ТIекхочийла долу линкаш

Спортехь кхиамаш боху Австрерчу нохчийн кегийрахоша


Нохчийн спортхойн тоба. Вена. 2015.

Нохчийн спортхойн тоба. Вена. 2015.

Спортехь рогIера кхиамаш баьхна Австрерачу къоначу нохчийн латархоша. Нагахь санна цхьана хIуманна тIехь Европехь хьалакхуьуш долу нохчийн бераш кхиаме делахь, иза спорт ю. Къаьстина, латаршкахь.

ЦIарна цIе а яхана дуьйцу меттигерчу бахархошлахь нохчийн кегирхой спортан латаран кепашкахь жигара хилар а, цара цигахь бохуш болу толамаш а. Нисло наг-нагахь цхьацца йолчу пачхьалкхийн латарийн спорташкара къоман тобанаш, уьш дуьненаюкъарчу я Европерчу къовсамашкахь дакъалаца йоьлхучу хенахь, доккхачу декъехь я ерриш а нохчех лаьтташ, тIаккха нисло шина тайп-тайпанчу пачхьалкхийн масала, Германин я Францин къоман командаш вовшашца летачу хенахь, вовшах леташ верг ши нохчо хуьлуш а.

Кху деношкахь Австрехь дIабаьхьанчу грекхойн- римхойн латарехь хиллачу къовсамехь бара тоьлларш нохчийн кхиазхой. Австрерчу Штайер гIалахь хиллачу Европан чемпионатехь дакъалаца бахнера Венерчу Технопол цIе йолчу, нохчийн тренеро Ханпашас Iамош болу къона вайнехан латархой. Шаьш и бераш шайн тренеран куьйгаллийца маьршачу латарехь Iемаш белахь а, амма грекхойн-римхойн чемпионатехь а кхиаме хилира уьш бохуш дийцира Маршо радионе чемпионатехь дакъалоцуш хиллачу цхьанан къоначу латархочуьн дас Никархо ИбрахIима.

Висалимов Ханпаша, тренер

Висалимов Ханпаша, тренер

ИбрахIим: „Иза интернационалан чемпионат яра, 9 пачхьалкхера 180 бер дара цигахь. Цига вайн нохчо тренерса Ханпашас лата Iамочу Технопол тобанера 16 кхиазхо вара, 14 шо кхаччалца долу бераш дара уьш. Пхеаммо царех хьалхара меттигаш бехира, дашо мидалш а луш, кхаамо шозлагIа меттигаш бехи, дато мидалшца, ткъа кхин а виаммо кхозлагIа меттигаш бехи, борза мидалш а луш. Вуно хаза, позитиве хилам бу иза кхузахь бехачу вайн нохчашна.“

Нохчийн берашца дуккхаъчу шерашкахь латарш Iамийна ца Iаш, цаьрца кхетам-кхиоран болх а беш, уьш вуочу хIумнах а, зуламечу новкъа бовларх а уьш ларон гIертачу тренерх Хашпашах лаьцна а дийцира Никархо ИбрахIима.

ИбрахIим: „Ханпаша кху Австрехь тренер болх беш волу дуккхаъ шераш ду. ЦIахь дуьйна и болх беш а ву иза, кхузахь вуно кхиаме а ву. Цуо Iамош долу бераш даима а тайп-тайпанчу турнирашкахь а, чемпионаташкахь а хьалхарчу меттигашка бовлу, чIогIа кхиамашка кхийдаш, къахьоьгуш а ду и бераш“.

Къовсамашка даханчу нохчийн берех, ИбрахIима ма-аллара, дукхахчара хьалхара меттигаш баьхна. Дашо мидалца чемпионатера юхавирзинчех цхьаъ ву I4 шо долу Шуаипов Мохьмад а. Маршо радионо спортехь хьуна уггаре а хазахетарг хIун ду аьлла шега деллачу хаттарна къоначу чемпионо иштта жоп делира.

