ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара бераш вуно халачу Iазапехь дохку


Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин берашна леринчу Фондан (ЮНИСЕФ) талламо гойту ялхалгIачу шаре баьлла боьдучу тIамо Шемарчу берашна стохка даккхий зенаш дина хилар.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин берашна леринчу Фондан (ЮНИСЕФ) талламо гойту ялхалгIачу шаре баьлла боьдучу тIамо Шемарчу берашна стохка даккхий зенаш дина хилар.

2016-чу шарахь цIеххьана совдевлла бераш дайар, царна дараш дар, уьш ерриг а Шемахь тIамна юкъаийзор.

- Лаххара а 652 бер дийна, лурчахчул 20 % сов.

- 255 бер дийна шаьш доьшучу школашкахь, я царна гергахь.

- 850 бер тIамна юкъаозийна, лурчахчул 2-зза сов. Берех пайдаоьцу тIемалойх санна, я цаьрга чалтачийн декхарш кхочушдойту. Иштта, бо царех лелха арабовлу шахIидаш, набахтешна тIехьовсурш.

- Лаххара а 338 бер дийна дарбан цIеношна, лоьрашна дуьхьал динчу тIелатаршкахь.

Шемахь халчу хьелашкахь бисина 2,8 миллион нах, лаьмнашкахь, тIекхача хала йолчу меттигашекахь уьш бехаш хиларна, царалахь ду 280 000 бер, ца кхочу царна тIе гуманитаран гIо.

6 миллион беран дахар дозу царна гуманитаран гIо тIекхачорах. Ткъа 12-за лахара дара и терахь 2012-чу шарахь. Дукха берашна дезна шаьш деха меттиг хийца, доккхахчу декъанна – 7-за. Туркойчохь, Либанехь, Урдунехь, Мисарахь, Иракъехь деха Шемара 2,3 миллион бер-мухIажир.

(ЮНИСЕФ-ан пресс-релиз)

XS
SM
MD
LG