ТIекхочийла долу линкаш

Луларчу пачхьалкхахула баржа кхерам бу Шемара тIом


Либан - Бейрутехь ши ракета иккхинчу меттехь таллам беш бу кхерамазаллин ницкъаш, Стиг 26, 2013

Либан - Бейрутехь ши ракета иккхинчу меттехь таллам беш бу кхерамазаллин ницкъаш, Стиг 26, 2013

Шемара конфликт Либане дехьа яла мегаш ю аьлла, дIахьедар дира кху деношкахь Iамеркан пачхьалкхан департаментан векло Вентрелл Патрика.

Цунна тоьшалла ду Триполехь а, кхин йолчу а Либанерчу гIаланшкахь хуьлуш долу тасадаларш аьлла хета цунна. Либанера сунниташ Шеман оппозицина гIортор еш бу, ткъа ХьезболлахI тобан декъашхой а, алавиташ а тIехIиттина бу Шеман президентан Асад Башарана. Шемара хьал шен тидамехь латтош ву тхан Амманера корреспондент Бакир Iабдулхьамид.
XS
SM
MD
LG