ТIекхочийла долу линкаш

Дуьненаюкъара ницкъаш Шема чугIортарна дуьхьал ю Германи


Шема -- Димашкъехь дуьненаюкъараллан инспекторшна тIегуллуш бу меттигера бахархой, Марс26,2013.

Шема -- Димашкъехь дуьненаюкъараллан инспекторшна тIегуллуш бу меттигера бахархой, Марс26,2013.

Хаамийн гIирсаша дийцарехь, гергарчу хенахь Малхбузера эскарш тIамца чугIорта сахьт дац Шема, цигарчу Iедалша дIаьвше герзашца меттигера бахархой бойъуш бу бохучу бахьанийца. Амма Германера лаккхара куьйгалхой дуьхьал бу цу кепарчу Iалашонашна.

Европерчу пачхьалкхашна юкъахь цу кепарчу тIелатарна тIера ю Франци. Ткъа Германин Iедалша чIагIдо, шаьш Шемахь Малхузено бан тарлучу тIамана дакъа хир дац, бохуш.

Немцойн массо а коьртачу политикан партийн векалша шаьш Малхбузенан эскарш Шема чугIортарна дуьхьал хилар дIакхайкхийна. Ткъа немцойн тIеман министро де Мезьер Томаса дIахьедар дина Оршотан дийнахь, Шемара бохам Малхбузенан тIеман ницкъашца сацалур бац аьлла.

Цуо билгалдаьккхира, цу кепарчу хийрачу ницкъийн Шема тIамаца чугIортаро цигара хьал, мелхуо а, эрчачу доккхур ду, аьлла. Машаречу политикан бертан гIоьнца бен толур долуш хьал дац Шемахь кхолладелларг, аьлла, тешна ву немцойн тIеман министр.

„Оцу инзаречу, кхерамечу тIамана арахьара юккъагIорта цхьа а некъ ца го суна“, - элира цуо немцойн журналисташца ша цу хьокъехь диначу къамелехь. Цуо билгалдаьккхира, ша буьйцуш болу политикан барт Шемарчу гIаттаамхошна а, Асад Башарна а юкъахь бан гIортар - иза Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Кхерамазаллин Кхеташонехь йолчу ницкъ болчу пачхьалкхашна юкъахь цу тIаме тайп-тайпана хьежамаш хилар бахьана долуш хIинцалц схьа гIорийна, цхьа а пайдехьа гIулчаш ца йохуш лаьтташ белахь а, амма хIетте а и бохург дац, цкъачунна машаран некъ ца карочехь тIеман некъаца цхьа а хIума тодалур ду бохург, аьлла.

Ала догIу, немцойн тIеман министр де Мезьер карарчу хенахь Германехь Iедалехь йолчу Меркель Ангелас куьйгалла деш йолчу Керстанан демократин партин декъашхо хилар.

Амма иштта карарчу хенахь оппозицехь йолу немцойн партеш а ю цу тайпанчу тIеман чугIортарна дуьхьал. Кху гурахь Германехь дIабахьа леринчу харжамашкахь немцойн керла канцлер хила Iалашонаш йолуш волу Социал-демократийн векал Штайнбрюк Пьер а дуьхьал вистхилира Шемана Малхбузера эскарш тIелатарна дуьхьал.

Цуо кхайкхам бира Евробертан куьйгалхошка а, цу цхьаьнакхетараллийна юкъайогIучу пачхьалкхийн Iедалшка а цу хьокъехь тIеман тIелатарна дуьхьал йолу цхьатерра позици билгалъякккхахьара, аьлла.

Кху деношкахь иштта немцойн куьйгалло меттигерачу бахархошка тоьшаллаш до, нагахь санна Цхьаьнатоьхна Штаташ, я кхин йолу Малхбузера пачхьалкхаш Шемана тIамца тIелеташ хилахь а, немцойн эскаро – Бундесверо -- цу тIамехь дакъалоцр дац бохуш.
XS
SM
MD
LG