ТIекхочийла долу линкаш

"Тамашена стаг" - кеманхо Муса... (видео)


Нохчийчоь -- Садулаев Муса. 27ГIад.2012

Нохчийчоь -- Садулаев Муса. 27ГIад.2012

Дукха нах хир бац жималлехь ша сатийсинарг кхочуш хилла. Ткъа кхочуш хилла бераллера аьрха лаам Терйистерчу Горагорскехь хьалакхиинчу Садулаев Мусан.

Цо мотораца стигалдолу дельтаплан (hang glider) эцна, ша даиман а кема лело лууш ваьхна хиларе терра. Цунах юьртахоша вовшашлахь «тамашена стаг» олу. Амма Мусан дог-м ду кхин а гена стигал кхийдаш. Iалашонехь ду цуьнан дельтопланца дуьненна гобаккха.

Тахана иза кхочушдан цкъачунна аьтто ца баьлла цуьнан. Наггахь, цо шен жима кема стигал доккху Червленный олучу эвлана йистехь Iуьллучу Iоманна тIехула.

Хьалха цхьа бIе сов метар бен кхин лакха ца волура Муса. ХIинца, пилотан говзалла алсамяьлла цуьнан. Кхин а лекха вала таро ю цуьнан.

Аьхка, тIома бовла лууш болу шена беза-бевзарш хьоьхку цо.

Амма, Мусас бахарехь, дукха нах ца хIуьтту цуьнца стигал а бевлла, лакхара чухьажа. Амма кема гIоттуш даиман а адамаш гулло цуьнга хьажа.

Меттигерачу бахархошна гIо а хуьлу Садулаев Мусан кеманах. Бажа бахана етт, газа я уьстагI цIа ца беача, цуьнга дехаре богIу нах, стигалара чухьажча карор дацар-те шайн даьхний олий. Мусан юртахоша дозаллийца олу, шайн юьртахь хIаваъ кема а ду олий.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG