ТIекхочийла долу линкаш

Шемара экам маслаIат


Шема -- Дуьненаюкъарчу тергамхойн тобан куьйгалхо ХIиммиче Ахьмад къамел деш ву журналисташна хьалха Димашкъехь, 16Охан2012.

Шема -- Дуьненаюкъарчу тергамхойн тобан куьйгалхо ХIиммиче Ахьмад къамел деш ву журналисташна хьалха Димашкъехь, 16Охан2012.

Цхьаьнакхетначу къаьмнийн вовшахкхетараллан цIарах болу тергамхой дIакхаьчна Шема. Амма цуьнга хьажна доцуш, адамашна тIехь ницкъ бар соцуш дац цу махкахь. Оршотан дийнахь Iедалан ницкъаша яккхийн тоьпаш йиттина ХIомс олучу гIалахь. Цхьаьнакхетначу къаьмнийн вовшахтохараллан инарла секретаро Бан Ки Муна кхайкхам бина Шеман Iедалшка, шайна тIелаьцна долу декхарш кхочушдахьара, аьлла.


Цхьаьнакхетначу къаьмнийн вовшахкхетараллан цIарах болу тергамхой дIакхаьчна Шема. Амма цуьнга хьажна доцуш, адамашна тIехь ницкъ бар соцуш дац цу махкахь. Оршотан дийнахь Iедалан ницкъаша яккхийн тоьпаш йиттина ХIомс олучу гIалахь.

Цхьаьнакхетначу къаьмнийн вовшахкхетараллан инарла секретаро Бан Ки Муна кхайкхам бина Шеман Iедалшка, шайна тIелаьцна долу декхарш кхочушдахьара, аьлла.

Цхьаьнакхетначу къаьмнийн вовшахкхетараллан цIарах болчу тергамхойн хьлхара тоба дIакхаьчна Димашкъа. Иза ю 6 стагах лаьтташ. Церан декхар ду цу махкара хьал дIанисдан Цхьаьнакхетначу къаьмнийн вовшахтохараллан а, Iаьрбийн пачхьалкхийн лигин а цIарах леррина векал волчу Аннан Кофин план кхочуш ярна тIехьажар.

Цуьнах лаьцна журналисташка хаам бина Цхьаьнакхетначу къаьмнийн вовшахтохараллан машарбаран операцешкахула йолчу департаментан векло Дуайер Кьерана.

Цхьаьнакхетначу къаьмнийн вовшахтохараллан кхерамазаллин кхеташонан сацамца а догIуш, верриг а Шема-пачхьалкхахь дIатарвина хир ву 30 тергамхо.

ТIейогIучу хенахь церан терахь хир ду 250 стаг. Дуьненаюкъарчу тергамхойн куьйгалхочо ХIиммиче Ахьмада Оршотан дийнахь дIахьедар дира, шайн мисси кхочуш ялур хиларе сатесна ду шаьш, аьлла.

ХIиммиче Ахьмад: Тхайн болх вовшахтоха дагахь ду тхо, тхайна хьалха лаьтташ долу декхарш мелла а сиха кхочушдар дIадолорхьамма.

Шема-пачхьалкха дуьххьара дIакхаьчна йолчу тобан декхар ду цу махкарчу кхерамазаллин хьолана мах а хадийна, цигарчу Iедалшца юкъаметтигаш дIанисяр. Цулсовнаха хаа дезаш ду мел чIогIа Iуналла латто дагахь ду Димашкъа Iедалш шайн махка хьажийна болчу тергамхошна тIехь.

КIиран-дийнахь Шеман хаамийн агенталло дIахьедар дира «шаьш маршалла хоттуш тIеоьцу» дуьненаюкъара тергамхой, аьлла, «уьш тешаш а хилла дIахIуьттур хир бу, герзаца йолчу терроран тобанаша деш долчу зуламийн», аьлла, тIе а тухуш.

Делахьа, экаме долу маслаIат хIинцале а дохийна Шема-пачхьлкхехь. Президентана Асад Башарана муьтIахь болчу ницкъаша Оршотан дийнахь юха а тохарш дина ХIомс олучу гIалахь. Цара минанаш а кхиисина, яккхийн тоьпаш а йиттина цу гIалин оппозицин ницкъаш дIатарбеллачу кIошташка.

Цхьаболчу хаамашца тасадаларш хилла оппозицин тIемалошна а, эскархошна а юкъахь ХIама олучу гIалахь а, Туркойн пачхьалкхан дозанца йолчу Идлиб олучу провинцехь а.

Цхьаьнакхетначу къаьмнийн вовшахтохаралло далочу терахьашца, 9000 сов стаг вийна Шемехь 2011-чу шеран Зазадоккху-баттахь дуьйна, Асад Башаран Iедална дуьхьала нах арабовлар бахьана долуш, цу махкахь хуьлуш долчу къепедацаршкахь.

Оршот-дйнахь Брюсселехь вист хуьлуш, Цхьаьнакхетначу къаьмнийн вовшахтохараллан инарла секретаро Бан Ки Муна кхайкхам бира шина а агIоне герзаш деттар сацадар лардахьара, аьлла.

Асад Башаран Iедалшка кхайкхам бира цо, дуьненаюкъараллан цIарах болчу тергамхойн бакъо ю маьршша берриг а махкахула дIасалела, аьлла.

Бан Ки Мун: Шеман пачхьалкхан Iедалийн декхар ду тергамхойн аьтто бар маьршша махкахула дIасалела. Церан аьтто хила беза, цхьа а дуьхьало еш а йоцуш, миччанхьа а баха а, герзаш деттар сецна ду-дац къасто а.
XS
SM
MD
LG