ТIекхочийла долу линкаш

Эххар а бевзи Шемахь тIом бен нохчий


Шема -- Нохчийн тIемало Абу ал-Валид Шишани, 2013

Шема -- Нохчийн тIемало Абу ал-Валид Шишани, 2013

Массех кΙира ду Малхбузерчу а, Ιаьрбийн мехкашкарчу а зорбан хаамаша Шемарчу тΙамехь дакъалоцуш нохчий бу бохуш чΙагΙдо. Амма тоьшаллаш ца карадора и хаамаш цхьалхабаха луучарна. ХΙинца и аьтто белла Ю-Тюбехула шаьш Шемарчу гΙаттамхойн пропагандисташа.



Нохчийн-оьрсийн тIамехь санна, цхьадолчу Iедалша аьттонаш бо, арахьара чу а буьйлуш,Шемарчу гIаттамхойн могIарех дIабетталучу нахана. Оцу бахьаненна гIаттамхошна герз далар дихкина ду Малхабузерчу пачхьалкхаша, уьш кхоьру герз Шемахь тIех шуьйра даржарх.

Шемарчу гIаттамхошлахь нохчий бу боху дикка хан яра. Амма иза хIинццалц тIечIагIдан тоьшаллаш дацара вайн. Ткъа хIинца шеко а йоцуш олийла ду - Шемахь нохчийн тIемалой хилар билгалдаьлла.

Чиллан беттан 22-гIачохь Iаьрбийн "Ал-шаркъ Ал-Авсато" газето арахийцира Умаров Докка Шемарчу Салафи-джихIади Ал-Нусра декъан тIемалошна орцахваьлла, Шема кхаьчна аьлла. Цул сов, Чиллан беттан 18-гIачохь Либнанера газеташа даржийра Шемарчу гIаттамхоца тIом беш 7 нохчо вийна аьлла. И хаамаш бакъбеш кхин цхьана а хьостано ца яьккхира билгало.

ТIаьххьалц нохчийн тIемалой бацара Асадан Iедална дуьхьал тIемаш бечаралахь. Уьш бу бохург еккъа цхьа Шемарчу Iедалан политика ю, олура тергамхоша, бахархой шаьш-шайн бойъуш бац, арара чубаьхкинчу террорхоша до иза алархьама. Амма Iаьрбаша ма аьллара, цIе яцахь, кIур а хир бац.

Чиллан беттан 21-чу дийнахь Шемара Ал-ЛадикъихI гIалахь туп тоьхна тIом беш йолчу Ал-Нусра тобано видио арахийцира цигахь тIом бечу нохчо ден къамел тIехь а долуш.

Оцу видиохь къамел дийриг Шемарчу нохчийн батальонан баьчча Муслим Абу Ал-Валид ву аьлла ду яздина. Абу Ал-Валида шена а гуш кхелхинчу кхечу нохчочух кадам беш, иза декъал веш къамел до. Цо вуьйцург Шишани Iабдалла цIе йолу кхин цхьа нохчо ву.

Шема -- Iабдаллахь Шишани,нохчо, бутт хьалха кхелхина тIамехь, цуьнан накъоста Шишани ал-ВалидиАбу Муслима Ю-Тюбехула тоьшалла дарехь.

Шема -- Iабдаллахь Шишани,нохчо, бутт хьалха кхелхина тIамехь, цуьнан накъоста Шишани ал-ВалидиАбу Муслима Ю-Тюбехула тоьшалла дарехь.

Абу Ал-Валид: "Iабдалла кхузахь суна а, вежаршна дика вевзаш вара цIера дуьйна. Цуьнан хьал девзаш, цо цIахь хьегна долу къа а, дина джихIад. Нехан санна къахьегна вара. Нехан санна хIума девзаш а, карах долуш а вара. Цигара схьа варан бахьана, шега далуш дерг деш, кхин хьаннаш юккъехула лела могашалла йоцуш. Хьаннашкахула кхин лела ца луш, лела аьтто боцуш, Шемара джихIад девзича, кхуза схьаван негатдина схьавеана вара.

Кхузахь вежаршна хьоьхуш, Iамадеш дика къа хьийгира цо. Вежарийн чIогIа самукъадаьллера иза схьавеъча, хIунда аьлча, дукха хIума девзаш вара, тIеман говзалла а, тактика а езаш вара. Дукхахболучарна тIемтIехь девзина доцу хIуманаш девзаш вара. Шена девзина Iилма нахана Iамадеш, нахе къахьегийтира цу тIехь.




ТIаьхьара а, цхьана операци цхьаьна арадевллера тхо. Цига дахча –бакъдерг аьлча, чIогIа майра дог дара цуьнан. Цхьана хIуманах а юха ца кхеташ, чугIертар волуш вара. Вахна, цигахь хьалха а ваьлла, мина эккхина, дIакхалхар хилира цуьнан. Дала гIазот къобал дойла цуьнан. ВаллахI тхуна боккха эшам-м хили, тхуна чIогIа дика накъост вара иза. ХIун дийр ду, джихIад ду-кх хIара. АллахIа шена везаш верг шена лиъча дIаоьцуш ву-кх. АллахIе цуьнан гIазот къобал дар дехар, дика дерг дехар, собаре хилар бен, кхин вайн карахь хIумма а дац".

Ткъа хIара ю рогIера кхин видео. Вай лакхахь бийцинчех а боцуш, рогIерчу кхечу тIемалойн тобанера бу кхузахь къамелаш ден нохчий.



Лондонера журналист Шишани БатIал Мурад Шемарчу гIаттамхойн могIаршкахь тIом беш нохчий хилар билгалдоккхуш таллам бан волавелла дукха хан ю. Абу Ал-Валидан къамел хезча, цо иштта дийцира Маршо Радиона.

Шишани: "Шемара хьал чолхе даьлча дуьйна тидамехь латтадо ас. Шемарчу Iедало маситтаза кхайкхийра, шена дуьхьал тIом беш нохчийн бу, аьлла. Со тIаьхьаваьлча дуьйна схьа, тIемалойх цхьа а нохчийн маттахь вистхуьлуш суна нисъелла яцара я видио я аудио. ХIинца хIара а кхин шиъ-кхоъ а ю нохчийн маттахь арахецна.

Нохчийн маттахь къамелаш а деш, нохчийн кIентий Шема чохь хилар билгал доккху оцу видиоша. Юьхь дIалечкъон гIерташа бац. Шаьш муьлш ду хоуьйтуш бу. Уьш бевзаш нах а бу сан тIекхочехь. ТIаьхьаваьлла хаьттича, дукхахберш Гуьржийчуьра бу, вайн Гуьржийн махкахь беха бацой бу уьш, злира соьга. ХIетте а, уьш дукха хир бу аьлла ца хета суна. Дукхахберш Iаьрбийн мехкашкахь деша баханчех бу.

Шема лела нах маситта къомах бу, амма къаьсттина вайн нохчийн цаьрца хилар дестадо Iедало а, шаьш гIаттамхоша а. Шайн газеташкахула даккхий дийцарш арахоьцу. Суна хетарехь, цу чохь вайнчех берш, дукха бацахь а, кадолуш болчух тера ду. Цундела, Iаьрбийн тIемалойн тобанаша дозалла деш, дуьйцу, кхайкхадо Интернетехула".

Iаьрбийн мехкашкахь бехачу нохчашлахь а бу джихIадан идеологех дог тешна кегийрхой, хIетте а, Шемарчу гIаттамхойшна гIодеш, тIом бан баха гIерташ а бац уьш, я бу аьлла хIинццалц хезна а дац. Урдунера тIемалой-м цкъа Нохчийчохь тIом бинчул тIаьхьа кхечунхьа цхьанхьа а тIом бан лелла а бац.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG