ТIекхочийла долу линкаш

«Стопхарам» цIе йолу социалан проект Москохахь йолаелла дукха хан яц. Кхо стаг камера а оьций ара а волий, малар молчу а, сигаьркаш уьйзучу а бусулба бу бохучу нахе хеттарш до царна шаьш лелорг нийса хетий бохуш.

Шаьш бехк ца боккху цхьаьнга а, цаьрга шайга мах хадабойту шаьш лелочуьнах, аьлла Маршо радиога дийцира оцу шен проектех Исмаилов Ислама.

Исмаилов: «Бехк баккхар цхьаъ ду, ткъа, тIе а вахана стаге вистхилар-кхин ду. Неха чу а вахана ма ца боху ас. Кху пачхьалкхехь лелаш долу низамашца баха боху-кх ас. Ткъа, кхара «бусулбан батальонаш» ю бохуш цIе кхоьллина суна».

Исмаилов Ислам, ша цхьана хенахь «Стопхам» олучу боламан юккъахь хилла ву. Некъан низамаш машенашца дохочарца къийсам латтош бара уьш. Нохчо шайна юккъе ма веънехь, мелла а жигара а белира церан болх. ХIинца, тоам хилчух тера дац Исламан некъашца шаьш меттахIоттийна низамаш. Адамийн синош а кIелхьарадаха деза аьлла хета цунна.

Ткъа, «Стопхама» а, «Стохарама» йохьарлаьцна болх, Iедалан хьукматийн тIехь дац иза бар? Масала, алап оьцуш йолу полици хила езаш яц, нахана юккъахь мелла леларг а, некъан низам дохорг а, жоьпе уозош, аьлла деллачу хаттарна иштта жоп делира Исмаилов Ислама.

Исмаилов: «Церан болх бан буи за. Алап а оьцуш, лаккхара дажаш а догIуш Iаш бу уьш. Адамелла дукха а бу уьш. Ткъа, оха, Iедалан агIора таIзар ма ца до нахана. Цо шен цIахь мелча цхьа къа ду, ткъа, нахана юккъахь мелча, кхечарна а моьтту, иза-м ас а мала мегар ду олий. И санна хаза доцу хIуманаш ца хилийта беш бу оха болх».

Исмаилов Ислама «Стопхарам» аьлла проект йолийна цхьа кIира сов бен хан яц. Ара а бевла цхьа видео бен яьккхина а яц цара. Амма цхьаболчу хаамийн гIирсаша «Шариатан полици Москохахь» аьлла дIа а кхайкхина, цуьнах дукха нах ца кхета шаьш лелочунах, боху цо.

Цхьацца комментарешкахь луьйш, кхерамаш туьйсуш хуьлу. Цхьаболчара скинхедаш мичахь бу, Москохара вахабисташ совца хIунда ца бо, бохуш дуьйцу. Шена коьртаниг нахана пайда а, шена Далла хьалхахь ял а хиларе сатуьйсу ша, элира цо.

Исмаилов: «Хаамийн гIирсаша доцу хIуманаш а дийцина, суна дагахь доцург а дийцина. Цара дийцинчу къамелах со уозалуш велхьара, со цIа а вахана Iийра вара. Ас цхьа хIума дина аьлла, суна бехк баккха цхьа стаг хIоттахь, цхьа бахьанаш лелора ду-кх вай».

«Стопхаман» юккъахь ша волуш цхьана хIуманех воккхаво Исмаилов Ислам-цкъа а машенца нохчаша низам дохийна аьлла, ша юккъахь волу тоба тIе ца Iоттаяларна. Цундела иза теша, Москохарчу урамашкахь маьттаза лелачарна юккъахь а вайнах хира бац аьлла.

ТIаккха ала ца хIутту иза, и керла проект мел яхлура ю а. Билгалдаккха деза, ян хьалха хиллачу а, я кхечу а проекташкахь цхьанна а кепара ахча а оьцуш, саяьккхина цац а хилар. Ша мел лелош дерг ша веха юкъаралла цIанъялийта Iалашонца ду шен боху цо.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG