ТIекхочийла долу линкаш

Ιедалан охΙланийн герз - къизалла


ГIезалойчоь -- Лецна бусулба нах набахтешкара арабахар доьху гуламхоша, Kазан, 31Тов2012

ГIезалойчоь -- Лецна бусулба нах набахтешкара арабахар доьху гуламхоша, Kазан, 31Тов2012

ГΙезалойчоьнан Нижнекаменск-гΙаларчу набахтехь тΙехьажархоша тутмакхашна етташ хилла бесболан гал-гΙаж карийна бакъоларъяхошна. Къепе латточу урхаллийн векалш къиза хилар гойтучу масалша хьалхо гΙаттийна гΙовгΙа а йижале ду набахтехь и чалтачан гΙирс карор. Оцу хиламо кхин а марсабоккху нехан ницкъаллин хьукматашка болу цатешам.



Набахтерчу дарбан хΙусамехь карийна тутмакхашна етташ лелош хилла бейсбитан гал-гΙаж. Тутмакхашна ловзарш хΙиттош лелаен хир яра иза-м, аьлла, ΙадΙан а там бара бакъоларъярхой, цу тΙе яздинчу йозано ца гайтинехь, иза чалтачаша лецначарна ницкъ бен гΙирс буйла.

«Анальгин», «Адвокат» хилла гал-гΙожа тΙе яздина. Молханна метта гΙаж узуш, адвокат вехначунна а изза гΙаж хьокхуш хилла набахтехь, бохуш бу гал-гΙаж шайна карийначу Казанерчу бакъоларъярхоша Рубашный Владимира а, Архипов Николайс а баржийна хаам. Иштта, гина, суьрташ а даьхна цара оцу гΙирсан , кхин а ду цу тΙехь йозанаш: «транквилизатор» (корта бахабе молха), « гемморойн дарба», «Батта тΙе кхачориг».

Набахтин хьаькам жоп а доцуш висинера, шаьш и гал-гΙаж стенна лелош ю кхузахь, хаьттича, бохуш дуьйцу Рубашный Владимира.

Рубашный Владимир: « Ас схьа а эцна, гайтира иза хадархочун гΙовсана, хаьттира, хΙара хΙун ю, аьлла, дала жоп а ца карийна, шаьш иза тутмакхашкара схьаяхна хΙуманаш ю, элира цо. Иза пуьташ буйла кхеташ ду, схьаяьккхина хилча иштта охьайиллина, хьанна а етта кийчча, латтор ма яцара уьш».

ГΙезалоша шайн тергонера баханза бу хΙинца а, лецначаьрца къиза, оьздабоцуш леларца, шишанца борша нахана гΙелоеш хилла болу, кхушеран бΙаьста нахалабевлла полисхой а. 52 шо долу Назаров Сергей полисхойн карах велча даржахвала дийзира ГΙезалой-мехкан полицин куьйгалхочунан а.

Рубашныйс а, цуьнан накъоста а Ιораяьккхина бесболан гал-гΙаж сихха ягийна набахтерчу хьаькамаша, зорбанехь дийцарехь.

Бакъоларъярхой бехкебо шен агΙор набахтин дайша а, уьш Оьрсийчуьра лецнарш кхетош-кхиоран система сийсазъеш бу, нехан бΙаьргаш чохь пайда боцчу йоккхуш бу, бохуш.

Амма Рубашный Владимир а вац къарвалла лерина. Цунна хетарехь, бакъдерг хьулдан гΙерта къизаллийца билгалбевлларш.

Рубашный Владимир: «Дуккхаза а лелийна, Ιарж а елла яра гал-гΙаж. Кеп-кепара, маситта стага дина дара цу тΙера йоза».

Скандал гΙаьттина а, яьржаш а ю тахана. Иза бухахь цхьа бахьана доцуш ца гΙаьттинийла гойту гΙезалойн муфтешна зулам динарш лоьхуш лаьцначу нахах цхьамма, Кудакеев Марата, дахначу кΙиранах динчу аьрзано а – шега доцург дийцийта гΙерташ, ша левечара электрошок йиттина шена, боху цо.
XS
SM
MD
LG