ТIекхочийла долу линкаш

СОВА: Экстремизмана дуьхьало ечу низамех харцонца пайда оьцу Оьрсийчура Iедалхоша


Оьрсийчоь -- СОВА информацин а, аналитикан а центр.

Оьрсийчоь -- СОВА информацин а, аналитикан а центр.

«Экстремизмана дуьхьало ечу низамех бакъонца цадогIуш пайда эцар» цIе а йолуш дIахаийтар довзийтина Шинарин дийнахь Москох Оьрсийчура «Сова» олучу хаамийн а, аналитикан а центро. Цу тIехь дийцаре деш ду «экстремизм» олучу кхетаман тайп-тайпана агIонаш а, цунна дуьхьало еш Iедалша лелош дерг а.

«Сова» олу информацин а, аналитикан а центр таханлерчу дийнахь уггаре а ларам болу цхьанакхетаралла ю Оьрсийчохь экстремизмац а, ксенофобица а доьзначу хаттаршкахула йолу. Кху деношкахь шен керла дIахаийтар зорбане даьккхина цо «Экстремизаман дуьхьал долчу низамех бакъонца цадогIуш пайда эцар» цIе а йолуш.

Цуьнан автор ю «Сова» центран эксперт Кравченко Мария. Шен дIахаийтарехь цо билгалдоккху тIаьхьарчу хенахь Оьрсийчура ницкъаллин структураша (прокуратуро а, федарелан кхерамазаллан сервисо а, полицин дакъоша а) экстремизмаца къийсам латто юкъадаьхначу низамех, бакъонца цадогIург а лелош, пайда эцар алсам далар.

Экстремизаман дуьхьало ян Iалашо йолу низамаш, теори схьаэцча, Iалашо йолуш ду адамаша вовшашца хьагI-гамо лелорна дуьхьало ян. Делахь а, баккъалла а зуламхоша лелош дерг иэдеш меттигаш нисло Iедалшна реза боцучу наха лелочуьнца. ТIкъа тIаьхьарчу хенахь оппозицин болам жигара баларца а, Украинера хиламаш бахьана долуш а Iедалш юх-юха а керла гIулчаш йоху и низамаш кхин а шогачу дохуш, дуьйца Кравченко Марияс.

Кравченко Мария: «Дуьххьара дIа экстремизмана дуьхьал долчу низамийн Iалашо яра хьагI-гамо яржорца къийсам латтор. Ткъа тхан центро гIортор йо цунна, хIунда аьлча, уьш хила дезаш низамаш ду. Цу кепарчу зуламех ларбала аьтто хила беза нехан. Амма тIаьхьарчу хенахь оппозицин болам жигара баларца а, Украинера хиламаш бахьана долуш а Iедалша юх-юха а керла гIулчаш йоху и низамаш кхин а чIагIдеш.

Юкъайохуш ю тайп-тайпана керла нормаш. Царах массарах а бац пайда оьцуш. Амма царах пайда оьцур бу оьшуш меттиг хилахь. Иза хьакхалуш ду тIаьххьара тIеэцначу низамех, царах лаьцна дуьйцуш ду тхан дIахаийтарехь».

«Сова» центро дийцарехь, Iедалан белхахоша харцонаш лелор шина тайпа ду. Цкъа делахь, говзалла йоцу низамашлардон органийн белхахой шайн йолчу бакъонел тIех бовла. ШолагIа делахь, цара шаьш лелориг хIун ду а хууш некъаш лоьху оппозици охьатаIош а, Iедалах бозуш боцу нах охьатаIош а.

Дукха хенахь дуьйна тIеэцначу низамех пайда оьцу Iедалша шайн политикан оппоненташ хьийзош бохуш дуьйцу Кравченко Марияс.

Кравченко Мария: "Бехктакхаман кодексехь йолчу ширачу артиклех пайда оьцуш бу. Царах пайда оьцу политикан оппоненташца къийсам латтош а. Къаьсттина иза хуьлуш ду Украинера хиламаш бахьана долуш. Iедалшна шайн Iалашоне кхача иза вуно аьхна гIирс хилар гучудаьлла.

Цу низамех пайда а оьцуш, Украинехь Оьрсийчоьно лелочунна реза боцучу нахана дуьхьал масийтта бехктакхаман гIуллакх схьадиллира 2014-чу шарахь.

Цу гIуллакхашца йоьзна статистика алсам яьлла шозза. Вуьшта аьлча, экстремизамана дуьхьало ечу низамашна тIе а тевжуш, схьадиллина бехктакхаман гIуллакхаш 2014-чу шарахь шозза алсам ду цхьа шо хьалха хиллачул а".

ТIаьхьарчу хенахь Оьрсийчохь гIелйелла оппозици. Амма оппозици юхаяларх, Iедалш дагахь дац шаьш беш болу Iаткъам лахбан. Мелхо а, вайна гур ду цара шайна луъург лелор аласамдалар аьлла хета «Экстремизман дуьхьало ечу низамех бакъонца цадогIуш пайда эцар» цIе йолчу дIахаийтаран авторна Кравченко Марияна.

Кравченко Мария: "Уьш совцур бац! Селхана ду-кх иза, президента Iуналла дечу адамийн бакъонашкахула йолу кхеташонехь дакъалоцуш бара инарлан прокуратурин а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан а векалш. Цара дIахьедар дира, шаьш шорбийр бу экстремизмаца къийсам дIахьош шаьш лелон барам аьлла. Цундела алсамдала мегаш ду цара шайна луъург лелор, интернетехь дуьйцучуьнца къийсам латтош".

Цу кепара «Совано» кечдинчу дIахаийтарехь билгалдоккхуш ду Оьрсийчура Iедалхой экстремизмаца къийсам латторца доьзначу низамех пайда а оьцуш, харцонаш лелош хилар, гарехь, уьш кийча цахилар и низамаш мелла а малдан а, полицин а, федералан кхерамазаллин сервисан а белхахоша лелош йолу харцонийн терахь лахдан а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG