ТIекхочийла долу линкаш

Спорте а хьул ца бало Оьрсийчуьра цабезамаш


Ингалсе --Олимпан чемпионаш Галстян Арсен а (аьрро агIор), Исаев Мансур а, Лондон, 31Тов2012

Ингалсе --Олимпан чемпионаш Галстян Арсен а (аьрро агIор), Исаев Мансур а, Лондон, 31Тов2012

Лондонерчу олимпиадехь Оьрсийчоьнна дуьххьара дашо мидалш эрмалочо Галстян Арсенний, суьйличо Исаев Мансуррий яьхна. Церан толамах ерриг а Оьрсийчоьнна дакъакхочуш хиларе терра, шина къантах дозалла дан догΙура массара а. Амма шатайпа ю и самукъне хилам бовзуьйтучу оьрсийн хаамийн гΙирсийн реакци. Кхин а тамаше ду интернетехула шина кавказхочун толамна комментареш ечу оьрсийн цхьацца гΙаланашкарчу нехан къамелаш.


Уггаре лакхара совгΙат ду спортхочунна деа шарахь цкъа бен хуьлуш доцчу Олимпан къовсадаларшка кхачар а, цигахь толар а. Цунна санна беза бу цуьнан толам и схьаваьллачу пачхьалкхана а. Дозалла дойла хиларал а совнаха, даккхий ахчанаш а ду и тайпанарчу толамца махка кхочуш.

Хила ма-доггΙу тΙеэцна Оьрсийчоьн спортхойх хьалхара дашо мидал яьккхинчу Галстян Арсенан цΙахь – ша шена даьккхинчу миллион долларна тΙе цунна петар а, машен а совгΙатйина Краснодарерчу цхьана гΙишлошъечу компанино.

Исаев Мансур Олимпан лакхалле кхача араваьллачу Челябинскехь мехкан дас цунна а кхачийна дала 1 миллион сом.

Ши кΙант схьаваьллачу шина а гΙаланашкахь бахархоша баккхийберца тΙеэцна Лондонехь шайн векалша баьхна кхиамаш.

Ала догΙу, Галстяна а, Исаевс а уггаре доккха хазахетар динарш церан наной бу.

Исаев Мансуран нана а, да а деха Дагестанерчу Кизил-Юьртахь. Дерриг дуьненна телевизионехула а гуш, Мансур леташ хьажа а ца делла, буьйсанна юккъехь урама тΙе а даьлла, ша а, шен майра Мустафа а дуьйладелла лийлира, бохура олимпан чемпионан нанас Асета Маршо Радио шеца зΙенеяьлча.

Исаева Асият: «Сатасале дуьйна а хьеший оьху...хьеший, хьеший. Цо зΙенехула элира соьга, "Нана, и хьан мидал ю-хьуна". ... Тахана кхечу спортхойн къийсадаларшка хьоьжур ду тхо. Со-м царна массарна а йоьлху».

Исаев Мансуран да-нана ган а, церан доьзал декъал бан а луучу хьешех дассалуш дац Кизил-Юьртахь церан цΙа хΙинца а.

Хазахетарца бовзийтира олимпиадера толамаш дуьххьара деши шайн пачхьалкхана даьккхинчу Оьрсийчоьнан хаамийн гΙирсаша. Амма цхьа тамашена метарморфоза а хилла Москохарчу дешан хьостанашна – дуьххьара дара кху шерашкахь цара шаьш вуьйцу оьрсех воцу ши стаг церан къаьмнаш а ца хьехаш вийцар.

Москохахь, я кхечу муьлххачу а гΙалахь цхьа хΙума оьккхушехь бехке бечу кавказхойн къам а, вархΙа да а ма хуьлурий хΙинццалц мостагΙийн могΙаршка воккхуш. Ткъа ерриг а Оьрсийчоьнна сий кхачош олимпиадехь тоьллачу шиннан къам хьахош ца делира цхьа а газета а, цхьа а телевидени а.

Оцу хΙумано дуккха а ойланаш кхоллайолуьйту шайн кавказхойн. Царех цхьамма интернетехь Исаев Мансуран толам хьахош боху: «Диканиг кавказхочуьнгара даьлча, иза массеран а махкахо хуьлу, вониг цуьнгара даьлча, цуьнан дерриг а къам гездохуш дуьйцу».

