ТIекхочийла долу линкаш

Мазапийн тIом бу Шемахь боьдург


Шема -- Алеппо-гIалахь Iедалан эскаршца тIом беш бу гIаттамхой, 11ГIа2012

Шема -- Алеппо-гIалахь Iедалан эскаршца тIом беш бу гIаттамхой, 11ГIа2012

Шемахь шарал сов а баьлла, пачхьалкханий, бахархошний юкъахь лаьттачу тΙеман герггара хьаьжча дуккха а агΙонаш ю гуш. Ιедалехь берш а, боцурш а вовшахлетарал совнаха, зене жамΙаш кхачадеш хΙума ду бусулба нах шина мазапехь хилар а, кхийолу а башхаллаш.


ХIоккху 2012-чу шаран ГIадужу-баттахь Либнанан махкара ХьизбуллахI олучу шиIатийн тобано шайн Шемарчу Iедалехьа гIаттамхошна дуьхьал тIом беш беллачийн тезеташ хIиттийча, Iораделира церан векалш Шемарчу Iедалехьа жигара тIом беш хилар. ТIаьххьалц шаьш Асад Башаран Iедална гIодеш хилар даре ца дора ХьизбуллахIо.

Карарчу баттахь ХьизбуллахIан Шемахь волу тIемалойн баьчча Насийф Мухьаммад вийна аьлла, доккха тезет хIоттийча, зорбанан хьостаншкахула иза декъалвира оцу партис. Цу билгалоно, ишта а шиIатан нахана дуьхьал мIар боьгIна Iен суннийй нах карзахбаьхна. Юккъерчу Малхбалера суннийн бусулбанаша кхайкхамаш бира шиIаташка, Шемара Iедал шиIатех лаьтташ хиларх, адамалла доцуш къиза Iедал ду иза, бехке боцу нах бойъуш, шаьш бусулба хилча гIо дийр дацара шиIаташа, президентехьа Асад Башарехьа хилар динах валар ду, бохуш.

ШиIаташна а, суннашна а юкъахь йолу ачо-м бIешерашкара схьаеана яра, амма китайхой а, оьрсий а Шемарчу Iедалехьа бевлаа леларх ца кхета бусулба нах. Нохчаша ма аллара, зурма лоькхучо-м цхьаъ леладора, вота еттачо хIун леладо те бохург санна, новкъа ду иза гуттар аоьрсашкахьа хилла болчу Iаьрбашна.

Либнанехь шиIаташна а, cуннашна юкъарчу гамонех лаьцна дийцира Маршо Радиона Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн организацехь болх беш волчу Рамзан Мухьмада.

Рамзан: "Цара лелориг суннашна дуьхьал а ду, дерриг дуьненанна дуьхьалбевлла а бу уьш. Церан идеологи ю иза. Церан МахIди олу эскар ГIажарийчоьхь а, Иракъехь а, хIокху чохь а ду. Башар Асад алави шиIато волундела,цуьнгахьа бу уьш. Цара Шемахь лелош дерг-м вуно боьха хIума ду. Кхуза можа барзакъ лелочеран (ХьизбуллахIхойн) декъий хIора денна схьакхоьхьуш ду, 10 гергга лен дийнахь.

Суннеш байъ беза, керстанаш а байъ беза, дуьнентIехь мел верг вен веза, бохуш ю церан идеологи. Хьукам деш цхьа а ван а вац кхузахь. ХIара мохк шинан декъе къаьстина бу. ШиIаташ Шемарчу президентехьа бу, шолгIанаш цунна дуьхьал бу. ШиIаташкахь бу-кх кхузахь алссам ницкъ.

Иракъехь Хьусейн Садаман Iедал доьхча, 2004 шарахь, цигара шиIаташ махкан урхалле кхечира. Цу хенахь, Урдунан паччахьо АбдаллахI ШолгIачо, сакхоеш дIахьедар дира шиIатийн мазапо суннийн бусулбанаш марша буьтур бац, аьлла. Цу мазапа юкъайогIу ГIажарийчоь а, Иракъ а, Шема а, Либнанера ХьизбуллахI а.
XS
SM
MD
LG