ТIекхочийла долу линкаш

Сноуден Эдварда сема хила декхаре во массо а


Франци -- Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан Обама Баракан а, мехкан къайленаш Iораяьхначу Сноуден Эдвардан а суьрташ ду телефонашка ладугIуш хиларна резабоцчийн гуламехь, Париж, 07Тов2013

Франци -- Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан Обама Баракан а, мехкан къайленаш Iораяьхначу Сноуден Эдвардан а суьрташ ду телефонашка ладугIуш хиларна резабоцчийн гуламехь, Париж, 07Тов2013

Ιамеркан леринчу ницкъашкара къайленаш дуьненна а йовзуьйтуш веддачу, хΙинца Москох, «Шереметьево» аэропортах хΙусам а йина, лечкъинчу Сноуден Эдварда гΙаттийна дуьненаюкъара скандал ерзанза ю. Европерчу мехкаша къаьсттина декхаре йо Ιаьмеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ цо стенна ладоьгΙу нехан телефонашка бохучу хатарна жоп дала. Сноудена Ιедалш шекдаьхна ца Ιаш, могΙара бахархой а сема хила декхаре бина.




Нагахь санна хьо интернет лелош велахь, сагатделла, „Одноклассники“ я „В контакте“ чу бен хьо ца валахь а, я электронан кехаташ хьо яздеш, хьайга кхочуш а велахь, нагахь санна хьо мобилан телефонан да велахь, цуьнца зIе тухуш а, смсаш язъеш а велахь, нагахь санна и дерриге а лелон карах ца долуш, стационаран телефонца бен хьо арахьарчу дуьненца зIене ца волуш велахь, тIакккха а - ахь мухха а, хIун а леладахь а, хьо къайлахчу сервисийн тергонехь ву.

И тайпа гергарчу хьесапехь чулацам бу масех кIиран Москохарчу Шереметьево аэропортехь лечкъина Iаш волчу Сноуден Эдварда Iамеркахойн уггаре а нуьцкъалчарех йолчу къайлахчу сервисан балхах лаьцна динчу гучудахарийн.

Ша мацах болх бинчу Къоман Кхерамазалин Агенталлан башхаллаш ю цо нахала яьхнарш, аьлча а, шерашкахь и агенталла хаддаза доллучу дуьнентIехь а бахархошна къайлаха талламаш барца Iораяьлла хилар а, цо вайх хIораннан телефонийн зIенех а, интернет машанехь вайн жигараллех а долу хаарш гулдеш хилар а.

И бахьана долуш Цхьанатоьхначу Штатийн мостагI кхайкхина волу Сноуден Москохарчу аэропортан сенешкахь лечкъаш лелаш ву. Ткъа милионаш адамаш ойланаш ян дуьйладелла, шаьш цхьана куьзгана пардонах йинчу гIишлошчохь Iаш долуш санна, къайлахчу сервисийн бIаьрг кхочехь хиларо шайна а, шайн дахарна а, амма уггаре а хьалха шайн бакъонашна а хIун тIеIаткъам бо те, аьлла.

ХIунда аьлча, цхьанна а ца лаьа, ша скайпехула доттагIашца йина забарш я имейлехула езачуьнга яздина кехат кхечу, гуш воцчу моттбеттаргана я хезийла а, я доьшийла а.

Мацах Оруэла язйина хиллачу „1984“ цIе йолчу романан турпалхой санна, даима а къайлахчу ницкъийн олаллехь ша ву боху ойла лан хала ду. Цундела дуккха Европера бахархой цу хIуманна дуьхьало муха йийр яра те, бохуш, ойланаш еш а, гIулчанаш йохуш а бу. Германехь, масала, тIаьххьарчу кIиранашкахь лакхаяьлла интернет -машанехь кхерамазалла айечу программашка йолу интерес.

Европехь карарчу хенахь болх беш масех лахаран системаш ю, масала, DuckDuckGo, я Startpage, Iамеркахойн кхайлахчу сервисашна сел муьтIахь йолу Гугл системина конкуренци еш. Бакъду, церан белхан жамIаш Гугло дечарел оьшуш дацахь а, амма уьш шуьйрачу лелорхошна иштта дика евзаш яц, Гугл санна. Амма тIаьххьара скандалаш йийличахьана, и тайпа альтернативан лахаран сайташ схьайоьллучийн терахь, мел кIезга а, шозза лакхадаьлла бохуш дуьйцу зерхоша.

Европехь а, Оьрсийчохь а бехачу вайнахах а вуно чIогIа хьакхалуш хIума ду и къайлахчу сервисхоша нахана тIехь терго латтайо бохург. Цуьнан тоьшалла лара мегар ду масех бутт хьалха Соьлж-ГIалара дукхагIаттанех долчу цIенойх цхьаъ, цIе а яьлла, догучу хенахь, интернетехула шина жимчу стага шаьшинна и гIишло йогуш хазахета, аьлла, дог Iабарца къамел динчул тIаьхьа, Нохчийчуьрчу Iедалхоша и ши кIант мичахь ву а теллина, тIе а валийна, царна гIуданаш тохар, телевизионехула массарна дIа а гойтуш.

Иштта ду дозанал арахьарчу вайнахаца дерг а. Венехь ехачу Зураа дийцарехь, цо а, цуьнан доьзало а пайдаоьцуш ерг, дукхачу хьолехь, "Скайп" олу къамел даран система ю. Цуьнга хьаъамо ладогIахь а, иза ца лелийча шаьш цкъачунна девр дац, боху цо.

Зураъ: „Кхара и дийцар долийча дуьйна бен кхин башха цунах тешам ца тешара, хьалха хетара, хIора стаг ларвина а, хIора стеган къамелашка ладегIна а мила вер ву, олий. Иза лелош-м хилла цара. ХIинца инзар яьлла со цу скайпах а, интернетах а.

ЦIерачаьрца зIе латтош и скайп лелойора оха, вуьшта-м хьалха а ас бераш башха дIогара дукха интернет чохь ца Iойтуш, лардора. Суна хазарехь, наха дуьйцучу къамлера и цхьацца дешнаш ду боху цара лоьйцуш, шайн шеконе хеташ долу. Тхоьгара-м хезар дац царна уьш, оха и царна оьшу хабарш дийца а ца дуьйцу. Оха вовшашка дийриг тхайн доьзалера къамел ду, шайна мел луъу ла а догIа-кх. И скайп тхо ца тоьхча-м ца довлу“.

Дукхахчарна моьтту, шаьш маьршачу Европехь хилча, шаьшна цхьа а кхерам бац, олий. Амма къайлахчу сервисех маьрша цхьа а меттиг, схьагарехь, бисинчух тера дац.
XS
SM
MD
LG