Шуаипов Мохьмад, спортхо

Шуаипов Мохьмад, спортхо

Мохьмад: „Толам баккхар хазахета суна. ХIинца хиллачу турнирал совнаха ас кхечу чемпионаташкахь а баьхна толамаш. Австрин чемпионатехь со деазза хьалхара ваьлла, ялхаза шозлагIчу метте ваьлла со, кхин а шозза кхозлагIчу метте а ваьлла. Тоххара со Полше вахана волуш, цигахь турнирехь тоьлча, соьга цигахь саца бохуш бара цигара тренерш, цигахь деша а, дикчу хьелашкахь спорт лелон а таронаш кхуллура ю шаьш бохура суна. Амма со ца Iийра, суна со волчу Австрехь, Ханпашица кхин дIа а спорт лелон лаьа аьлла, схьавеара со“.

Гуш ма-хиллара, ханна жима велахь а, хIинцале а толамийн некъ беха бу Шуаипов Мохьмадан. Жимчу къонахчуьнца къамел деш кхин цхьа хIума а билгалдолу – шераш кIеззиг бен дацахь а, кхетам а, хьекъал а кхиина ду цу кIентан.

Спортах къехкаш, урамашкахь дар дайна лелачу шен нийсархошка хIун эр дара ахь аьлла шега хаьттича, Мохьмада дийцира, шен мел хала ду, сарралца ишколехь хиллачул тIаьхьа юха дела денна сарахь спортзале ваха. Делахь а, ша и некъ хоржу, хIунда аьлча „цхьаьна хенахь вайн дайша -наноша лайначу халонашка хьажча шена хуьлуш ерг хало яц“ элира цуо.

Мохьмад: „Суна дукха девза бераш, арахь лелаш, цигаьркаш а юьйзуш, цIерачаьрга спорте доьлху олий ара а долий, арахь лелаш хуьлу цхьаберш. Иза дика дац, ас цаьрца доттагIалла ца леладо. Сан спортаца чIогIа самукъадолу. Сарахь пхиъ даллалца ишколехь ву со, цигара чувеъча сихха хIума а кхоллий, ламаз а дой, сайн спортан тIоьрмиг схьа а оьций, спортзале дIавоьду со.

Сан ваша а ву соьца цига оьхуш. Хала-м хуьлу тхойшинна, сарахь ишколера чувеъча спорте ваха, делахь а вайн дай-наноша лайначу халонашка хьаьжча иза хIуммаъ дац. ТIаьхьависахь а дIавоьду тхойша, цхьа жимма а спорт ян кхиича дика хир ду олий“.

Мохьмад санна болчу кегирхойн дегIан потенциал а, церан энерги а зуламечу хорша ца яийта, уьш шаьшна а, шайн къомана а беркате хилийта Iалашонца, Ичкерия аьлла нохчийн културан кхерч а кхоьллина, цуьнан цIарах вайнехан кхиазхошца а, кегирхошца а белхаш бечарех цхьаъ ву Никархо ИбрахIим.

Хаза масалаш а, вайн къоман хьалха хиллачух а, хIинца дукха хан йоцуш вайн бIаьргашна хьалха дIадаьллачуьхт а бийца баккхий турпалхой а, оьзда Iадаташ а, гIиллакхаш а ду цу кегирхошна гайта а, дийца а, амма аренца адам дукха даьржина хиларна и болх цхьана хорше ца болуш эрна хан яйна хIинцалца схьа, бохуш дийцира жигархочуо Маршо радионе.

ИбрахIим: „Вайн берийн вуно йоккха спортан потенциал ю. Цаьрца дукху энерги а ю. И энерги мича яхьа еза ца хууш, харцахьчу новкъа дуьйцу царех цхьадерш. Иза ца хилийта, цаьрца болх бан беза. Вайн дукха хIумнаш ду царна хьеха а, Iамо а. Вайн къомах дукха адам делла, яхь дIа ца луш, нохчийн цIе дикчу агIор дуьненчохь яккхийтархьама. Иза вайн кегирхошна дийца деза, уьш вайн схьагулбар а, уьш нийсачу новкъа бахар а ю-кх вайн Iалашо.“

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG