ТIекхочийла долу линкаш

Чов еш долу герз дехка тарло Нохчийчохь


Нохчийчоь - хаьнтIехь леладо нохчаша герз

Нохчийчоь - хаьнтIехь леладо нохчаша герз

Нохчийн Республикехь дукхах болчара гуччехь леладо чов еш долу герз. Уьш нахехь тIехь дукха хиларна тидам а бина, цу агIора ладаме гIулчаш тIедиллина шен Iедална Кадыров Рамзана. Уьш дIайохуш хIума хилахь, гIийла-гIийлачаргара йохуш нисдала тарло.


Муьлха а хьаша Нохчийчу веъча, цуо дуьххьара терго еш дерг ду, урамашкахь герзаца дукха нах хилар. ТIеман хиламашца Нохчийчоь хIинцачулла тIаьхь, юзийта ца луучу Iедалша хIора уза, журналисташ и хIума билгалдаьккхича олу, республикехь кхерамазалла, кхечу регионашкахьчулла лекха ю аьлла.

Нохчийн цIийца долчух тера ду герз дезар а, иза ган а гойтуш, лело лаар а. Оцу хIуманна терго йинера мацах оьрсийн гIарабоьвллачу яздархоша, Кавказехь шаьш хиллачу хенахь. Нохчийн духарца беркъа белахь а, цуьнгахь долу герз а, говра а, уггар а диканиг хилара бохуш дийцина шен цхьана хенахь Лермонтов Михаила.
ХIинцлерчу заманахь а, герзца болу безам дIа ца баьлла Нохчийчохь, къомана цунах диканиг ца даьллехь а. Цхьаболчу историкаш чIагIдеш дуйьцу, хьалхалера тIом Нохчийчохь буолабалийта, оьрсийн эскархоша, нохчашна герз мел дукха деза а хууш,иза махкахь дитинера, бохуш. Нийса цхьана шина-кхаа баттахь герзийн складаш вовшахъяьнера наха.

Тахана дукха кегий нах бу хаьнтIехь и герз лелош. 14-15 шераш долу кхиазхой а хуьлу и лелош. Абу цIе йолу жима стаг а ву царах цхьаъ. Цуо, бакъдерг дийцича, иза гуттар а ца леладо.

Маршо радиоца къамел деш цо дийцира и герз нохчашна хIунда оьшу.

Абу: «Кегирхошна къаьсттина дукха деза и герз. Цхьаболчара иза шайна цхьа кхерам бу аьлла хеташ а леладо. Дуккха а бераша тахана дозанал арахь доьшуш а ду. Оьрсийчохь а башха нохчий безаш ма баций. Хийла меттигаш ю, урс я тапча тоьхна кегий нах цIа балийна. Цигахь оьшу иза, кхуза Нохчийчохь чул а».

Маршо радио: Оцу травматан герзах льцна Нохчийчохь цхьа хийцамаш бахь, ахча долчу нахах хьакхалур дац иза аьлла хета Абуна.

Абу: «Цхьаболчара и герз оьшуш леладо, амма, иза лелочарна юккъахь бу, иза кураллина лелош. Тахана и герз дIадаккха доладахь, иза дIадоккхур дац шортта ахча долчу нахера. Маларх кхетачу нахехь и герз хилча, цунах доккха зулам долу».

Маршо радио: Нохчашна юкъахь хIинца травмат олуш долу герз лелош дукха болун дела, оцу хIуманна терго ян езаш сурт хIоттало. ЦIахь и герз лардеш леладо кегийчу наха, амма, аренца, дукха меттигаш хуьлу, дов даьлчохь иза дIатухуш а, схьатухуш а меттигаш.

Амма, тIаккха, Оьрсийчуьрчу низамашца магийна ду и герз хаьнтIехь лело, цунан бакъо елахь. Цул совнаха, цхьана стега, оцу кехатан бакъонца, 5 герз эца йиш ю. ТIех сов иза даьржина долун дела, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Iедалан кхеташонехь дIахьедар дина, оцу герзца долу хьал, цхьана бараме далон деза аьлла. Муьлхачу хьелашкахь хир ду иза - цкъачуьнна ца хаа, амма, кхана-лама и герз дерш сеца а беш, цаьргара иза схьа а дохуш, хIума доладахь цецволийла а дац, я аш иза хIунда леладо ала хуттуш цхьа а стаг хир вац.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG