ТIекхочийла долу линкаш

Айдамиров Iайнди оьрсийн каралахь...


Швеци -- Айдамиров Iайнди Швецин Iедалшка Оьрсийчоьнан кара цавалар доьхуш меттигерчу нохчаша хIоттийна гулам, Стокгольм, 03Заз2013

Швеци -- Айдамиров Iайнди Швецин Iедалшка Оьрсийчоьнан кара цавалар доьхуш меттигерчу нохчаша хIоттийна гулам, Стокгольм, 03Заз2013

Стокгольмехь кху кΙиранашкахь шозза, гуламе а бевлла, дехна нохчаша Швецин Ιедалшка Ичкерин тΙемало Айдамиров Ιайнди Оьрсийчоьнан кара цавалар. ТΙеман баьччин Гелаев Русланан тобанехь леллачу цунах хиндерг, шеко а йоцуш, билгал ду – иза набахтехь я цига а ца кхачош хΙаллаквийр ву Кремлан ницкъаша, боху Айдамировн агΙо лаьцначу меттигерчу нохчийн жигархоша.



ХΙун лелийна Айдамиров Ιайндис Швеце а кхаьчна, цигахь тхов кΙело ехале? Мила ву иза тахана, шена тхов кΙело еха юьхькъаме хила? Оцу шина хаттарна дуьхьал, Швецина санна, вайна а оьшу жоьпаш. Цара къастайо вайгара позици а.

Интернетехула даьржина лелачу суьрташа гойту Айдамиров 2004-чу шеран гурралц, Ичкерин Дуьхьалонан дакъошкахь Оьрсийчоьнан федералан эскаршна дуьхьал тΙом беш хиллийла. Масхадов Асланца а, Гелаев Русланца а даьхна ду и суьрташ.

Деккъа оцу хьоло гойту Швецехь тхов-кΙело, Европерчу низамашца а догΙуш, цунна цалойла доцийла.

Оьрсийчоьнан кара иза цавалар доьхуш, Швецехь гуламаш латточу тобан коьртехь ву цигахь дика вевза хΙара юкъархо. Амма цо шен цΙе цаяккхар Маршо Радионе дехна хилар лараме а оьцуш, довзуьйту оха цуьнан къамел. Цо дуьйцу Айдамировх лаьцна.

Швецера жигархо: " 2008-чу шарахь кхуза, Швеце, веъна иза, кхузахь азуль ехна цо, кхузза дуьхьалоне жоп делла цунна. Миграцин урхалло, цуьнан гIуллакхе ша хьаьжна ялла боху, оцу тIехь чIагIбелла-кх уьш.Цундела тхо шекду, Оьрсийчоьнца цхьа зIе-м яц те кхеран, аьлла. Хуур ду-кх, Iазапна дуьхьал йолчу комитете а кехаташ чуделла оха. ТIаьххьара сатийсам иза бу-кх.

...Зуда а, исс бер а долуш стаг ву иза. Адамийн бакъонаш ларъян юьхьарьэцна ю Швеци а. Оьрсийчоьнан иза карацавала декхаре яра-кх".

Айдамиров Ιайнди Оьрсийчоьнан каралуш нислахь, кхеташ ду, цунах хиндерг стагга хьега хΙума дац. Амма Европехь мел йолчу нохчийн сайташа а, Швецерчу жигархоша а ца хьахош дуьту цхьа хΙума. Ткъа иза Швецина, кхечу муьлххачу а пачхьалкхана а санна, бен-башха дац.

Айдамиров Ιайндина ши шо хьалха махкара депорт ян кхайкхийна хилла Швецерчу мигрантийн урхалло. Оьрсийчоьнан кара ша цавалийта, ша-шена кхерамзалла кхуллуш, пачхьалкхарчу Ιедалх хьулвелла ваьхна иза массех баттахь. Эххар а лаьцна. Ткъа лаьцна шеца лелаеш тапча а йоккхуш.

Цунах лаьцна а дийцира Швецехь Айдамиров Ιайндина орца кхайкхош гуламаш гΙовттийначу жигархочо.

Швецера жигархо: "Герз лелоран бахьана хIун дара хьан, шега хаьттича, цо аьлла, Австрехь а, Туркойчохь а нохчий байина, цундела сайна изза дарна кхоьру со, амма ас иза Швецина дуьхаьлдоккхур хиллехь, тоьхна хир дара со лоцуш, аьлла. Цунах теша а тешна, цхьа шо ах шо бен хан а ца тоьхна цунна. Амма и хан набахтехь текхна ваьлча, даиманенна а аравоккхур ву кхузара. Зазадоккху-беттан 16-чохь цунна тоьхна хан чекхйолуш ю, хIинцале араваккха кечвина иза".

Хууш ма-хиллара, Европан муьлххачу а пачхьалкхехь хьоьгара зулам а даьлла, хьо набахте кхаьчнехь, цигара араваларцана, аьлча а, аравоккхучу муьрехь, кемана а хаавой, Оьрсийчоьнан каралуш ву Айдамиров Ιайндин хьолехь нисвелла нохчо.

Кхеташ ду, низамехь даьллачунна дуьхьал деш долу таΙзар ша Швецино а деш, иза цигахь Ιедало сацийча хир яра нийсо, Европерчу дуккха а нохчашна хетарехь. Хиндерг цкъачунна хууш дац.

Айдамировца хΙоьттина хьал дуьххьара тIехIуттуш дац Европерчу нохчашна. МаьΙ-маьΙнехь нисделла нохчашкара Европехь герз доккхуш. Даима а нохчаша даладе бахьана цхьаъ хуьлу – иза бакъдолчунна герга а ду – кхераме дац децΙерачу Ιедалша Интерполехула я кхечу кепара лаца я вен кхакхийначунна.

Цу тΙе Европа а яц вайнахана юьззина кхерамзалла латтош. Ιаьхча барзо боу, ца Ιаьхача жΙаΙуно боь, баьхначу Ιахарна а дайна, нохчаша шайн кепехь лоху шайна кхерамзалла. Амма герз кисинахь леладар дац меттигерчу низамашца догΙуш.

Муха, хΙун дан деза шен кхерамззаллах вогучу Европерчу я Ιаьмеркарчу нохчочо? Оцу хьокъехь шен хетарг довзийтира политикан диссиденталла хΙун ю гергга хууш волчу Францерчу историка, къоман диаспорех дог а лозуш вехачу Вачагаев Майрбека.

Вачагаев: "Вай жимма Iехаделла. Европе сехьадевлча паргIатоне кхаьчна вай, вайга хаьттича. Цундела вай тIех паргIатдевлла. Амма иза иштта дац - Европа ца кхетта вай маршо лоьхуш къам дуйла. Хьажам а бац диссиденташка хила ма-боггIу.

Францехь, Австрехь я Швецехь хуьлийла иза - бен ма даций, 27 пачхьалкх ма юй цхьана - Iедал бакъоларъярхойх, журналистех кхоьру, цундела уггаре хьалха цаьрца зIенехь хила веза тхов-кIело лаха веанарг.

Ахь низам дохийча, кхузарчу Iедалшна хьо араваккха ахь деш гIо ду иза. Герз лелор - низам талхор ду. Цунах кхузахь кхоьру, герз лелор, ахь иза хьайна тIе а яздина леладан мегаш делахь а. Нохчашкахь герз хилийта ца лаьа кхарна. Цундела иштаниг ца далийта хьажа веза шегара хIора нохчо.

Бостонехь хилларг бахьана долуш, массо а нохчий зуьйш ю Европа а, Iамерка а. Цундела дехьа-сехьавалар а хьожуш хила деза. Аьтто белахь шайн-шайн махкахь сацавала веза кху беттанашкахь. Ткъа ца ваьлла воьдуш велахь, зIе латто еза гергарчаьрга, хьо стенгахь ву, аэропортехь, я кхечунхьа вовшашна эшначохь тIеттIакхача аьтто хир болуш. Ямарло хила тарло кху муьрехь. ...Ларлуш хила деза-кх".
XS
SM
MD
LG