ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

НАТО кийча ю Шемина тIелата


Дуьненаюккъера хIорд --францойн заррат авиалелоран хинкема "Шарль де Голль" лаьтта Тулон-портехь, 28Мар2013
Дуьненаюккъера хIорд --францойн заррат авиалелоран хинкема "Шарль де Голль" лаьтта Тулон-портехь, 28Мар2013

Шемарчу хьоло гараяьхна дуьнентΙерачу политикийн ойланаш. Цхьаболучарна хетарехь, НАТОно сихха тохар дан деза мохк цΙийла керчош Ιечу президентан Башар Асадан Ιедална. Кхечара, иза дан ца догΙу, Асад вохийча, мохк зуламе кхетам болчу бусулба нехан карабоьрзур бу, боху. Оцу юкъанна Ιамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн хΙордкеманаш ду Шемина герга ийзалуш. Малхбалехь хΙоьттинчу хьолах лаьцна артикл кечйина Маршо Радион корреспондента Маер Хезера.




Президента Обамас пурба даларцана, Шемахь тΙеман барамаш боло кийча ду шен эскарш, аьлла, дΙахьедина Ιамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн тΙеман министра Хейгел Чака.

Ткъа дуьненан пресса дол дохкуш Ιа, НАТО-н операци йолаяла тарло хΙинца, лаххара а, кху кΙиранах, бохуш.

Министра Хейгел Чака Би-Би-Си-агенталле иштта элира.


Хейгел: «Варианташ йолуш ю. И варианташ юьхьараэца кийча ю Цхьаьнатоьхначу Штатийн тΙеман департамент. Уьш кочушъян юьйлаяхь, дуьненаюкъарчу тхайн уьйрашца цхьана кхочуш а йийр ю».

Нагахь санна Ιамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ коьртехь а йолуш, Шема тΙеман интервенци йолаяхь, и муьлхачу кепехь, барамашкахь хила тарло?

КΙайчу цΙийнан администрацин векала шинарийдийнахь Рейтер-агенталлана ша еллачу интервьюхь хаам бина, Обама Барак цкъачунна сацам банза ву, аьлла. Амма Эн-Би-Си Ньюс-хьостано даладо ша вовзуьйтуш воцчу Ιамеркан президентан гонерчу лаккхарчу хьакаман дешнаш. Кхаа денна лерина тохарш Шемина дийр долуш ду, уьш кху еарийн дийнахь доладан а мега, боху цо.

Ιамеркан диъ тоьллачех долу хинкема ду Дуьненаюккъерчу ХΙордаца долчу Шемин дозанашна герга оьзна, шайца «Томагавк»-ракеташ а йолуш, буьйр даларцана тΙелата кечдина.

НАТО-хь болх беш ву Ιамеркан Штатийн президентна гергахь даккхий даржашкахь лаьттина Барри Павел. Цо а лору хΙаваэхула операци йолон сахьташ дисина хила тарлуш.



Барри Павел: «Иза хΙаваэхула кхочуш ен кампани хила мега, ракеташца тохар дан тарло. Цуьнан йохалла, Ιалашонаш, кхидолу хьесапаш президента дийриг хир ду».

Къайчу ЦΙийно шинарий дийнахь дΙахьедина, Шемара Ιедал хийцар Ιалашенехь дац, аьлла.

Хьалха кΙиранашкахь Шемахь тΙемаш бечу гΙаттамхошна тΙехула кемаш ца лоьлуьйту зона хΙоттон гΙоьртира НАТО. ХΙун хилла цунах?

Шемарчу хьоло аьтто ца ло альянсана кхоччуш мехкан стигал шен долаерзо. Асадан карахь хΙаваан ницкъаш алссам бу. Ткъа цига а кхаьчна, цигахь юьстахарчу авиацина дуьхьалоечу гΙирсашка шайн кеманаш дохадайта лаам Штатийн бац. ОвхΙанистанехь а, Иракъехь а болийна тΙемаш бахбаларца шена бале а бевлла Ιечу Ιамеркана, сихха кхочуш а хуьлуш, шен ницкъашна зен хир доцу гΙулч яккха лаьа Шемахь.

Шемана герга лаьтта Ιаьмеркан авиабазанаш ю Туркойчохь. Амма уьш тоаме а ца хилла, эскарш кхобу меттигаш шоръян эшначохь проблема хΙутту Штатийн. Урдуно а, Иракъо а хаийтина, шайн лаьтта тΙехь Ιамеркан салтий гойла шайна ца лаьийла. Цул совнаха, нехан кеманаша шайн хΙаваъ цоьстийла а ца лаьа шайна, боху цара.

Уггаре хьалха Шемин Ιедало шен химин герзаш кхобу меттигаш хΙаллакъян луур ду НАТОна. Ткъа тΙе геннара дΙа ракеташ а етташ, уьш хΙаллакъяр данне а дац бΙегΙийла. И болх бан хΙета а, вета а оьшур ду Шема эскарш хьажон.

Энгел Элиот демократашлара депутат ву Цхьанатоьхначу Штатийн Векалийн Палатехь. Цо иштта боху:

Энгел: «Дера цхьамо а-м ца боху цу лаьтта тΙе салти воссаве. Цхьаммо а. Суна хаьа, цига ког баккха аьттехьа а мегар доцийла».


Штатийн Векалийн Палатехь арахьарчу гΙуллакхийн комитетехь болх бечу Энгел Элиотца дагавелира оьрштдийнахь пачхьалкхан секретарь Керри Джон. Цундела хьал уллера а девзаш ду цо ден къамел.

Энгел: «Асадан хΙаваан герзаш гΙелдан дукха некъаш бу. Шемел арахьа ракеташ латтон цунна дехкар, шен къам хΙаллакдеш герз стигал доху меттигаш а, кеманаш гΙовтту некъаш а дохор, герз, кеманийн, танканийн ягориг чохь кхобу меттигаш хΙаллакъяр. Дукха ду, эскарш латта тΙе диссон а ца оьшуш, далуш. Цхьа а вац салташка латта хьоьшуьйту тΙом айбан лууш».

ХΙун аргументаш ю Ιамеркан Штатийн тΙамехьа я цунна дуьхьал ялош?

Уггаре а хьалха НАТО тΙом ца бича ца йолуьйтуш ду химин герз Шемахь дисийта торуш дацар.

Ткъа тΙамна дуьхьал аргумент ю, оцу тΙамо ерриг а Малхбале дΙалаца мегаш хилар.

Хир-м яц Ιамерка цхьалха, шенна-м буьсур бац те цунна Шемахь болийна тΙом?

Францин президента Олланд Франсуас, масала, маситтаза хаийтина, шаьш Асадна бехк боцу шемахой газаца хΙаллабар дита лерина доцийла. Олландна гучу некъашлахь ду Шемарчу гΙаттамхошна гΙодар, хΙаваэхула тохарш долор, экономикан санкцеш Асадна дуьхьалъяхар. Штаташа цига ницкъаш хьажош хилахь, церан декъагΙур ю Франци, аьлла цуьнан президента.

Ιамерко къасттийна некъ ша къобалбийр буйла хаийтина Ингалсенан премьер-министра Кэмерон Дэвида а. Сацамаш бар диллина Ингалсерчу Ιедало шен еарий дийнахь хила езачу кхеташоне.

Германин канцлера Меркел Ангелас къамелаш дина Францин а, Ингалсенан а лидершца. «ДоггΙу жоп дала деза» Шемина, бохучу маьΙнехь дара Меркела Олландца а, Кэмеронца а телефонехула дΙадаьхьна дийцарш. Амма дукхахболу немцойн политикаш а, могΙара нах а дуьхьал бу Шемица тΙом болорна. Бахархойн лаам теллинчу статисташа бахарехь, 69 процент немцой реза бац шайн пачхьалкх Асад къарвечу тΙама юкъагΙертийта.


Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацех дерг аьлча, иза парггΙат Шемарчу Ιедална дуьхьалхΙотта, я тΙамца йист яккха гΙорасиз йо Асадца гергарлонехь йолчу Оьрсийчоьно. Иштта цуьнгара ницкъ, шен вето а тухий, дΙабохуш схьайогΙу Китай а. Амма кхидΙа дуьненан юкъаралле а ца хоьттуш, тΙом боло а сахьт дац НАТОно.


Муха хир ю Асадехьа йолчу Оьрсийчоьнан а, ГΙажарийчоьнан а реакци?

Шен хьажам бовзийтинчу вевзаш волчу Ιамеркарчу политика Павел Баррис хΙинца оьшуш ду аьлла а ца лору Оьрсийчоьнна хетачух тийсалуш Ιан. ХΙунда аьлча, цхьана агΙор дуьнено Шемица доьзна бан безаш хилла сацамаш а боьхкуш, вукху агΙор Оьрсийчоьно шен герзах а, тΙеман инструкторех а юьзина Шема. Цундела хьашт дац Ιамеркана а, цуьнан агΙончашна а Кремлан бага хьоьжуш сеца, дуьнено а, оццу Оьрсийчоьно ша а химин герз дуьненахь даржар доьхкучу кехаташна буха куьйгаш яздина а хилча.
XS
SM
MD
LG