ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чолхе хьал хIоьттинчу Шемара нохчий Даймахка юхаберза лууш бу


Шема -- Iедалан ницкъаша Доумехь байинчу нехан декъий доккхачу цхьана коша доьхкина, 03Тов2012
Шема -- Iедалан ницкъаша Доумехь байинчу нехан декъий доккхачу цхьана коша доьхкина, 03Тов2012
Шовзткъеха нохчийн доьзал бу Шема пачхьалкхахь бехаш болу, Нохчийчу гуттаренна а баха юхабахка лууш. Церан цIарах кехат а ду Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане яздина. ХIинцале церан векалш Соьлжа-гIалахь, Iедалан цхьацца белхахошца цхьанакхетарш а дина, цIабахкаран хьелаш дуьйцуш бу. ГIебарта-Балкхархойн махкахь, масех бутт хаьлха тIеэцна, Шемара шай къомах болу нах. И масала а тидаме оьцура долуш ду, нагахь санна нохчашна Даймахке цIабахка Iедалша бакъо лахь. Иза лург хиларна, шеко яц церан, амма, нах схьабахкале царна бух а, меттиг а кечъян еза боху, цара шаьш. Цундела, гIуллакхан цхьа йист яллалц, хаамийн гIирсашкахь комментарии ян ца хIуьтту уьш.

ХIинца пенсехь волу Аргун гIалара вахархо Мукаев Хьуьсейн, ша Нохчийчоьнан Iедалехь болх бечу хенахь, Гергарчу Малхбалехь, дукха хилла ву. Цунна дика доьвза Урданехь а, Шемахь а, Иракъехь а, бехачу нохчийн хьал. Маршо радиога цуо дийцира, 200 сов шо хьалха, цхьана махкара дIабахана болу нохчий цхьацца мехкашкахула бекъабелла хIунда хилла.

Мукаев Хуьсейн:
Шема нохчийч кхаьчна имам Шамал вуохийначу хенахь, 1860 –чу шерашкахь. ЦIера дIабаханчарах, дуккха а Шемахь а бисна, цигара Иракъе дехьа а боьвла. Цара, шайна гIоле меттиг лохуш, Урданехь а карийна царна иза. Цигахь цара нохчийн мотт а , гIиллакхаш а Iалаш дина. Ткъа, Шемахь болчу нохчашка иза ца даделла. Маттаца а, гIиллакхашца а, уьш мелла а Iаьрбойшкахьа бирзина.Нохчийчохь мел долчу тайпанаш а ду цигахь, амма нохчийн мотт ца хаа царна. Цу тIехь ледарло йина цара.

Маршо радио: Шемахь бехаш болу нохчий хIун белхаш беш Iаш бу цигахь? ЦIа бахкахь а, церан хIун корматалла ю?

Мукаев Хуьйсейн: Лаккхара Iедалан нах а бара царна юккъахь. Алхановца тхо 2005 шарахь даханчу хенахь, вай нохчий вара цигахь, хаза гIуллакхехь. Оцу паччахьца Асад Баширца гергарло долуш а вара иза. Оцу нохчочо тхуна цьунца цхьанакхетар а кечдира. Цхьацца куьйгаллехь нах болуш бара цигахь. Амма, нохчийн мотт хууш бацара уьш.

Маршо радио: Шема пачхьалкхана уллехъ йолчу Урданерачу нохчашна шерра хаа нохчийн мотт, ткъа, царна хIунда ца хаара иза? Шаьш хIун бахьанаш ду олура цара.

Мукаев Хуьйсейн: Церан бахам а , хаьл а ледара хиларе терра, оцу вайн нохчийн а хаьла дика дацара цигахь. Iарбой зударий бахкабуора, царга нохчий дIа а оьхуьйтура. Маттаца чIогIа ледарло хиллера церан. Урданехь Джамо Iабдул-Бакъи цIе йолу Iелам стаг ву.цуо даиманна нохчий гуллучу меттехь олуш дара нохчийн мотт цIахь бийца, арахь Iаьрбойн мотт бийца олий. Ткъа, Шемахь, цу тайпа лидер ца хилла.

Маршо радио: Нагахь санна Шемара нохчий цIа бахкахь, кхузарчу дахарах а , хьолах а дIаер муха хира ду аьлла хета хьуна?

Мукаев Хуьйсейн: Царна хала хира ду, мотт бахьан долуш. Вуьйшта, ахча а, хIума а яхьаш кхуза веънарг кхузахь вахалура ву. Со дукха шераш хьалха цига ваханчу хенахь а . церан баккхийчу нахана чIогIа лууш дара, цIа бахка. Шай дай хилла йолу дог-ойла ю цера чохь ерг. Цигахь 7-8 эзар нохчий ву. Амма, 200 стага цIа ван лууш хилча, башха дукха а вац. Амма, уьш цIа бахкахь, кхузахь цхьа вежарий-йижарий а хилла, дIаIийра ду-кх цхьана.

Маршо радио: Шемара нохчашна, шай дайша сагатдинчу махка, нагахь санна уьш цIа берзахь, дукхачу хIуманах дIабуола дезар ду. Даймахкахь ша дерг атта царна хира ду аьлла хетахь а, иза бакъ дац. Къизачу шина тIамах чекхабоьвла болчу нохчийн амалехь а, гIиллакхашца а дукха хIума хийцаделла. Дикка хан оьшура ю царна а, тIебохучарна а, кхиаме чкъор Нохчийчохь кога хIотто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG