ТIекхочийла долу линкаш

Сочера Олимпиада - кхераме ловзарш


Оьрсийчоь -- Сочина гергахь йолчу Русские Горки когсалазашца гу тIера чулелхан стадионан кевнехь лаьтташ ву полисхо, Дечк21, 2014

Оьрсийчоь -- Сочина гергахь йолчу Русские Горки когсалазашца гу тIера чулелхан стадионан кевнехь лаьтташ ву полисхо, Дечк21, 2014

2013 га шо чекхдолуш Волгоградехь лелхийтарш хиллачул таьхьа Сочера Олимпиадина кечам беш хьалхарчу метте яьлла терроран кхерам хиларх йоьзна тема. Гуттар и гIуллакх серла даьккхира дукха хан йоцуш Iамеркан пачхьалкхан департаменто арахецначу циркуляро.

Цу документан тIехь аьлла ду, Олимпиада дIахьош билгала хIара бу аьлла Iамеркан махкахошна а, Iамеркан институташна а кхерам бац аьлла. Делахь а, Iамеркахошка сема хиларе кхайкхина Iедалша, къаьсттина юкъараллин транспортах пайда оьцуш.

Олимпиада санна болу хиламаш шайн Iалашоне оьцуш Iедал ду террорахоша, цундела дуккха а адамаш гелделлачу меттигашка а, дуьхьалонан акцеш а, демонстрацеш а дIахьочу меттигашшка ца доьлхуш Iаре кхайкхина Iамеркахошка Пачхьалкхан департаменто.

Iамеркерчу ABC телеканало хаам бина Цхьанатоьхначу Штатийн лерринчу сервисашна хетарехь Олимпиадехь теракташ хиларан кхерам вуно чогIа бу аьлла. Цундела дара боху цу телекампанино Пачахьалкхан департаменто хIоттийна документ цу кепара луьра чулацам болуш.

Iамеркахоша дуьйцург бух болуш хиларна тоьшалла санна кху деношкахь Сочехь дIасадаржийна Олимпан ловзарш дIадоьлхаш теракташ ян кечйелла хила мега аьлла шеко йолчу зудчуьнан суьрташ. Iамеркерчу NBC-News телеканало дийцарехь, Оьрсийчоьнан лерринчу сервисаша лоьхуш ю терроран тIелатар дан араяьлла 4 зуда. Царах цхьаъ, дицарехь, гина Сочи-гIалахь. Цу гIалахь дIадиттинчу кехаташца а догIуш, иза ю Ибрагимова Рузанна.


Оьрсийчоьнан кхерамазаллан сервисаша Сочехь дIасадиттина террорахой хила мега аьлла шайна хетачу зударийн сурташ.

Оьрсийчоьнан кхерамазаллан сервисаша Сочехь дIасадиттина террорахой хила мега аьлла шайна хетачу зударийн сурташ.

CNN корреспонденто бинчу хаамца, цу зудчуьнан сурт тIехь долу кехат цаьрга делира хьешацIийнахь болчу кхерамазаллан сервисан белхахоша. Ибрагимова Рузанни 22 шо ду. Iедалша чIагIдарехь, стохка Оьрсийчоьнан лерринчу сервисийн белхахоша вийначу Селим цIе йойолчу тIемалочух йисина ю иза.

Сочехь дIасадоькъучу кехаташца а догIуш, иза астагI эккхаш ю аьтто когана, аьрро куьг сетташ дац, ткъа юьхь тIехь му бу 10 сантиметр хиллал.

Кху деношкахь интернетехь гучуелира Волгоградехь вокзалехь иккхина волчу шина жимачу стагах яьккхина видео. Цу тIехь цара дуьйцу шаьш Iожалхой хила сацам баран бахьана. Цул тIаьхьа гойту эккхийтар. Жимма хьалха оццу гIалахь троллйбус а эккийтира Iожалхочо. Цу шина хиламехь вийнарг вара 34 стаг.

Волгоградехь иккхинчу шина стага дийцарехь, Олимпиада дайоьдуш ирча совгIат кечдеш ду аьлла.

Даханчу шарахь аьхка Кавказ Имаратан куьйгалхочо Умаров Доккас кхайкхам бинера шена тIаьхьахIиттинчу нахе Сочехь Олимпиада юкъахяьккха шайга далург ддерриг а де аьлла. И дерриг а бахаьана долуш вуно онда кхерамазаллан раж хIоттийна Сочехь Оьрсийчоьнан Iедалша.

Даханчу мукъачу деношкахь Олимпиада хир йолчу Сочехь журналисташна цуьнах лаьцна дуьйцуш Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дIахьедар дира, кхечу пачхьалкхашкахь цу тайпа Ловзарш дIахьош деш ма хиллара, 22-чу Iаьнан Олимпиадин коьртачу гIалан кхерамазалла ларъян оьшург дерриг а дийр ду ша аьлла.

Путин Владимир: «Кхерамазалла латто оха юкъаозийна хир бу 40 эзар герргга низамаш лардон органийн а, кхерамазаллин структурийн белхахой. Дера оха пайда оьцур ма бу цу кепара мероприятеш еш кху дуьненан кхечу регионашкахь, кхечу пачхьалкхаша гулдинчу зеделлачух. Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир.

Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир.

за ду оха ларйийр ю стигал а, хIордан акватори а, ломара кластер а бохург».

Делахь а Путина юха а билгалдаьккхира кхерамазалла ларъяр Iалаошнца лелош долчо спортсменашна а, журналисташна а, хьешашна новкъарло ца яйта хьовсур ду шаьш аьлла.

Карарчу хенахь Сочехь массанхьа а дIахIиттийна ю эчиг лоху машенаш, полицин тобанаш шайца лелош ду бомбанаш лаха Iамийна долу жIаьлеш.

Сочехь кху деношкахь лаьттачу суртах лаьцна дуьйцу цу гIалара яхархочо Тамарас.

Тамара: «Хьаннаш дукха чIогIа ларйеш ю. Даиман а лаьмнашна а, хIоррдан тIехула а лелаш беркеманаш ду. Тергонехь латтош ю ерриг а йоккха Сочи олу меттиг. Хир йолу Олимпиада бахьана долуш кхерам хиларан билгалонаш йолуш ю кхузахь. Iедалш а, бахархой а кхоьруш бу. Делахь а Iедалшкахь алсам хила мега и кхерам".

Олимпиадана кхерамаш туьйсучу тобанаша дIахьедарш до, шаьш Сочи йоцург кхечу гIаланашна а тохарш дийр ду бохуш. И бахьана долуш Iедалш мал дала йиш йолуш дац.

Волгоградехь теракташ ярна шуьйра тидам тебахийтира Оьрсийчура Iедалща. Амма оццул даккхийн ца хилахь а тIелетарш а, нах байар сих-сиха хуьлу Къилбаседа Кавказехь. Делахь а уьш могIарера хиламаш санна тIеоьцу Оьрсийчохь Iедалша а, бахархоша а. Цуьнан бахьана иштта дуьйцу Оьрсийчура вевзаш волчу политикан говзанчо Петров Николайс.

Петров Николай: "Аса ойла ярехь, Волгоградехь хиллачу терактийн масштаб йоьккха ю, ткъа иза Къилбаседа Кавказерчу республикашкахь хиллехь а, цо шена тIеозор бара онда тидам. Амма, халахеташ делахь а, Оьрсийчурча бахархойн менталитето дукха са ца гатдарца тIеоьцу Къилбаседа Кавказехь хуьлуш теракташ, иза ца хилча ца долу дакъа ду аьлла хеташ, цуьнах шаьш доьлла хиларна".

Петров Николай, политикан говзанча.

Петров Николай, политикан говзанча.



Петров Николайс дийцарехь, стохка шо чекхдолуш дина тIелатарш дика кечдина а дара, уьш динчара алссам шаьш юьхьарлацнарг кхочуш хилийта Iалашо йолуш дина а дара. Царна тIехьа лаьтташ Умаров Докка ву аьлла ца хета шена бохуш вара иза.

Петров Николай: «Суна иза Умаров Докке далур дара аьлла ца хета. Я иза цуьнга шега цхьаьнга далур дацара, кхин хIума ца хилча а, цуьнан аьттонаш болчу меттигана дукха генахь иза дина хиларна. Дерриге а тероран лелхийтарш дIанисйина яьлла бизнес а хилла дIахIоттина ду. Цуьнах пайда хуьлуш нах бу.

Терроран тIелетарш дан деза олий арабовлуш нах а бу. Суна хетарехь, дукхачу хьолахь наха тIе тидам бохуьйту хьа дина эккхийтар бохучунна, цу хеннахь вайна ца хууш дуьсу, я вайн бала а ца хуьлу иза дайта лууш верг мила ву бохучуьн. Ткъа цу хаттарехь йоккха башхалла ю».

Ткъа мила ву те иза динарг аьлла, хаттар хIоттийча, цунна бехке леррина сервисийн белхахой хила мега бохург хила дезаш санна тIеоьцуш ду бохуш, дуьйцу Петров Николайс.

Петров Николай: «Шена тIе тидам бохуьйтуш ду, эксперташа я юкъаралло мила ву цунна тIехьа лаьттарг боху хаттар дийцаре деш, уьш леррина сервисаш я царца боьзна нах хила мегара бохург дIатоттуш ца хилар. Уьш хила мегар аьлча санна а, хила богIуш болуш санна а хьехош хуьлу. Иза уггаре а вочу агIор хиллачу жамIех цхьа тIаьхьа хета суна, кху тIаьхьарчу 25 шарахь Оьрсийчохь хуьлучуьнан».

Къилбаседа Кавказера а, Оьрсийчура а тIамца доьзна хьал хийца кхин некъаш оьшу аьлла хета Петров Николайна.

Петров Николай: "Тероризамаца кIийсам латто, вайна гуш ма хиллара, хIинца деш ма хиллара, ницкъах пайда а оьцуш, аьтто ца болу. Ткъа и кеп муха йохалур яра те бохучунна вай тIаьхьа ца кхиахь (терроризм бизнесан а, политикан а дакъа санна ехаш а йолуш) вай даиман а дехар ду карарчу хенахь вайгахь болу бала ловш".

Сочехь Олимпиада йолуш Волгоградехь санна долу даккхийн тIелетарш юхатоха аьтто хир бу аьлла хета Петров Николайна.

Петров Николай: "Олимпан ловзаршкахь кхерамазалла латторах лаьцна аьлча, суна хетарехь, Iедалша инзаре боккха тидам тIебахийтина цунна. Цундела ловзарш дIахьочу зонехь, хетарехь, вайна ца ган а мега кхераме теракташ яр. Кхин ду цунна дукха тидам а, ницкъ а тIехьажийна хилар. Цу Олимпиадера атмосферах хила мега дуьненна а масал санна гайта кечйина йолу чубоьхкина нах латторан колони".

Амма шаьш лелачу бекхам бан арабевллачу нахера схьаболу кхерам буьсуш бу аьлла хета Петров Николайна:

Петров Николай: «Суна хетарехь, шаьш лелачу, ца хаьа суна, я Iедалан структураша а, я къайлаха лелачу тобанийн структураша а Iуналла деш боцучу тIемалоша хIумма а дийр дац аьлла кхоччуш гаранти яла цхь а хIуттур вац. Амма иза мелла а жима масштаб а, къезиг эффект йолуш а хила мега теракташ ю, я теракташ ян гIортар ду. Ткъа яккхийн теракташ хир яц аьлла хета суна".

Маршо Радионна ша еллачу интервюхь цхьа хIума диканиг дохьур ду Олимпиадо бохуш вара политолог Петров Николай. Иза чекхяьлча, хьа хIун эр ду бохучуьнга а ца хьоьжуш, Къилбаседа Кавказера хьал хийца керла гIулчаш яха аьтто хир болуш хир ду Оьрсийчура Iедалш. И гIулчаш ницкъ барца йоьзна хир яц аьлла сатуьйсийла а ду элира цо.

Human Rights Watch организацино Кхаарин дийнахь Сочера Олимпиада хьокъехь Iора даьккхина леррина дахьедар. Цу тIехь аьлла ду Оьрсийчоьнан Iедалшкара тIеIаткъам ловш бу Олимпиада хьокъехь Iедалшна критика еш болу журналисташ а, бозуш боцу жигархой а аьлла. Цуьнах лаьцна дийцира Маршо Радионна ша еллачу интервьюхь цу организацин Москох йолчу бюрон куьйгалхочуьнан когаметто Локшина Татьянас.

Локшина Татьяна: «Пресса маьрша болх бан йиш йолуш хилар а коьртачех цхьа принцип ю Олимпан хартийна тIехь чIагIйина йолу. Ала деза, маьрша болх бан йолу прессмин бакъо йохийна хиларх лаьцна Сочехь а, Къилбаседа Кавказерчу регионехь а. Яккхийчу проблемашна хьалха латта безаш хилара цига боьлху журналисташ.

Царна юкъахь Москохара баьхкинарш хилла ца Iаш, кхечу пачхьалкхашкара богIу журналисташ а бара. Цул сов, алсам болу Iаткъам ловш бу цу регионехь бехаш а, болх беш а болу бозуш боцу журналисташ а».


Локшина Татьяна, ХIюман Райтс Вотч-ан белхахо.

Локшина Татьяна, ХIюман Райтс Вотч-ан белхахо.

​Цул сов, Локшина Татьянас дийцарехь, Олимпиада кечйеш Iедалша харцонаш лелийна цигахь гIишлош еш хиллачу белхахолшца а, меттигерчу бахархошца а.

Локшина Татьянна: «Олимпиадина кечам беш хиллачу проблемех лаьцна аьлча, иза белхан мигранташца хилларг а ду... Ша аьлча ,иза ду бехк боцу белхан мигранташ дIалийцар а, царна йогIуш йолу компенсаци а, Олимпан гIишлош еш даьккхина алапа а дIа а ца луш, уьш махках бахар а, богIуш болу мах а ца луш, цхьаболчу бахахошкара хIусамаш дIаевлла хилар а.

Иза ду хIинца а сецна доцу, мелхо а кху тIаьхьарчу баттахь алсам даьлла долу Олимпиадан гIишлош еш критика йина болу бозуш боцучу журналисташна а, бозуш боцучу жигархошна а Iаткъам бар а".

ХIюман Райтс Вотч (Human Rights Watch) организацина хетарехь Олимпиада чекхяьлча Оьрсийчохь адамийн бакъонашца доьзна хьал чолхе дала мега аьлла хета. Дуьйцу Локшина Татьянас.

Локшина Татаьяна: «ХIун хир ду аьлла хета шуна, нагахь, Дала лардойла вай цуьнах, Олимпиада дIайирзича Оьрсийчоь дуьнено йиц яхь, ткъа массо а хIинца Олимпиада тIеоьцуш йолчу Оьрсийоьнга хьожучура кхечу агIор хьежа буьйлалахь?

Тхо чIогIа кхоьруш ду иштта хилахь алсамдала мегаш ду махкахойн юкъараллина Iаткъам бар а, дешан маьршонна Iаткъам бар а, жигархошна Iаткъам бар. Цундела цхьа некъ бу иза ца хийлийта: Олимпан ловзарш дIадирзинчул тIаьхьа Оьрсийчоь тидам а боцуш ца йитар».

Тхо чогIа кхоьруш ду цу хьолехь къарг дала мегаш ду аьлла, махкахойн юкъараллина аткъам бар, маьршша шена хетарг ала йолчу бакъонна аткъам бар, жигархошна аткъам бар". Цундела цхьа некъ бу иза ца хийлийта: Оьрсийчоь тидам а боцуш ца йитар, олимпан ловзар дадирзинчул таьхьа".


Шинарин дийнахь Iамеркан тIеман министралло хаийтина Оьрсийчоьнан Iедалшка шаьш царан гIо дан кийча хилар Олимпиадехь кхерамазалла латтош. Пентагонан зорбан секретаро контр-адмирала Кирби Джона хаам бина 2014-чу шеран Iаьнан Олимпиада дIайоьдуш Iаьржачу хIордачохь лаьтташ хир ду ши тIеман хIордан кема. Иза деш ду цхьа цIеххьана карзах даьлла хьал хIоттахь а аьлла.

Кирбис дийцарехь, Iамерко хаийтина Оьрсийчоьнан Iедалшка шаьш кийча хилар Олимпан ловзаршкахь дакъалоцучу спортхойн а, хьешийн а кхерамазалла ларйеш дакъалаца.

Iаьржачу хIорд чохь лаьттар долу хIордан тIеман кеманаш доцург, Пентагон Германехь шен кеманаш дIатардан дагахь ю, нагахь оьшуш меттиг нислахь шен спортхой Сочера кIелхьара баха.

Цхьаболчу эксперташна хетарехь, берриг а шен ницкъаш Сочехь да а гулбина Оьрсийчоьнан Iедалша тесна йитина кхин йолу регионаш. Амма Президента Путин Владимира цу хьокъехь сагатдан ца оьшу элира ша цхьа кIира хьалха Сочехь зорбан конференци дахьош.

Путин Владимир: «Оьрсийчоь йоккха пачхьалкх ю. Ткъа цу тайпачу кхечу яккхийн пачхьалкхашкахь санна кхузахь а хуьлу тайп-тайпана хиламаш. Оха Сочехь кхерамазалла латторан болх дахоттийна дуккха а ницкъаш а, гирсаш а те а озийна. Амма коьртачу декъана оха теозийнарш Оьрсийчоьнан Федерацин кхечу регионашкахь кхерамазалла латтош оьшуш боцу».

Делахь а, мел чIогIа Оьрсийчоьно ницкъаш тIеоьзнехь а цигара кхерам баккъалла а бу аьлла дIахьедар дина Iамеркерчу конгрессан векалаллин чоьнан чоьхьарчу кхерамазаллехула йолчу комитетан куьйгалхочо Маккол Майка. ABC телеканалехь вист хуьлуш, Умаровс, ма дарра аьлча, Олимпиадана тIелатар даре кхайкхина.

-Суна хетарехь, вайна гур ду иза дан гIортар. Суна хетарехь, и тIелетарш Сочин периметран арахьа хила мега,- бохуш вара иза.

Ша цига гIур вацара аьлла дIахьедар дина кхечу Iамеркерчу сенаторо Кинг Ангуса. CNN телеканалана ша еллачу интервьюхь, ша а гIур вацара ша, шен доьзал а бохуьйтур бацара ша Сочи бохуш вара иза.

Официалан кепара Iамеркера ницкъаллин структурийн куьйгалхой латкъамаш беш бац, Оьрсийчоьно шайца юкъаметтигаш ца лелорна. Цара дийцарехь, Москох а, Сочи а битина шайгахь герз а долуш болу Iамеркан Федералан Талламан Бюрон иттаннаш белхахой. Амма вуьшта къамелаш деш, цара журналисташка дуьйцу шаьш Оьрсийчурча шайн коллегашна реза ца хиларх лаьцна.
XS
SM
MD
LG