Ткъа и тайпа ойла кхуллу бахьанаш а ду оццу интернет чохь, информацин бустамехь аьлча, дуккха а дукха террабайташкахь.

«Къадъелла Оьрсийчоь оцу Мансурех, Мохьмадех, Даудех," - яздо цхьамма Газета. ру хьостано Исаев Мансуран толамах лаьцна кхаъ баьккхинчу артикл бухахь шен коммент язъеш.

Царна, кавказхошна, санна ахча Москохара дΙахьажош хилча, вайн а хир бара иштта тоьлла спортхой, боху рогΙерчу, Тула-гΙаларчу интернетхочо.

«Тахана олимпан чемпионаш, кхана – оьрсий бетах буйнаш а бетташ, байъархой," - яздо кхечо.

"Исаевс-м Челябинске кхачор даций шена делла ахча, шен Кизляре дΙахьор дай, шу стенна даккхийде и толарх," - цецвуьйлу важа.

Бакъду, оццу Газета.рун комменташкахь ю кхин ойла а. Масала. «Бродский Иосиф, Пастернак Борис, Лермонтов Юрий, Пушкин Александр-м ца ваьлла шуна бале? Уьш а ма бу я жуьгтех, я африкахойх, я шотландхойх схьабевлла», - хоьтту хьалхарчаьрца реза воцчу кхечу интернетхочо.

Оцу а, уьш санна, ерриг а интернет яьккхина лелачу кхечу а къамелаша гойту Оьрсийчуьрчу къаьмнашна юкъара безам, шелбелла ца Ιаш, гΙиране, гамоне бирзинийла.

Хьена бехк бу иза, стенна кхаьчна Оьрсийчоьнан бахархой спортан толам а, иза оьрсийчо ца баьккхинехь, дегаза хетаче?

Жоьпаш-м дац тΙех къоргенехь леха оьшуш а. И жоп шена хеттачу кепара дΙакхайкхор дийхира Маршо Радионо кавказхойн бакъонаш къовсучохь кест-кеста хаалуш волчу Оьрсийчоьнан президентан цΙарах Нохчийчохь адамийн бакъонийн терго ечу Нухажиев Нурдига. Цунна иштта го Оьрсийчоьнан къаьмнашлахь вовшашках гамонаш ехаш хиларан бахьана а, хьал тодеш лаккхарчу Ιедало дан догΙург а.

Нухажиев Нурди: «Вайн къам шен кхетаман букъ тΙехь даха дуьсур дуйла дΙахаийтина ду. ТΙемаш а бина, тΙеΙаткъамаш а бина, хΙаллак а дина. Бухабисинчара иза иштта дΙакхехьна, хΙинца а дΙакхоьхьуш а ду. Цундела бу вайга болу цабезам. Шен доьналла а долуш, шен дин а долуш, шен амал а йолуш долу халкъ... и шиъ цхьана ца тарло. Оцу юккъехь берриг а коьрта бух иза бу.

Цхьана пачхьалкхехь хила ца деза хΙуманаш ду цаьрца дерг, хΙунда аьлча, Ιедалан низаман бух конституци ю, оцу конституци тΙехь массо а къаьмнаш, церан меттанаш, дин, башха доцуш, цхьатерра бакъонаш йолуш ду, аьлла ду.

Адамийн бакъонаш ларйийр йолуш, цуьнан хьашташка хьожур йолуш система яц. И дΙахIотталц, пачхьалкх чΙагΙлур яц – цуьнан шеко а яц. Цхьа-ши бΙе къам ду Оьрсийчохь дехаш, коьрта кхо дин ду... цхьа къам вукхунна дуьхьал мел доху, хаамийн гΙирсаша а, кхелаша а, полицино а, политикаша а, и мел леладо, чΙагΙ а елла, пачхьалкх дΙахΙуттур яц».

Спортера кхиам, дуьненна а хьалха и баьккхинехь-м муххале а, шатайпа, муьлхачу а къоман, мехкан, пачхьалкхан уьнхазалла, адаман могашалла, дегΙан а, син а
аьхналла гойту тоьшалла ду. Ткъа эрмалочо, я суьйличо, я хуьлда и чукча, беъначу толамах тоам а ца хуьлуш, иза оьрсийчо баре сатуьйсуш Ιачу бахархоша гойту мел могуш ю, аьлча а, могуш яц пачхьалкх, цигара юкъаралла.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG