ТIекхочийла долу линкаш

Индонезехь охьадоьжначу оьрсийн кемантIехь дийна стаг ца висина


Индонези -- Индонезин лаьмнашкахь охьадоьжначу оьрсийн кемантIехь дийна стаг ца висина, 09Стиг2012

Индонези -- Индонезин лаьмнашкахь охьадоьжначу оьрсийн кемантIехь дийна стаг ца висина, 09Стиг2012

Индонезерчу талламан а, орцаллан а агенталлан векло Гага Прокозос хаам бина Еарийн дийнахь шайн мехкан малхбузехь лаьмнашкахь оьрсийн кема охьадоьжначу меттехь декъий карийна шайна, аьлла. Цуьнан векалша дийцарехь, беркеманаш а дахийтина, уьш Джакарте дIадаьхьа аьтто бац, цу лаьмнашкахь вуно чолхе хенахIоттаман хьелаш хилар бахьана долуш.


Шайн агIора Оьрсийчоьнан талламан комитетан векалша хаам бина Азера тур дIайолош кема а, пилоташ а кечбар хьокъехь бехк-такхаман гIуллакх схьадиллина шаьш, аьлла. Цара дийцарехь, Индонезе талламхой хьовсо дагахь бу уш, Джакартера кема хьалагIаттале цунна техникан кечам беш хилла болу говзанчаш лебар Iалашонца.

Superjet-100 олучу Индонезехь доьхначу кемантIехь хилла 50 гергга стаг. Царах дукхах берш бу меттигера бахархой. Кеманна урхалла деш хилла Оьрсийчура пилоташ. Кема охьадоьжна тIемадаьлла 21 минот яьллачулла тIаьхьа. Иза чударан бахьана хууш дац.

Еарийн дийнахь, журналисташна хьалха вист хуьлуш, Индонезин президенто Юдхойоно Бамбанг Сусилос дIахьедар дира кема доьхначу меттехь талламан а, адамаш къелхьарадахаран а белхаш дIахьуш ду шаьш, аьлла.

Юдхойоно Бамбанг Сусило: Кема охьадоьжна Салак олучу ломан йистехь. Аса говзанчашца къамел дира цу хьокъехь. Кема царна карийна, иза хила мега, аьлла, хетачу меттигана цхь километр ах километр генахь. Таллам дIабахьа безаш бу сиха а, кхоччуш а.

Хаамийн гIирсаш дийцарехь, Оьрсийчоьнан кема охьадоьжначу метте хьажийна ву цхьа эзар сов стаг. Цара цIанйийра ю бохам хилла меттиг.

Superjet-100 олу кема дан долийна Оьрсийчохь 2008-чу шарахь «Сухой» олучу кеманаш дечу заводо. И кема гайта Iалашо йолуш дахийтинера Оьрсийчурча Iедалша Индонезе. Джакарте дIакхачале Superjet-100 сецира Казахстанехь а, Пакистанехь а, Мьянмехь а.

Цкъачунна болчу хаамашца 21 минот яьллачулла тIаьхьа, пилоташ курс а хийцина, дехар дина 1800 лакхаллийна тIе кема лахдан бакъо ло шайна, аьлла. ЦултIаьхьа радарийн экранаш тIехь гучура дIадаьлла иза. Iедалан векалша чIагIдарехь, пилоташ цу хенахь цхьана хIуманна саготта хилар хаалуш ца хилла. ХIинца цара дина долу къамелаш толлуш бу талламхой.


Индонези -- Superjet-100 олуш долу некъахойн кема лаьтташ ду Джакартерачу кеманпортехь, 09Стигл2012

Индонези -- Superjet-100 олуш долу некъахойн кема лаьтташ ду Джакартерачу кеманпортехь, 09Стигл2012

Superjet-100 олу кема а дина, шайн некъахойн авиаци ден ян гIерташ бара оьрсий. 2011-чу шарахь дуьйна дохка долийнера цара шайн керла кема.

Карарчу хенахь цу тайпа 8 кема ду некъахой дIасалелош болх беш.
Оьрсийчоьнан Iедалан векалша дийцарехь, цу тайпа 170 кема дан контракташ ю церан тIеэцна.

Оьрсийчоь дагахь ю 1000 сов Superjet-100 олу кема дан. Стохка Марсхьокху-баттахь, Индонезера Sky Aviation олу кампани реза хилира Superjet-100 олу 12 кема эца.
XS
SM
MD
LG