ТIекхочийла долу линкаш

Лерринчу ницкъашна лерина кхерамзалла


ГIагIа диллина Toyota Land Cruiser 200 машен, юккъера мах - 5,5 млн сом

ГIагIа диллина Toyota Land Cruiser 200 машен, юккъера мах - 5,5 млн сом

Къилбаседа Кавказехь хьал таделла бохучу хенахь, цигахь болх бечу низамхоша, шайн кхерамазалла ларъен хьелаш лакхадохуш ду. ХIокху цхьана баттахь цигарчу низамхоша йиъ механа вуно еза машен эцна. Ткъа церан белхан эвсаралла лакхаер ю ала-м дац.


Тойота Ландкраузер-200, гIагIанца чIагIйина. Кхерамазаллийн 5-гIа класс. ГIагIан стомалла 6 сов сантиметр. Чохь цIока а йолуш, дохдеш долу гIенташ а, дезчу дечкаца кечйина панель а, арахь а, чохь а маситта видеокамера а, вочу новкъахула йоьхуьйтуш гIо ден гIирс а, 9 динамик а, ишшта кхин дIа а.

И машен эца аукцион кхайкхийна ГIалгIайн мехкан Талламан комитето. ХIокху цхьана баттахь Къилбаседа Кавказерчу низамхоша, йоьалгIа машен ю иштта оьцуш. Цхьаьннан мах бу 5 миллион ах миллион сом. Жимма хьалхо и тайпа машен ийцира Дагестанерчу дозан ял яьккхархойн хьукмато. Цхьана баттахь цхьа миллион доллар ца кхоччуш бюджетера ахча дойъучу оцу низамхошна йогIуш юй теша оццул еза машенаш, аьлла хета юккъараллехь.

Миччанхьахула дIасавахча а тIех-сов эскархойх, полисхойх яьккхина лаьттачу Къилбаседа Кавказан регионехь, уьш дукха хилар тидаме эцча, кхерамзалла йоцийла гуш ду. Бахархой ларбан тIехIиттийначу низамхошка, шайн догIмаш а ларлуш ца хилча, дахаран тIаьхье муха хир ю, ца кхета нах.

Оьрсийчуьра Кавказе балха баьхкина талламчаш, масала, дIасалела, гонаха шайн гIаралхой а болуш, дукха хьолехь гIагIанца чIагIйинчу тIеман машенашца. Царна юкъахь, гарехь, тIех къаьсташ, къорза хир ю "Ландкраузер-200" машенаш. ТIелатар дан Iалашо лаьцначо, цу чохь цхьа хьаькам ву, аьлла, цунна тIетухур ду герз. Кхеташ ду, могIарера Iедалхой а лелор бац оцу машенашца.

ХIокху шеран гурахь а, тIедогIучу шарахь а Оьрсийчоьнан финансашкахь инфляци хила мега бохучу хенахь, оцу кепехь ахчанаш дIасакхийсар ша цхьа хила дезаш хIума долуш санна лору даржхоша.

Цхьа шо хьалха, Нохчийчоьнан Iедалан цIарх 15 "Мерседес Е350" а, шиъ "Ландкраузер-200" а, цхьа" Порше Кайен" а ийцира. 113 миллион сом деллера царех. ХIетахь Москохарчу хаамийн гIирсаша гIовгIа яьккхира, стенна оьцу сел еза машенаш, аьлла. Амма, гарехь, нохчийн полисхошна гIолехьа хетачух тера ду урамашкахь гIарол дикачу машенаш чохь дар. Ткъа белхан меттигаш цатоарца хьалхарчу меттехь йолчу Къилбаседа Кавказан дукхахболу бахархой, хьалха а санна, шайн къоьллин бух боцчу ор чохь буьсуш бу.
XS
SM
MD
LG