ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Сако" - нохчаллин гIарол


Урдун -- нохчийн мотт Iамош йолу тоба -Сувейле, 20Заз2013
Урдун -- нохчийн мотт Iамош йолу тоба -Сувейле, 20Заз2013

Туркойчуьрчу а, Иракъерчу а, Урдунерчу а, Шемарчу а, Европерчу мекхашкашкарчу а нохчийн гIайгIа бу шайн берашна нохчий мотт, гIиллакхаш Iамор. Урдунерчу Сувейлехь карийна и тайпа некъ.




Урдунерчу нохчаша дукха хенахь дуьйна тайп-тайпана юкъараллашкахула жигараллаш латтийна, хийрачу нахана юкъахь бехаш хиларна, нохчаллах ца боха гIерташ.

80 шо хьалха дуьйна "Кавказ" клуб ю Урдунехь. ТIаьхьо кхоллаелла нохчийн божаршна а, берашна а, зударшна а мотт, гIиллакхаш лардан гIоден кхийолу юкъараллаш а.

Амма оцу гIуллакхна дикка харжаш ян оьшу дела, дукха даккхий жамIаш а ца хуьлу цу дIахIоттамашкахь. Делахь а, нахера ахчанаш гулдан а ца гIерташ, пайде гIуллакхаш, шайн вовшашлахь таро вовшахтухий, шайн кархдерриг леладо цара.

Ишттачех тIаьххьара юкъаралла ю Суеле-гIалахь - «Сако» (битройн тайпанан гара). Шайн балхах лаьцна оцу юкъараллан жигархочо Сако МахIира дуьйцу Маршо Радионана:

МР: Шайн юкъараллах лаций дийцахьа.

Сако: Йолош тхан Iалашо яра нохчийн мотт, гиллакхаш вайнахана карладаха а, ца хуучунна Iамон а. Кегийрхошна пайде Iилманаш Iамош курсаш яхка а. Оха болх 2011 шарахь дIаболийна. ГIодеш дукха а нах бу Суелехь а, кхечунхьа а.

Урдун -- Нохчийн мотт хьохучу юкъараллан васт, Сувейле, 2012
Урдун -- Нохчийн мотт хьохучу юкъараллан васт, Сувейле, 2012
МР: Аьтто хуьлий?

Сако: Нохчийн фольклоран базарш хIиттайо, масала, «Мархин беттан» базар олуш а, «бIаьстенан базар» олуш а. Цу базаршкахь, нохчийн култура а, фольклор а, нохчийн кхача а, мерзалгаш а хуьлура нахана йовзийта. Цул сов, Туркойчохь цхьана гайтаме векал а вахийтира Сако юкъараллин цIарах.

ХIора шинарий дийнахь нохчийн берашна Iаьрбийн мотт Iамабо юкъараллехь Шишани Асхьаба. Асхьаб нохчо хиларна, Iаьрбийн мот Iамон атта хуьлу берашна. Вуьшта, шо хьалха нохчийн мотт Iамабора Урдунерчу нохчашна Шишани Мавалида а. Оцу курсе лелаш 30 стаг вара. Царалахь дара бераш а, зуданий а, цул совнаха вара массех чергази а, 3-4 Iаьрби а.

МР: ТIейогIучу ханна лерина Iалашонаш юй шун?

Сако: Кхин а цхьа нохчийн меттан курс йолон дагахь ю юкъаралла. Нохчийн хIума дерриг а нахана дика девзаш хилийта лаьа тхуна.


Урдун -- Сувейлехь нохчийн базар, 2013
Урдун -- Сувейлехь нохчийн базар, 2013
МР: Нохчийчуьрчу Iедалца цхьа юкъаметтигаш юй шун, гIо доьхий аш цаьрга?

Сако: ХIан-хIа. Юкъаметтигаш яц. Политикана гена Iаш ю юкъаралла, Суна ала луург, нохчийн мотт Iалашбан беза. Меттан курсаш яхкаран бахьана - кхузахь мотт гIеллуш бу, сауьйзуш бу. Вай мотт Iалаш ца бахь, бовр бу, ткъа вай нохчаллах къаьстар ду.

Сакъо, ДегIастанера Гиланара Битройн тайпанах схьадаьлла гара ду. СакогIара дерриг до шаьш долучохь болу нохчий вайнехан гIллакх-гIуллакхна герга латторхьама. Цара цу юкъараллана елла хIусам а ю церан дайх йисина гIишло. Дудаев Iедале хIоьттийча, Сако цIийнан нах дукха дIаихира ДегIастана. Цигахь тIом болабелча, царех дийнабисинарш Урдуне юхабаьхкира.
XS
SM
MD
LG