ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алеппо: Мила ву алссам къилахь, Асад, Путин?..


Хетарехь, Асадан режимана а, цунна дуьхьаол тIом бечу тайп-тайпанчу гIаттамхойн тобанашна а уггаре а мехалох гIала яра Алеппо. Шемин Неврехь Iуьллуш йолчу цу гIалахь тIом болабалле вехаш шиъ ах миллион сов адам дара.

Ши эзар ах эзар шо хьалха дуьйна историн хьостанашкахь хьехош хилла йолу и шира гIала адамаллин историн ларш шеца йолу тамашийна хIоллам хилла ца Iаш, бусалба динан уггаре а тамашийначех хазна яра. 637-чу шарахь цIарна цIеяхханчу Халид ибн Валида куьйгалла дечу Iарбийн тобанаша ша схьаяьккхичахьана бусалбачийн уггаре а сийдолчех тушпхьа хилла лаьттина а яра и гIала, шена чохь ислам-динан архитектуран а, исбаьхьаллин а хIолламаш бIеннаш шерашкахь ларйина йолу.

Ткъа карарчу хенахь цу адамийн говзалло кхоьллинчу тамашех херцарш бен ца йисна, 2012-чу шарахь дуьйна хаддаза тIемийн майда а хилла лаьттинчу Алеппохь. Амма гIишлошна а, гIалин бахамашна а хилла а, хуьлуш лаьтта а зе хIуммаъ дац цу чохь дехачу адамийн баланашца дуьстича.

Немцойн Шпигел журнало карладоккху, цу гIалин бала дIа муха болабелар бохург. „2012-чу шеран аьхка дуьйна тIом ца сецначу Аллепон Малхбалера дакъа хIетахь дуьйна «Джебхат-ан-Нусра» а, „Ахрар аш-Шам“ а, иштта цхьа могIа кхин, жимахчу тобанийн а карахь яра. Ткъа цу гIалин бахархойн терахь 2,5 миллион тIера I миллион стаге кхаччалца лахделлера, шайн кадолург водуш, вада ка ца даьлларг вуьйш я валаран-висаран зил тIехь шерашкахь вехаш волуш“, - иштта яздо журнало.

Делахь а, кху деношкахь оьрсийн эскарший, Асад Башаран куьйгакIеларчу эскарший гIаттамхошкара Алеппо схьаяккха Iалашо а хIоттийна, гIалина го бича хIоьттинарг санна инзаре хьал цу гIалин бахархошкахь хIоьттина дацара тIеман деа шарахь.

Дахначу аьхка товбеца баттахь Асадан эскарша гобича дуьйна цкъа маллуш, цкъа марсабовлуш схьадогIучу тIеман тассадаларшкахь хIинцале а бIеннашкахь маьрша нах баъйина, церан нийса терахь адамийн бакъонашларйархой а, журналисташ а гIала кхочуьйтуш ца хиларна хууш дац.

Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн мухIажарах йолчу хьукмато масех сахьт хьалха далийначу терахьца, 40 эзар стаг карарчу мIаьргонашкахь ведда, гIаличура аравала кадаьлла.

Аьлча, Аллепон тIамо лаьцначу Малхбалера цуьнан Малхбузенерчу, мелла а машаречу декъе. Цхьаьнакхеттачу къамьнийн векал волчу Грейг Скотта журналисташка дийцира, тIамах кIелхьарбевллачу Аллепон бахархоша шайн хьукматан белхахошка дийцинарш инзаре къиза сарташ дара, бохуш.

„Оха интервью эцначу Алеппон Малхбалера бевдинчара дуьйцу цигахь лаьттачу абсолютечу бохамах а, хаосах а лаьцна“, - иштта дахкадо Греган дешнаш Германерчу GMX агенталло.

„ТIаьхьарчу мIаьргонашкахь дуьненан юкъаралла хьагеро кадаьккхира, Оьрсийчоьнний, Туркойчоьнний юккъехь барт а бина, тIамо дуьненах хадийна хилла болчу иттанаш эзарнаш нахана эвакуаци ян сацам бан.

Амма и барт кхочуш ца бахь, и инзаре хьал кхин дIа а эрча дер долуш ду“, - бохуш яздира кхаари Iуьйранна Вашингтон Пост газетано. Амма кхаари сарахь кхеташ ма-хиллара, Алеппохь тIемаш совцорах а, маьрша нах а, тIемалойн тобанаш а арайовлийтарх а болу барт боьхна.

Шемарчу хьолана тIехь тергам латточу Лондонерчу адамийн бакъонийн терго яран Кхеташоно бечу хаамашца, ша дIалаьцначу кIоштанашкахь къиза таIзарш латтош бу Асадан эскархой, бераш а, зударий а, тIемлой а ца къастош, ткъа социалан машанашкахь даьржаш ду цара байъинчу нехан сарташ.

Цу юкъана Нидерландийн а, Германин а урхаллаш Асад Башаран режимца нийса бехке хета Алеппохь лаьттачунна Оьрсийчоьнан куьйгалла а. Немцойн канцлеран Меркел Ангелин пресс-секретар волчу Зайберт Штефана кхааран сарахь леринчу брифингехь дIахьедира, цу гIалин ирчачу кхолламна Кремл а ю бехке, аьлла.

„Тхуна хаа, Малхбалера Алеппо сел къа ца хеташ хIаллакйийр яцара режимо, Оьрсийчоьно иштта комаьрша шена гIо деш дацахьара“, - элира цо.

Шен рогIехь Нидерландийн арахьарчу гIуллакхийн министро Оьрсийчоьнан, ГIажарийчоьнан ши векал тIе кхайкхинера, цаьршинге Алеппора хьал бахьана долуш протестан нота кховдорхьама.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG