ТIекхочийла долу линкаш

Сурков хьошалгIа кхайкхина Кадыровс


Нохчийчоь -- Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Оьрсийчоьнан вице-премьер Сурков Владислав а.

Нохчийчоь -- Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Оьрсийчоьнан вице-премьер Сурков Владислав а.

Дагахь а доцуш, цIеххьана балхара дIаваьлла Кремлехь дош лелаш хилла волу Оьрсийчоьнан хаьлхара вице-премьер а, Iедалан аппаратан куьйгалхо а Сурков Владислав. Цу хьокъехь указ арахецна Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Амма Сурков шен лаамехь дIаваьлла бахахь а, цуьнан бахьана масийтта дуьйцу хуучара. Ша Сурков Владислава цкъачунна комментари йина яц цу хьокъехь. Амма иза Iедалера дIавалар Нохчийчура Iедална бохам хета цхьаболчарна.

Сурков Владислав, балхара дIавалахь а, иза шен ваша ву, аьлла, дIахьедар дира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Даржера дIаваьлча а, иза Оьрсийчоьнна падехь хира ву, миччанхьа а, аьлла хета цунна. Балхара хIинца мокъа волчу Сурков Владиславига, Нохчийчу садаIа кхайкхина Кадыров Рамзана. Иза гарехь тешна ву, Сурков болх боцуш вуьсура воцийла.

Iаьржа кардинал олуш хилла волу Сурков Владислав шен даржера вохарх, тергамхоша жигара комментарийш йина. Дукхачара и хийцамаш бузу, Оьрсийчоьнан лаккхарчу Iедалехь доллучуьнца.

Ма дарра хIума хууш дац, цундела, хиллачуьнна тIехь, талламаш а бой, шайна хетарг олу цхьаболчу тергамхоша. Ишшта, шена хетарг довзуьйту, нохчийн политикан тергамхочо Кутаев Руслана. Сурков Владислав балхара дIаваьккхина вац, иза ша дIаваьлла ву, аьлла тешна ву иза.

Кутаев Руслан: « Цхьа а шеко а йоцуш, со тешна ву, иза ша дIаваьлла ву аьлла. дIавалле, цо Лондоне а вахан, цигахь, дийцина, аьлла долу Кремлехь товра доцу къамел дира. Ша дIавала, оцу, хIуманна сацам бичий бен дина а дацара цо и хIума. Бхьана хIун ду, дIавала?

Схьагучу суьртаца, жимма талламаш а беш, оцу политикан семо ечу нахана гуш ду, тахана Путинс арабаьккхина болу некъ, оьрсийн маттахь аьлча «Дорога в никуда», ша кера юккъе диллина хIума санна гуш ду иза.

Кхане йоцуш а, хила йиша йоцу а некъ бу. Суна хетарехь, хIокху некъа тIехь дIабоьлхучу нахана, юхбовла меттиг а йоцуш, кхана-лама, хIокху хIуманна закъалтхо хира болуш бу. Кху юккъера со дIавала веза аьлла, Сурковс ша тIеэцна сацам бу аьлла хеташ ву со. Суна бIарга схьаван везаш стаг а вацара иза, аммма, хIинца сан ойла хийцаелла цуьнах».

Муха дерза мега, Сурков Владиславца уллера уьйранаш йолчу Нохчийчоьнан Iедална, аьлла деллачу хаттарна, ишшта жоп ло Кутаев Руслана.

Кутаев Руслан: «Къаьстина Кадыровна, иза дIавалар зе ду аьлла хета суна. Кремлехь долчу Iедалца, цуьнан тIай дара иза, муьлха а хIума тIедахьа а, кхиндерг дийца а. ТIай доьхча, кхидерг дан а хал ду, кхин некъ баккха а хал ду. Тахана, оьрсийн националисташ багаваьккхинчу Кадыровна,Нохчийчоьнна, рицкъа дIатуьйлуш ду, оьрсийшкара схьа а доккхуш бохуш хилча, мухле а».

Сурков Владислав, шен схьавалар Нохчийчуьра долчу,цкъа а лачкъийна дацара шен да нохчи хилар. ЦIера иза Дуьба оьвлара ву. шен дахаран хьалхлера 5 шо Нохчийчохь даьккхина цо. Цкъа, кхуза веъча, Абдурахманов Дукхвахас, цхьана кхеташонехь, вай долчу веана веза хьаша ву аьлла вист хилча, цо, тидам бира, ша хьаша ца хилар а, ю ша шен Даймахкехь хилар а.

Хийлуза, шен доьзалца а, хIусамненаца а, Нохчийчу садIа веана иза, балхара мокъа хан хилча. ХIинца гарехь, цунна шорта хан хила мега, дай баьханчу лаьмнашка Iа, ша Нохчийчоьнан куьйгалхочо цхьа болх цуьнга ца кховдабахь.
XS
SM
MD
LG