ТIекхочийла долу линкаш

Чермоев Тапин тIаьххьара некъ


Бобиньи -- Чермоев Тапин каш, Вачагаев Майрбека а, цуьнан накъосташа а тодинчулла тIаьхьа, Охан2012

Бобиньи -- Чермоев Тапин каш, Вачагаев Майрбека а, цуьнан накъосташа а тодинчулла тIаьхьа, Охан2012

Кху Стигалкъекъа-беттан 11-чу дийнахь 94 шо кхочу Къилбаседа Кавказерачу къамнаша шайн йозуш йоцу Ламанхойн Республика олу пачхьалкх кхоьллина. Иза кхуллуш жигара дакъа лаьцна ву Нохчийчура хьолада Чермоев Тапа.


Вачагаев Майрбек, нохчийн историн Iилманча

Вачагаев Майрбек, нохчийн историн Iилманча

​Чермоев Тапин бакъ йолу цIе хилла Iабдул-Межед. Иза вина 1882-чу шарахь Соьлж-гIалахь. Чермоев Тапин да хилла оьрсийн армин инарла Чермоев Орца. Буру-гIалахь училищехь дешначулла тIаьхьа, Чермоев Тапа деша вахана Николаев гIалахь йолчу дошлойн училище. 1901-чу шарахь цигара дешна ваьллача, иза гIуллакх дан дIаэцна Оьрсийчоьнан паччахьан Николайн ШолгIачуьнан гIароле.

1906-чу шарахь, шен 24 що кхачнача, Чермоевс зуда ялайо. Цуьнан хIусамненан цIе хуьлу Ибрагимбекова Хьавар-ХIанум. 1908-чу шарахь шен да Чермоев Орца кхалхар бахьана долуш, Тапа, эскархочуьнан гIуллакх а дуьтий, цIа воьрзу.

Дукха хан ялале мехкадаьттана гонаха бум йолало дуьненахь. «Алдыра мехкадаьтта» цIе йолу фирма а кхуллий, мехкадаьтта даккха а, иза дохка а волало къона бизнесхо. 1913-чу шарахь, боккха пайда бохьуш болу бахам а хуьлий, дIахIутту Чермоев Тапас кхоьллина йолу фирма.

Амма исторехь иза вуьсу Къилбаседа Кавказерачу къаьмнаша кхоьллина йолчу йозуш йоцучу Ламанхой Республикан хьалхара куьйгалхо санна.

Чермоев Тапин кхолламах лаьцна Маршо Радионо интервью йира нохчийн вевзаш волчу историкца карарчу хенахь Парижехь вехаш волчу Вачагаев Майрбекаца.

Маршо Радио: Тхуна хаа, ахьа Чермоевн кхоллам толлуш, боккха болх бина хиларх лаьцна. Цуьнан тIаьхьенаш йисний Францехь?

Вачагаев Майрбек: Цуьнан тIаьхье йолуш ю, бакъ дерг аьлча. ТIаьхье бохург хьун ду, шен Тапин йоI бен ца хилла. Оцу йоIехула тIаьхье йисина цуьнан. Амма нохчий бац-кх уьш. Маре англичанашка бахана, Iамеркахошка бахана... Ненан дегахула бен кхин гергарлонаш дац дисина.

Маршо Радио: Ткъа хьан аьтто баьллий церах цхьа а вовза?

Вачагаев Майрбек: Цуьнан шичойн а, вешин берийн а тIаьхьенаш ю. Шортта бу уьш. ДIакхоьссича а цхьа ткъех стаг ву церах суна вевзаш.
Маршо Радио: Ткъа валар муха нисделла Чермоев Тапин, дIоггара воккха а ма ца хилла иза?

Вачагаев Майрбек: Тапа 1937-чу шарахь цхьа цамгар а иккхина, кхеран Iедале дехар а дина, Швейцаре Лозанна-гIала дарба лаха вахана хилла. Цига вахханчохь дIавалар нисделла цуьнан. Иза дIавалар цамгарца иза велла ала йиш йоцуш, бух боцуш дисина хIума ду.

ХIунда аьлча цхьа цIеххьаш иза дIавалар нисделча, цуьнах цецбоьвлла, цуьнан тIаьхьено таханчу дийнахь а олург ду, могшалла бахьана долуш иза дIаваьлла вац бохург ду.

Маршо Радио: Ткъа хIу ду, аьлла, хета царна цуьнан бахьана?

Вачагаев Майрбек: Мелла а оцу гIазакхаша, НКВД-но цхьаъ дина, цу тIехь дIавалар нисделла, олу цара.

Лозаннера цуьнан вешин йоI яхана волчу Баммат Хьайдара, оцу хенахь, цига дехьа ваьлла, цигахь Iаш волчу, Хьайдар гIо а дой, цуьнан дакъа Париже схьа а дохьий, дIадуллу. Оцу шарахь дуьххьара схьадиллина кешнаш хуьлу Бобиньи олуш долу.

И хан тIекхаччалц,1937-гIа шо тIекхаччалц Францехь бусулба кешнаш хилла а дац.

Маршо Радио: Муьлуш бу цигахь дIабоьхкина болу нах? Муьлхачу хьолехь карийра хьуна Чермоев Тапин каш?

Вачагаев Майрбек: Оцу шарахь кхалхар нисделла оцу кешнашкахь дIавоьллина Тапа а ву, кхин 77 стаг а ву суна цигахь карийна нохчи а, чергазой а, гIебартой а, хIири а... бусулба нах.

ТIехь цIе а йоцуш, мичахь ду, аьлча, тIе ваха гайта стаг а воцуш, иштта лаьтташ чурт дара иза. Аса сайн накъосташка хаам а бина, вай цхьаъ дича, кертана чоьхьа ваьлча цIе гур яр-кх, аьлла, чурт хийцича хIун дар-те вай, аьлла, 1200 евро гулдира оха.

Кхин алсам ахча гулдан аьтто ца хилира тхан. Цундела, иха вина а, велла де а билгал а доккхуш, цуьнан цIе язйина оха цу чуртана тIе. Ткъа иза дуьххьарлера паччахь хилла, аьлла, тхан цунна тIетоха аьтто а ца хилла, дисина ду.
XS
SM
MD
LG