ТIекхочийла долу линкаш

Шеман Iедалша дIаьвше герз лелор гучудаьлла Iамеркана


Шема -- Латакиа-провинци, Шеман Iедалша дIаьвше герз лелийна аьлла хета Iамеркана, 25Стиг2013.

Шема -- Латакиа-провинци, Шеман Iедалша дIаьвше герз лелийна аьлла хета Iамеркана, 25Стиг2013.

Iамерко таллам бича гучудаьлла Шеман Iедалша мосуьйттоза дIаьвше герз лелийна аьлла хаам бина Вашингтоно. Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Обама Барака хьалхо хаам бинера, дIаьвше гарз лелор «цIе сиз» ду Iамерка Шемарчу конфликтана юкъаозор алсам доккхуш долу аьлла.

Iамеркера и хаам кхаьчна Шемара гIаттамхой кхузамахьлера герз лоьхуш а болуш. Кху деношкахь царна хаъала эшам хилла, ГIажарийчура тIемалой а, ХIезбаллахI тобан тIемалой а юкъахь болчу Iедалан ницкъашкара.

Iамеркан президентан Пачхьалкхан кхерамазаллехула волчу хьехамчан когаметто Родс Бена дIахьедар дина, шайна теша мегар долчу хьосташкара хаамаш кхаьчна Шеман Iедалша дIаьвше герз лелийна хиаларх лаьцна аьлла. Дуьйцург ду адам меттах ца долуьйтуш, иза иэгIош долу Iедалша, къеззиг лелийнехь а, лелийна долу зарин.

Родс динчу дIахьедарехь аьлла ду, мел лаххара а 100 - 150 стаг велла Шемахь дIаьвше герз лелорна аьлла. Цо дийцарехь, гIаттамхойн ницкъаша изза дина аьлла тоьшаллаш дац.

И хаам бинчул тIаьхьа цхьаболчу Iамеркан конгрессменаш кхайкхам бина, Iамерко гIаттамхойн тIемалошна катоьхна зенитан ракетийн комплексаш ялаеза аьлла. Шеман оппозицин лидерша а кхайкхам бина Iамерке сихха зенитан яккхийн тоьпаш а, кхин долу а герз лахьара шайна аьлла.

ХIинццалц Iамерко Шема дохьйтург дара тIамца доьзна доцу гIо-накъосталла. Цхьаболчу хаамашца Шемарчу гIаттамхошна герзаца гIо деш ерг ю сунниташ беха Сауди Iаьрбийн пачхьалкх а, Катар а, Туркойчоь а.

ДIайоьдуш конфликт а йолуш, Шемарчу Iедалшна герз духкуш ю церан дукхахенахь дуьйна бертахо йолу Оьрсийчоь.

Хьалхо Шемахь Iедалша дIаьвшен герз лелийна гIаттамхошна дуьхьал аьлла хамма бира Францино а, Британино а. Дукха хан йоцуш цу шина пачхьалкхан аьтто белира Евроберто Шемарчу гIаттамхошна герз дохкар хьокъехь кхайкхийна эмбарго дIаяккха.

Шемарчу оппозицина герз дохкар хьокъехь сацам бийр бу Вашингтоно мел хьекъеле ю цу тайпа гIулч бохучу хаттарна жоп лохуш Обаман администрацехь дебаташ хиллачул тIаьхьа. Цхьаболу Iамеркан Iедалхой саготта бу эххаре а и герз Ал-Кхайдин декъашхошка кхача мега аьлла.

Вашингтонехь зорбан конференцехь вист хуьлуш, Iамеркан президентан Пачхьалкхан кхерамазаллехула волчу хьехамчан когаметто Родс Бена дIахьедар дира Цхьаьнатоьхна Штаташ кийча ю гIаттамхошна хIинццалц ша динчуьнан барамца дуьстича кхин чулацам болу гIо дан аьлла.

Родс Бен: «Президенто сацам бина мелла а алсам оппозицина гIо дан. Иза кхочуш деш нисса дIа оппозицин Лаккхарчу тIеман кхеташонна гIо дан дезар ду. Цу юкъадогIуш ду тIеман гIирсаца гIо дар а.

ЦхьамогIа бахьанаш хиларна, сан олийла дац муьлхачу кепара гIо дийр ду оха, амма юха а бах аса, аьлча тоьар ду, иза хIинццалц Лаккхарчу тIеман кхеташонна динчух къаьсташ хир ду аьлла».

Родс тIетуьйхира Шемахь дIаьвше герз лелийна хиларх лаьцна хаам бина шаьш Оьрсийчоьне аьлла. Цо дIахьедар дира Оьрсийчоь а, дуьненаюкъараллан массо а декъашхо а саготта хила веза Шемахь дIаьвше герз лелийна хиларна аьлла.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло бинчу хаамца, ши шо сов хьалха Шемахь конфликт йолаелчхьана дуьйна цигахь вийна 93 эзар стаг.
XS
SM
MD
LG