ТIекхочийла долу линкаш

Полисхой байина шеконехь хилларш кхелхина Аштаркхнехь


Оьрсийчоь -- полицино толла эккхийтар хилла метти, Охан-бутт 6, 2016

Астрахан кIоштахь байина Нохчийчоьнан а, Дагестанан а бахархой. Полицин хьосташа дийцарехь, байинарш шеконехь лоруш бара къоман гвардин байарна. И хаам бина кIоштанан талламан комитето.

- Байинарш бу 18 шо долу Рамзан Султанмурадов, Гумсан кIоштан вахархо; 23 шо долу Ильяс Магомедов а, Дагестанерчу Левашинан кIоштан вахархо, - хаамбира Полисхой байина шеконехь хилларш байина Аштаркхнерчу полисхойн декъо. Низамхоша чIагIдарехь, вийна шиъ тIемалойн тобанашца уьйраш йолуш вара.

Шен твиттерехь Полисхой байина шеконехь хилларш байина Аштаркхнан кIоштан губернаторо Жилкин Александрс хаамбира кху беттан 4-чу дийнахь полисхой байина 4 шеконехь хилла стаг вийна, 2 лаьцна, аьлла.

Дагадаийта догIу, Охан-беттан 4-чу дийнахь Полисхой байина шеконехь хилларш байина Аштаркхнехь некъан бохаме кхаьчча 2 полисхо вийра, цара кехаташ толлучу хенахь. Цаьргара герз даьккхина, къайлбевлира тIелатар динарш.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG