ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Forbes рейтингана юкъахь ву Оьрсийчура 96 миллиардхо


Forbes журнало хIоттийначу дуьненера хьал долчу нехан рейтингана юкъахь ву Оьрсийчура 96 миллиардер – 2016-чу шарахь хиллачул а 19 дукхаха. Церан массеран а хьал цхьанатоьхча нисло 772 миллиард доллар.

Оьрсийчурча миллиардхошна юкъахь 1-ра меттиг стохка санна дIалаоцуш ву «Новотекан» а «Сибуран» а долахо Михельсон Леонид. Цуьнан бахаман терахь ду 18 миллиард доллар (дуьненчохь 46-гIа меттиг). ШолагIа а, кхолагIа а меттигаш дIалоцуш ву «Северсталь» директорийн кхеташонан гIантда Мордашов Алексей а, «Новолипецкий металлургический комбинат» олучу индустрин долахо Лисин Владимир а.

Forbes журнало хIоттийначу дуьненера хьал долчу нехан рейтинган коьртехь бу Microsoft коьллина Гейтс Билл а, инвестор Баффет Уоррен а, ткъа иштта Amazon коьллина Безос Джефф а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG