа, цуьнан меттиг яьсса лаьтташ яра. ХIинца аш-Шишани цуьнан дарже дIахIоьттиний те, бохуш, хоьтту Асссошиэтед Пресс агенталло.

Бусулба нах тIаьхьарчу хенахь цхьацца тобанашка бекъабелла бу. ХIун ойланаш яра Батирашвили Тархана Шема кхачале, олуш ма-хиллар, радикалан олу хьежамаш болуш-м вацара иза аьлла шега хаьттича, Хангошвили Тумишас иштта дийцира.

Хангошвили Тумиша:

Лаххара а шозза-кхузза интернетехь хаамаш баьржина аш-Шишани Iумар вийна аьлла. ТIаьххьара цу тайпа хаам бира баханчу Мангал-баттахь. Амма хIоразза а и хаамаш харц хуьлу. Мелхо а хIора денна аьлча санна YouTube-хь гучуюьйла аш-Шишанех лаьцна яьхна видеош.

Цхьана видео тIехь иза нохчийн маттахь цецвуьйлаш ву Шема беркат латта хиларх.

Вукхунна тIехь оьрсийн маттахь ша БагIдадина тобанах дIакхетаран бахьана дуьйцуш ву иза шен хиллачу накъосташка, Оьрсийчура тIемалошка.

КхолагIчу видео тIехь аш-Шишанис Iаьрбийн маттахь къамел до Шемара бахархошка.

Аш-Шишани Iумар:

Батирашвили Тархана шен гергара нахаца зIе латто йо. Бутт хаьлха телефон а тоьхнера цо шен дега бохуш дуьйцу ша а ПIаьнгаз-чIажара йолчу Хангошвили Тумишас.

Хангошвили Тумиша:

NBC News телекомпанино дийцарехь, дуккха а шерашкахь Оьрсийчоьнах тийсабелла болу нохчий уггаре а кхераме нах бу Шемахь болчу тIемалойх. Ткъа цу компанина интервью еллачу Иракъан а, Шеман а исламан пачхьалкх олу тоба толлучу аналисто Скиннер Патрика дийцарехь, аш-Шишанин тобано мичча яхача а тоьлла жамIаш гойту.

Джихаде арабеллачу нахана юкъахь шайн-шайн тIегIанаш ду кхераран а, лараран а. Ткъа нохчий уггаре а лакхара тIегIанаш дIалаьцна бу боху Скиннера.

Нохчийн Шемарчу тIаме хьежар цхьатера дац. Дуккха а бу царна юкъахь нехан махкахь тIом бан ца оьшу аьлла хетарш. Иза шайн тIом бац, нохчийн тIом бац аьлла хета царна. Царах ву вевзаш волу нохчийн юкъараллан жигархо, нохчийн дуьхьалонан боламан жигара декъашхо хилла волу Ибрагимов Висита.

Ибрагимов Висита: „Масала, ас вайна оьшуш хIума дац боху иза. ХIунда аьлча, вай дуккхаъ шамаш а хилла, дуккха а кегий а, баккхий а нах, вайн къоман доккха дакъа шина тIамехь дIа а даьлла, арадевлла лелаш ма ду вай. Вайн къомана пайдехьа хIума дац иза. Вовшашкхеттачехь ас даима а олуш ду иза: Шемахь вайн хьашт долуш хIуммаъ дац.

Вай цига даха оьшуш дац. Нохчийн къоман цхьа а интерес яц цигахь. Ас къобал деш дац иза. Иштта хеташ дуккхаъ нах бу. Делахь а цхьаццаболчара стеган нигате хьаьжжина, цуьнан гIазот къобал хир ду олу. Суна иза ца хаа. Со Iелим стаг вац. Амма вайна цига дахар пайденна доцийла-м хаа суна“.

Амма Шемахь тIемаш бечу нохчаша дийцарехь, цара тIом бо кхана хиндерг юьхьар а лаьцна. Ткъа и хиндерг ду Нохчийчоь юха а йозуш йоцуш хилийтар Iалашонца къийсам дIабахьар.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG