ТIекхочийла долу линкаш

Шемин Эскарехь ГIуллакх Дан ХIунда ца ХIуьтту Цигара Нохчий?


Шема -- Iедалан салтий бу Джиср аль-Шугlур гlалахула тlеман машенахь боьлхуш, 15Мар2011

Шема -- Iедалан салтий бу Джиср аль-Шугlур гlалахула тlеман машенахь боьлхуш, 15Мар2011

Шема-пачхьалкхехьхь дуьхьалонан гlаттам а болабелла, адам урамашка арадаьлчхьана дуьйна, чолхечу хьолехь нисъелла оьрсийн паччахьан заманахь цlера а бевлла, цигахь баха хевшинчу нохчийн тlаьхье. Кегий нах нуьцкъала эскаре буьгу. Церан куьйгашца дуьхьалонан боламанна тlехь къизаллаш латтайо Асад Башаран режимо. Эскаре а вахана, адамаллина дуьхьала зуламаш ца дан Урдуне веддачу нохчийн жимачу стагца къамел дина Бакир Хьамида.


Нохчий Шемарчу чолхе хьоланан юкъа гIерташ бацахь, хIетте, Iедалан Эскаре ца ваха, Шемара ара волу цхьаволу нохчо. 2011 шарахь, Чиллан баттахь, кхин болу Iаьрбийн мехкашкахь санна, Шема махкахь урамашка буьйла болабелира Шемара бахархой. Юьхьанца, коьрта гIала Димашкъана 88 чаккхарма къилбаседехьа йолу ДарIа олу гIалахь буьйлабелира бахархойн гIаттам.

ТIаккха 2011 шеран Оханан баттахь Шемара кхин йолу гIаланашкара бахархоша а болийра гIаттам, Шеман президентега дарж охьадиллар доьхуш. Амма кхин болу
Iаьрбийн мехкашкахь санна, дIадоьрзуш дац Шемахь дерг. Оьрсаша а, китайхоша а Цхьаьнакхеттачу Къамнийн Организацехь Шемана дуьхьал сацам ца бойту дела.

Шемахь вайнах дукха бацахь а, цу чолхе хьоло Iаткъам бина латтош бу. Муьлхха а жима стаг Шеман эскарехь шина шарахь болх бан дезаш волун дела, цу чолхе хьолахь нах байа беза дела, ара валалург, Шемарь водуш ву. Иштта Шемара Урдуне ведда веанчу Шишани Ахьмада дийцира Шемахь лаьттачу хьолах а, ша цигара вадаран бахьанех а.

Маршо Радио: Ахьмад, Шемахь муьлхачу меттехь дехаш ду шу, мел ду шу?
Шема -- Митингашкахь лаьттачара хьоьшуш ду, шайн къизачу режимана гlортор ечу оьрсийн премьер-министран Путин Владимиран сурт, Хlомс, 27Деч2012

Шема -- Митингашкахь лаьттачара хьоьшуш ду, шайн къизачу режимана гlортор ечу оьрсийн премьер-министран Путин Владимиран сурт, Хlомс, 27Деч2012


Ахьмад: Димашкъехь цхьа масех куьпехь бекъабелла бу вайнах - “Къудсайхь” а, “Масакин барзехь” а, Димашкъан гонахарчу ярташкахь а. Димашкъехь цхьа эзар нохчо хир ву. Рас аль-Iайн олу гIалахь бу нохчий, мел бу-м ца хаьа суна, амма, алхьамдулиллахI, Нохчийн гIиллакхаш Iалашдина цара.

Маршо Радио: Нохчи массо а Шемахь мел хира ву?

Ахьмад: 4-5 эзар, кхин дукха ву аьлла ца хета суна. Цхьаберш Урдунера а, ДегIастанара а нохчашца юкъаметтигаш йолуш бу. Со Шемара Урдуне веана, цигахь чолхе хьал долун дела. Къаьсттина, эскаре дIабоьхуш болчарна кхин а хала ду цигахь.

Маршо Радио: ХIун до цара?

Ахьмад: Шемарь эскарин хьал кхераме ду. Хьайн са дIададийна лела веза эскарехь.

Маршо Радио: Вайнехан нах дукха буй Шемара эскарехь?

Ахьмад: Дукха бац. Нуьцкъала эскарехь такха еза хан бен ца боьлху нохчий а, кхин болу цIена бусулба нах а. ХIунда аьлча, эскарехь ламаз ца дойту. Дин ца леладойту, Дин охьатаIадо эскарехь. Коьртехь волу эскаран баьччано аьлларг дан деза. Хьайн идеологин бакъонаш дIатаса еза эскарехь.

Маршо Радио: Ахьмад, Нохчийн мотт, Iедалш а, гIиллакхаш а хIинца а долуш дуй Шемара нохчашкахь?

Ахьмад: Iедалш гIелделла. Мотт ца буьйцу, кIезиг доьзалшкахь бен. Нана Урдунера я ДегIастнара болчара бен ца буьйцу нохчийн мотт. Доцчу ирсана, цигара нохчий Iаьрбех ийна бевлла, Iаьрбийн а хилла дIабахана.

Шема - протесташка арабевллачара тайп-тайпана байракхаш лестайо, царна юкъахь Ичкерин байракх а ю, Рас аль-Iайн, 06Чил2012

Шема - протесташка арабевллачара тайп-тайпана байракхаш лестайо, царна юкъахь Ичкерин байракх а ю, Рас аль-Iайн, 06Чил2012

Маршо Радио: ХIинца долу чолхе хьал хIоьттича, оьрсашна дуьхьала байракхаш айъина ара бевллера цигара нохчий?

Ахьмад: И байракхаш Рас аль-Iайн олучу гIалахь бен ца айъира. Нохчий шайн дахарехь гуттар маьршо лоьхуш нах бу. ТIаккха цигарчу Iаьрбаша маьршо йоьхуш гIаттам бича, нохчийн а, Iаьрбийн а Iалашонаш а, лехамаш а, цхьатерра болун дела, нохчийн маьршонан байракхаш айъира цигахь. Амма, коьртачу гIалахь Димашкъехь берш, политикана юкъагIерташ бац. Дала паргIато а, маьршо а лойла Шемахь а, Урдунехь а, массо меттехь болчу а нохчашна. Шун сий долчу радиона баркалла ала лаьа суна.

Маршо радио: Шишани Ахмад Шемара Iедал хийца ца лахь, юха ваха йиш йолуш вац. И санна, кхин а вайнехан кIентий бу кхечу мехкашка дIабахана, Шеман эскаре а бахана, нах ца байа. Шемара чолхе хьал кеста нислур ду аьлла ца хета Ахьмадана. ХIунда аьлча, цигахь дукха нах бу Iедалан балхахь а, эскарехь а. Iедало ца баллал ло алапа, ца хилча йиш йоцуш.

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG