ТIекхочийла долу линкаш

Таркхойн хIордан йистехь садоIу нохчаша


Дагестан -- Шайн берийн дуьхьа боьлху дукхах болу нохчий хIордан йистехь садаIа.

Дагестан -- Шайн берийн дуьхьа боьлху дукхах болу нохчий хIордан йистехь садаIа.

Мархийн бут белахь а, садаIар юкъахцадаьккхина Нохчийчура бахархоша. Царах дукхах берш шина-кхаа денна боьлхий а луларчу Дагестане хIордан йисте боьлху. ДIоггара таронаш йоцучу, амма могашалла тоян оьшучу нахана дика аьтто бу иза лулахь хилар.

Мархийн бутт кху тIаьххьарчу шерашкахь уггаре а йовхачу хенахь нислуш бу. Арахь 30 сов градус тов хилча, шело лун йолу меттиг лоьху Нохчийчуьрчу бахархоша.

Суьйренаш хаза хуьлу хIордан йистехь.

Суьйренаш хаза хуьлу хIордан йистехь.

Цхьаберш, чуьра ара а ца бовлуш, кондиционераш а латийна Iа, кхиберш, шай озо долчу кисанар соьмаш гул а йой, луларчу Дагестане оьху Таркхойн хIордан тIе. Мархийн баттахь цигахь садаIар, гIехьа борах мах хуьлу.

Жижиг цадеттича садаIар хуьйлийла дуй?

Жижиг цадеттича садаIар хуьйлийла дуй?

Цига ваха а вахана, цIавирзина Соьлж-ГIалара Абдурзаков Валид цIе йолу вахархо. ХIора шарахь, леррина кху хенахь воьду, ша боху дийцира цо.

Абдурзаков: «Даиман оцу берийн дуьхьа воьду со цига. Мархийн баттахь цигахь мехаш хьалха хилчулла борах хуьлу. И бутт боцучу хенахь дукха язйина хуьлу. Таронаш а ма яц нехан. Цуьнга хьажжина ма дай вайн садаIар а. Иштта вахана веана со цигара. Марха а кхобуш а иза доха ца деш а схьавеана со. Делахь, берийн доьхьа олий, воьду-кх цига».

Коьртачу декъана берийн дуьхьа боьлху нохчий хIордан йистехь садаIа.

Коьртачу декъана берийн дуьхьа боьлху нохчий хIордан йистехь садаIа.

Нохчийчохь ши кIира хьалха, схьабиллина Соьлж-ГIалара хIорд олуш болу Iам. Шина-кхаа шарахь дIа а хецна, гIишлошъяран белхаш беш дIакъоьвлина бара иза. Оццу Дагестанера можа гIум а еана, цигахь пляж а йина, нахана мехаза хира ю боху иза. Иза йоцург, кху хенахь, йовхоно хьийзош болчу соьлжа-гIалахошна, кхин меттиг яц гонаха.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG