ТIекхочийла долу линкаш

Президент Обама: Шеманна тохар дар тIаьхьататта мега Iамерко


Iамерка -- Телевизионехула къамел деш ву Обама Барак, 10Гезг2013

Iамерка -- Телевизионехула къамел деш ву Обама Барак, 10Гезг2013

Шемара дIаьвше герз дуьненаюкъаралле Iуналла дайта дIадала деза аьлла Оьрсийчоьно дина хьалхататтар некъ карор хила мега аьлла Iамеркан президенто Обама Барака.

Цунна хетарехь, иза дича Цхьаьнатоьхначу Штаташа цхьана ханна тIаьхьататта мега Шеманна тохар дар. Цу дIахьедаро сатийсам кхоьллина дуккха а Шема-пачхьалкхехь Iамерко тIеман опtраци дIаяхьарна дуьхьал болчу неха.

Iамеркерчу масийтта телеканалана интервью луш, Обама Барака элира, тохар, цхьа а шеко а йоцуш, тIаьхьатоттур ду шаьш, нагахь Асад Башаран Iедало шен дIаьвше герзан тIехь Iуналла дар дуьненаюкъаралле дIалахь аьлла.

Обама Барак: «Шемарчу режимо даре дина хIинца, и герз шен хилар. Цул сов, иза лелор доьхкучу дуьненаюкъарчу конвенцина юкъабаха а дагахь бу уьш. Цкъачунна дукха хьалхе ду цара дуьйцург хир ду ала. Муьлхха а барт беш вай тешна хила деза Асадан режимо шена тIелаьцнарг кхочуш дийра ду аьлла.

Амма и хьалхататтар, ницкъах пайда а ца оьцуш, дIаьвше герз лелоран кхерам дIабоккхуш кхиаме хила аьтто болуш ду. ХIунда аьлча Оьрсийчоь Асадан уггаре а ницкъ болу бертахо йолун дела».

Цуьнга хьажна доцуш, Обамас элира ша омра делла Iамеркан эскаршна, нагахь дипломати кхиаме ца хилахь, Асадана тIеIаткъам бан кийча хила аьлла. Кху беттан 9-чу дийнахь йовзийтинчу Оьрсийчоьнан планаца а догIуш, Шема хьажор бу дуьненаюкъара тергамхой, тIаьхьо хIаллак дийр долу цу махкара дIаьвше герз шайн Iуналлан къел эца. Димашкъ реза хилла цу плананна.

Обамас элира, Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца цхьанакхетарш а дийр ду ша, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан кхерамазаллин кхеташонан резолюци кечйеш шайн бертахошца Францица а, Британица а цхьана Оьрсийчоьнца а, Китайца а дага девр ду шаьш аьлла.

Iамеркан пачхьалкхан секретар Керри Джон Еарин дийнахь цхьаьнакхета дагахь ву Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министрца Лавров Сергейца.

Вашингтоно дIахьедарш до, Асадан режимо Димашкъан йистехь Iуьллучу кIоштIашкахь гIаттамхошца кIийсам дIахьош зарин олу дIаьвше герз лелийна хиларан тоьшаллаш ду шайгахь бохуш. Iамерко далочу терахьашца, и бахьана долуш вийна 1400 гергга стаг. Царах 400 бер ду.

Телевизионехула вист хуьлуш Обама Барак дагахь вара Iамеркан юкъаралла тешо гIорта Шемарчу режима тохарш дар Цхьанатоьхначу Штатийн кхерамазалла ларйеш оьшуш хиларх. Цуьнан метта Обамас элира, ша дехар дина конгрессан куьйгалхошка «ницкъах пайда эцарх лаьцна долу хаттар дийцар тIаьхьататта, дипломати лелон меттиг йисийта аьлла.

Делахь а цо шен къамелехь алссам дийцира Шеманна тохарш дар хIунда оьшуш ду бохучух лаьцна.

Обама Барак: «Нагахь вай хIумма а ца деш Iахь Асадан режимана бахьана гур дац дIаьвше герз а ца лелош Iад Iан. И герз лелор дехкар дохош хилча кхечу тиранаша а дукха ойланаш йийр яц и герз шаьш оьцуш а, иза лелош а. Хена йохалла вайн эскаршна дуьхьал лело а там бу дIаьвше герз. Ткъа терроран тобанийн аьтто бала мега и герз эца а, иза маьрша бахархошна дуьхьал даккха а».

Обамана хетарехь, хIумма а ца деш Iаро ир-кара хIотто мега, Малхбузено зарратан герз дан гIертарна бехке еш йолу Шеман бертахо ГIажарийчоь.

ХIуа а хилахь а Iамеркан эскарш Шеман территори тIе девр дац, ткъа тохарш билгалъяккхина хан а, барам а болуш хир ду элира Обама Барака.

Цхьаболу Iамеркан Iедалан векалш Оьрсийчоьно лелош дерг хан яхъян лелош хила мега аьлла шеко йолуш а болуш, гуш ду Шемах лаьцна резолюци кечъян атта хирг цахилар.

Шинарин дийнахь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацехь Францино кечйинчу резолюцин проектана шаьш реза ца хилар хаийтира Оьрсийчоьнан векалша. Кхечара хоьтту, тIеман гIурт боьдучу махкара дIаьвше герз ара муха доккхур ду бохуш.
XS
SM
MD
LG