ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь кеста машар хир болучух тера дац


Jordan -- UN-Arab League peace envoy for Syria Lakhdar Brahimi speaks to the media during his visit to the Al Zaatri refugee camp in the Jordanian city of Mafraq, near the border with Syria, 18Sep2012
Jordan -- UN-Arab League peace envoy for Syria Lakhdar Brahimi speaks to the media during his visit to the Al Zaatri refugee camp in the Jordanian city of Mafraq, near the border with Syria, 18Sep2012

Шемахь марсабевлла боьлхучу тIемаша сагатдойту дуьненах дог лозучийн. Бен-башха хуьлийла дац цигара хьал нохчашна а - 150 шо сов хьалха, оьрсаша гарадаьккхича, нохчийн къоман цхьа дакъа даха сецна мохк бу Шема. Кеста машар буссур болучух тера дац цигахь.

Шемара хьал машаре дIалиста, аьлла, Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн
организацино оцу махка хьажийначу геланчин Ал-ИбрахIими Лахдарин
Шемарчу Iедалца а, гIаттамхошца а хьалхо хиллачу къамелаша кIезиг дегайовхо юьтура оцу махка паргIато кхочур ю бохучух.

ХIинца цо, и чолхе хьал атта цхьана хорша доьрзург цахилар гойтуш, дIахьедар дина. Деношкахь Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн организацехь, Шемара хьал дийцаре деш, цигара сурт довзийтира Ал-ИбрахIимис пачхьалкхийн векалшна.

Ал-ИбрахIимис зорбанан хьостанашкахула Iора даьккхира къаьмнийн векалша дина жамIаш.

Ал-ИбрахIими: "Шемара хьал чIогIа кхераме хиларан цхьа а шеко яц. ХIора денна чIагIлуш ду цигара ледара хьал. Юккъерчу Малхбалера а, дуьненаюкъара а машар талхабал кхераме ду Шемара хьал".

Шемарчу Iедало юьйцу реформа тоьар яц гIаттамхой тебан, элира Ал-ИбрахIимис кхин дIа. Гергарчу заманчохь а и аьтто бер бу аьлла а ца хета цунна. Делахь а, ша гонахарчу пачхьалкхех дага а волуш, хьожур ву шега далург дан, жимма хан яьлча, дика жамIаш долуш, чаккхе хир ю, аьлла хета геланчанна.

Президента Асад Башара ша ца хуьлучу даьлча, коьрта гIала Димашкъ а лаьттах
дIашарйийр ю, бохуш до дIахьедарш. АлибрахIимис доху дог а, Асада дуьйцурга а дац цхьанадогIуш. Асад Башаран дIахьедарша шерра дIагойту цуьнан къиза го Iедал атта охьадуьллур долуш боцийла.

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG