ТIекхочийла долу линкаш

Шпионаш бац – жоьлгаш ю


Оьрсийчоь -- Шпион, беламе сурт

Оьрсийчоь -- Шпион, беламе сурт

Оьрсийчоьнна болх бечу шпионашца йоьзна рогIера гIовгIа яьржина Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь. Ши шо хьалха цигахь гучуяьллера оьрсийн къайлахчу сервисана болх беш хиллачу нехан тоба. ХIетахь санна, хIинца Iамеркахойн Iедална гучубевллачу оьрсийн айкхийн терахь а ду цхьайтта стаг.

Цхьаьтоьхначу Штаташкахь шайн талораш лелийначу Оьрсийчоьнан бахархошца йоьзна йолу керла шпионийн скандал кхаарий дийнахь гIараелира. Цу пачхьалкхан юстицин министралло динчу дIахьедарца, Нью-Йоркерачу Бруклин кIоштан прокуратурано 11 оьрсийн айкханча официала бехке вина, цара Iамеркера тIеман технологеш къайлаха Оьрсийчу хьежош хилла хиларна.

Прокуроро Линч Лореттас дийцарехь, бехкебечара лечкъош хилларш микроэлектронан дакъош хилла, пачхьалкхан урхалло вуно чIогIа леринчу къайленехь латтош йолу. Бехкевеш верг цхьайтта стаг ву. Бакъду, царех кхоъ, ведда, кIелхьара а ваьлла, карарчу хенахь Оьрсийчохь ву.

Цу тобано шайн Arc Electronics цIе йолчу фирмехула оьрсийн тIеман а, талламийн а хьукматашка дIахьежош хилла бехке технологеш. Iамеркин Iедалхоша чIагIдарехь, и технологеш, коьртачу декъехь, тIеман хьашташна пайдаэца йиш йолуш ю, масала, радарий системашкахь а, оьккхуьйтургаш ярехь а.

Цхьаццаболчу хаамашца, нахала бевлла болу шпионаш иштта заррат герзех долчу хааршна тIекхача гIерташ а хилла, цул совнаха, цара толлуш хилла Цхьаьтоьхначу Штатийн ГIажарийчоьнца йолчу политикан къайленаш а, ткъа иштта Iамеркахойн къайлахчу сервисийн куьйгалхойх а, конгрессан декъашхойх а долу хаарш а.

Лийцинчеран куьйгаллехь ларалуш верг 46 шо долу Цхьаьнатоьхначу Штатийн вахархо Фишенко Александр ву. Иза ву Arc Electronics цIе йолу фирма кхоьллинарг а, шпионийн тоба вовшахтоьхнарг а. Талламан гIуллакхан агIонашкахь яздина ма-хиллара, Фишенко „бехке веш ву, цо Цхьаьнатоьхначу Штатийн лаьтта тIехь оьрсийн урхаллин агенто санна белхаш лелийна хиларна, низамца а доцуш, оьрсийн урхаллин цIарах лекхатехнологикаллин микроэлектроника Iалашъярна“.

Фишенко Оьрсийчоьнан куьйгаллина болх беш хиларан тоьшаллаш, прокуратурано бинчу хаамца, цо телефонехула динчу къамелашка Iамеркахойн къайлахчу сервисхоша ладегIар бахьана долуш гучудаьлла. Дийцарехь, цо шен хабаршкахь кест-кеста „къайлаха агент“, „айкх“ а бохучу маьIнерачу дешнех пайда оьцуш хилла.

Цу юкъана, скандал яьржинчу дийнахь цхьа а тайпа комментарий ца еш Iийна хилла йолу официалан Москох эххар а йистхилла Iамеркехь лийцинчеран хьокъехь. Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло динчу дIахьедарца, Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь цхьа могIа оьрсийн олаллерачу бахархошна дуьхьала боккъал а зуламан гIуллакхаш схьадиллина, амма цара шпионалла лелийна бохург аьттехь а дац.

„Суна хаарехь, Оьрсийчоьнан бахархошна дуьхьал теттина болу бехкаш зуламийн гIуллакхашца доьзна ду, цхьанна кепарчу талламаш барций я айкхаллаш лелорций доьзна хIума дац иза“, - элира цу хьукматан министран гIовс волчу Рябков Сергейс.

Ткъа оьрсийн политикийн, депутатийн цхьа могIа и йоллу скандал а Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь кесталгIа дIабахьа безачу харжамашка дакъалоцучу кандидаташа лерина кхоьллина ю, цу кепара „арахьарчу мостагIашца“ къийсам латторан васт шайна кхолла гIерташ, бохучу хьесапехь бистхилира.
XS
SM
MD
LG