ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Диктаторийн ахчанашна спортехь а дац доза


Испани -- Азербайджан гоьйоккху логотип тIеэцна "Атлетико Мадрид" футболан клубо
Испани -- Азербайджан гоьйоккху логотип тIеэцна "Атлетико Мадрид" футболан клубо

Кестта Азербайджанан васт тΙехь долу кучамаш тΙейоха там бу Испанерчу «Атлетико Мадрид» цΙе йолчу футболан тобано. Оцу хьокъехь барт беш ю маршонан хьал зуьйш дуьненаюкъарчу хьукматаша диктаторийн могΙарахь уггаре луьра ву аьлла билгалваьккхинчу президентан Алиев Ильхаман агΙо испанхошца. 16 миллион доллар ахча дала кийча ю Азербайджан «Атлетико Мадридна» шен цΙе цо язйийриг. Цунах лаьцна артикл кечйина Маршо Радион корреспондента О’Коннор Коилина.



Футболан фанашлахь наггахь а ца волу шаьш цΙунаш санна базбечу буьркаловзорхоша кучамаш тΙехь кеп-кепара реклама лелор товш верг. Амма оцу рекламанах дахар а дина лела ерриг а футбол. Цхьана декъанна оцо иза кхаба а кхобу.

Дуьненаюкъарчу футболан федерацино шарахь 2 миллиард доллар доккху футболхойн духара тΙехь а, буьркан майданашкахь а реклама яржорца. Стохка еккъа цхьана Ингалсерчу премьер-лиганна иштта кхаьчна ши бΙе ах бΙе миллион доллар гергга ахча.

Тоьлла ловзархой оьцуш алссам ахча дойу футболан клубаша. Реклама яржорца метта а хΙоттайо и тайпа харжаш. Цундела церна кΙезиг бала бу, хьанна тов я ца тов футболхошна тΙера реклама.

Амма рекламий, ахча дезаррий галморзахдолу дуккхаъчу футболан клубийн. Миллионаш адамийн тидам а, шовкъ а шайна тΙеерзош болу буьркан говзанчаш хийла хΙуьтту нахана хьалха шайна тΙерачу бедаршца дуьнено а емал ечу бизнес-компанийн я пачхьалкхийн васташ а долуш.

Нийсонна беза мах а луш, адаман дахарехь нийсо коьрта ниΙмат ду аьлла хета европахой шех кхардош, рогΙерчу спонсорца-рекламаялархочуьнца дийцарш дΙахьош ю кху деношкахь Испанехь тоьллачех ларало "Атлантико Мадрид" клуб. Евролигехь чемпион а ю футболан тоба. Цуьнан декъашхоша кучамаш тΙехь шайн пачхьалкхан васт лелор долуш бартбеш ю цуьнца Азербайджан. 16 миллион доллар ду контрактан мах.

Дийцарш дΙахьо меттиг ю Мадридерчу «Висенте Кальдерон» стадионан хьешан чоь.

Азербайджанан «Бакы» клубан цΙарх куьг яздеш ву Азербайджанан Испанера векал Эфендиев Алтай, «Атлантико» клубан цΙарх – оцу клубан президент Сересо Торрес Энрике а. ХΙоттош болчу бертан проектца а догΙуш, кхаа шарахь бΙеннаш Азербайджанан футболхой лелар бу Испане шайна буьрканах лорзар шардан «Атлетикон» футболан академе. Ерриг а харжаш шена тΙоьцуш ю Азербайджан.
Испанин тоьллачу клубан декъашхоша лелор ду «Азербайджан – цΙерш йогу мохк» йоза тΙехь долу духар.

Еврофутболан Испанерчу говзанчаша яккха леринчу гΙулчах кхаьрда хΙинца дуккха а меттигашкара политикаш, бакъоларъярхой. Азербайджан – уггаре а онда коррупци лела меттиг ю, цуьнан президент Алиев Ильхам нийсо зеран дуьненаюкъарчу хьукматаша къизаллица, бахамаш дола бахарца бехачу диктотарийн могΙаршкахь хьалхарниг ву бохуш вуьйцу. Амма ахча хьожа йогΙуш хΙума яц бохург юьхьара а оьцуш, шена гонаха лела хабарш леран дуьхе а ца ухьу «Атлетико» цкъачунна.
XS
SM
MD
LG