ТIекхочийла долу линкаш

Шайн канцлер Сочера Олимпиаде ваха дагахь хилар ца тайна Австрерчу политикашна


Австри -- Австрин канцлер Файманн Вернер а, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а Венехь, 24Охан2010

Австри -- Австрин канцлер Файманн Вернер а, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а Венехь, 24Охан2010

Европерчу пачхьалкхийн куьйгалхойх дуьххьарниг хилла Австрин канцлер Файманн Вернер, ша Сочерчу Олимпиаде воьду аьлла дIакхайкхинарг. ХIинца и бахьана долуш ирачу критике веш ву иза шен махкахь.

Нагахь луларчу Германин а, Францин а, цхьа могIа кхечу Европерчу пачхьалкхийн а куьйгалхой Соче ца баха бахьанаш лоьхуш белахь, Австрин канцлер Файманн Вернер ша цига воьдуш а ву, цига вахарх шена хIуммаъ ца хета бохург гойтуш ву.

Цуо ша ма-аллара, иза австрихойн спортхойн тобанна белшаш гIорто воьдуш ву. „Со кхета, - элира цуо журналисташца шен цу хьокъехь хиллачу кхъамелехь, - со цига вахана, ас цигахь тIараш тохар бахьана долуш, вайн спортхойх цхьа а чехкох хахкалур воцийла, амма цара хьегна долу къа а, церан кхиамаш а къобалбан лаьа суна цу кепара“, - аьлла.

Амма, схьахетарехь, Австрин куьйгалхо Соче вахаран бакъдолу бахьана кхин ду – экономикан пайданашкахь лаха догIу иза. Канцлеро ша а къайла ца до, шеца Соче йоьдуш вуно йоккха экономикан а, бизнес-гуонийн а векалийн тоба хилар.

Ткъа Оьрсийчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш хилар а, демократи а, маршонаш а тишачу хьолехь хилар ша цига ца воьдуш Iарах толур яц аьлла хеташ ву Файманн, ткъа ша цига вахча, шен и темашан, мел кIезга а, хьахон аьтто хир бу- иштта ду цуо шен Соче ваха болчу сацаман кийтарло яр.

И дIахьедар Австрин куьйгалхочуо динчул тIаьхьа вуно ирачу критике веш ву иза шен махкарчу политикаша. Баьццарчу партин куьйгаллера волчу Шройдер Маркос канцлере кхайкхим бина, шен сацам сихонца юхабаккха аьлла.

„Цхьанна а агIор кхета а, тIеэца а йиш йоцуш хIума ду, Австрин канцлер шеца лакхарчу хьаькамийн делагаци а эцна, Соче ваха дагахь хилар, Оьрсийчуьра адамийн бакъонаш хьешар вай тидаме эцча“, - аьлла яздина цуо шен журналисташлахь баржийначу хаамехь.

„Канцлер Соче вахарца Австрино Оьрсийчоьнан президентана гойтуш ду, хIинцалца схьа ша мел лелош дерг цуо кхин дIа а лелон мегар дуйла, адамийн бакъонаш цуо мел чIогIа кхин дIа а хьешахь а“, - боху Шройдера. Ткъа Австрин арахьара политика тIаьхьарчу хенахь экономикан интересашций бен бала боцуш, ткъа адамийн бакъонаш тессина юьтуш хилар – иза вуно эхье хьал ду, аьлла тешна ву Шройдер.

Ала догIу, хIинцале а ткъех Малхбузерачу пачхьалкхийн куьйгалхоша шай-шай Соче Олимпикан ловзаршка гIур воцийла хаийтина хилар. Царех цхьаммо а ца аьлла ша Путинна кху муьрехь уггаре а мехалчу спортан даздаршна бойкот еш ву, аьлла. Амма массарна а кхеташ ду, и дош цара хьахош дацахь а, хIинцалца хиллачу массо а Олимпикан ловзаршка, - Ванкуверера дIа Лондоне кхаччалца, - боьлхуш хилла болу пачхьалкхийн куьйгалхой Соче ца богIуш совцар – иза уьш болх тIехсов баьлла я могашаллийн бахьанашца бисар доцийла.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG