ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчий а, гIалгIай а, «хIай, АллахIан леш, чIагIлолаш» цIейолу тIом а


Шемахь гIаттамхоша Димаьшкъанна шаьш деношкахь долийна тIелатар даржале цигарчу чуьрчу мехкашкахь, шахьарна 30-40 чаккхарма гергахь латтош хилла Оьрсийчоьнан тIеман полици дехьаяьккхина Туркойчоьнан дозане.

Церан могIарахь болу Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а полисхой хIинццалц лаьттинчу меттигашкахь йолийна Шемарчу гIаттамхоша кху беттан 19-чу дийнахь «ХIай, АллахIан лай, чIагIлолаш» цIе йолу операци.

Къилбаседа Кавказан сервисан аьтто белира Димашкъарчу Джобар агIонехь лаьттачу гIаттамхошца къамелдан. Хаабеллий шуна шайна дуьхьаллаттачаралахь Оьрсийчуьра полисхой, аьлла, деллачу хаттарна жоп луш, цара элира: «ТIом бирзина бац, ала хала ду, мила, мел вийна…Бакъду, Асадехьа тIемаш беш дукха ду арахьара даьхкина эскарш, Джобарехь царех бала а белла дукха».

Кхечара тIом бечу юкъанна, оьрсийн эпсарш Асадан эскарша дIахьочу Iаморашна тIехьовсуш Iа.

Кхечара тIом бечу юкъанна, оьрсийн эпсарш Асадан эскарша дIахьочу Iаморашна тIехьовсуш Iа

​ГIаттамхоша дийцарехь, Асадехьа тIемаш бечийн дакъошлахь бу ОвхIанистанера а, Иракъера а, Либанера а шиIатой – тоьшалла ду эскаршкахь радиоканалашкахула лела къамелаш. Оьрсийчоьно («70 процент хила тарлуш») Асад а ларво, цунна кеманашца гIо а до, боху гIаттамхоша.

Шемахь тIом болабелчхьана шен 28 вахархо цигахь кхалхар тIечIагIдина Оьрсийчоьно. Дукха хьолехь баларш цхьа хан яьлча бен ца довзуьйту тIеман министралло. РБК-но а, Conflict Intelligence-со а кхаарийдийнахь 9 Оьрсийчуьра эскархо вийнийла хаийтина, уьш доккхачу декъанна бу Нохчийчохь а, Донбассехь а тIемаш биначех.

Амма цкъачунна Шойчу Сергейн урхалло ца хаийтина официалехь оцу эскархойх дерг.

Оьрсийчоьнан полици Шемарчу кхечу метте дехьаяккхарх

Латакиа – Алеппо – Димашкъ

Юхьанца тIеман полици (доккхачу декъанна нохчех лаьтташ йолу) 2016 шо довш Латакиарчу оьрсийн тIеман базе йигира. Дукха хан ялале Алеппо кхачийра, ДАIИШ-ера яьккхина и гIала ларъяйта а, минанех цIанъяйта а буьгу, аьлла.

Ткъа цхьа дакъа кхо бутт гергга хьалха хьажийра Димашкъа. Шемарчу оппозицино беш хиллачу хаамашца, цара Iамораш дIахьора мехкан шахьарахь. Оьрсийчоьнан «тоьлла эскарш» гIаличу далор Iаьрбаша дузура оьрсашний, гIажарошний юкъа Iедал къовсуш тIемаш боьлла бохуш хIетахь даьржинчу эладитанца.

Бахначу баттахь Шема тIеман полицин кхин а цхьа батальон а хьажийра – иза яра ГIалгIайчуьра. Таханенна лаххара а вайнехан ши батальон лаьтта Аллеппохь а, Димаьшкъна гергахь а.

Тергамчаша дийцарехь, гIалгIайн батальон Палмирехь лоьтуьйтуш ю ДАIИШ-ах. И мохк баьккхира жихIадхошкара ши кIира хьалха. Хилла дакъалоцуш тIеман полици я ца хилла дуьсу билгалдалаза.

«Сергайехь севцца, цигара бахархой дIа а лаьхкина»

«Сергайехь севцца, цигара бахархой дIа а лаьхкина»

​Пачхьалкхан Думин кхеташонехь тIеман министро Шойгу Сергейс хаамбира, Оьрсийчоьнан шина тIеман полицин батальонах цхьаъ лаьтта Алеппохь, важа Барады хица (Димашкъанна 30 чаккхарма гергахь) лаьтта, аьлла.

Шойгус и аьллачу шолгIачу дийнахь интернетехула даьржира цIен береташ а, "МР" (military police –тIеман полици) йоза а пхьаьрсаш тIехь долчу эскархойн суьрташ. Вади-Барадерчу Сергайа юьртахь даьхна дара уьш. Царна тIехь цхьаберш бара берашна «Оьрсийчоь шуьца ю» йоза тIехь долу кхачанан тIоьрмигаш боькъуш. Eldorar портало даржийра, суьрташ тIеранаш гIалгIай бу, аьлла.

XS
SM
MD
LG