ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дамаскан университет Нохчийчохь


Шема -- Дамаск, маьждиг
Шема -- Дамаск, маьждиг

Дамаскан университетан президент волчу доктор Мухьамад Хьасан Аль-Къурдис дIахьедина шен университетан филиал Нохчийчохь схьаялла лаам хилар. Пачхьалкхан Думан депутаташца хиллачу цхьаьнакхетарехь, цо элира “шен МГУ-ца ма-барра дуккха а Оьрсийчоьнан университеташца барт бан лаам бу, аьлла.” Иштта цунна лаьа Татарстанерчу а, Нохчийчуьрчу а университеташца барт бан, Шемахь хьоьхург “радикале боцу динан хьежам хиларна.”

Аль-Къурдис даре дарца, “со кхайкхина Дамаскан университетан филиал Нохчийчохь схьаяла, амма цу хьокъехь оха хIинца а сацам ца бина” .

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG