ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГΙезалойчохь хиллачу бохамна юкъа а нохчий хьекхабо...


ГIезалойчоь --Зуламхойн карах кхелхина муфтин гIовс Якупов Валиулла дIаверзош, Казань, 20Тов2012
ГIезалойчоь --Зуламхойн карах кхелхина муфтин гIовс Якупов Валиулла дIаверзош, Казань, 20Тов2012

ПΙераскан дийнахь ГΙезалойчоьно дΙаверзийна де хьалха герзаш тоьхна вийна муфтин гΙовс Якупов Валиулла. И вер а, муфтин Файзов Илдусан машен экккхийтар а толлуш ду Ιедал. Лаьцна, левеш ву виъ гΙезало. Амма тамаше ду, хилларг талла а доладале, меттигерчу а, Оьрсийчуьрчу а политикаша а, журналисташа а зуламан лар нохчашна тΙеюьгу къамелаш долор...


Шен хΙусамехь Iашшехь вийна герзахоша муфтин гΙовс Якупов Валиулла. Цул тΙаьхьа сахьт даьлча, мехкан телевизионе Мархийн бутт болалуш нахана даΙват дан воьдучу новкъахь кΙело йина шена муфтина Файзов Илдусна а. Иккхинчу машена чохь когаш лазийна цуьнан.

Бехке хила тарло, аьлла, пΙераскан Ιуьйранна лаьцначех цхьаъ нах ХьаьжцΙа буьгучу «Идал-Хьаьж» цΙе йолчу компанин куьйгалхо Гатауллин Рустем ву. Хьаьждан арабовлу нах, аьлча а, оцу гΙуллакхехь лела ахча къевсина, дов даьлла хилла цуьнан а, муфтин а деношкахь, боху талламчаша. Гатауллина кхерамаш тийсина хиллачух тера ду муфтина.

Амма Гатауллинний, зуламна бехке хила тарло важа кхоъ – Казанерчу маьждиге лелаш хилла Галлеев Мураттий, мехкан Высогорски-кIоштара Шакиров Айраттий, Лаившевск-кIоштара Гайнутдинов Азаттий лаццале меттигерчу политологаша а, журналисташа а яржийра нийсса дΙа нохчех хьакхалуш верси.

Стенгахь ю Казань, хΙун бехке бу нохчий, ала догΙу кхузахь. Ткъа шаьш дуьйцучух хΙумма а шек бац версин авторш.

Маршо Радион гΙезалойн редакцина интервью луш, ГΙезалойн къоман а, динан а талламийн центран директора Сулейманов Раиса иштта тидира Казанехь хилла бохам.

Сулейманов: «Татарстанехь хΙинца Къилбаседа Кавказан сценарий ю кхуьуш. Идал-махках юлуш, къарглуш ю и хьу. 10 шо хьалха иштта болийра Дагестанехь а вахΙабхоша кхайкхош долчу «цΙенчу динна» дуьхьаллаьтта молланаш байъа.

ГΙезалойн бусулба нахе кхерам боьссина хΙинца, царна ца моьттура ишттаниг хила тарло. Цунах вахΙабхоша пайда оьцур бу, де тхоьца къамелаш, барт бе, некъ баккха тхуна, бохуш. Кавказерчу муджахΙидийн хиджра йолаелла – хьаннашкахь къайлабевлла лелла бандиташ Идал-махка баржа боьлла, иштта ГΙезалойчу а».

Социолог ша лоручу Сулейманов Раисал тидаршкахь кхечу агΙор дацара «Идал-мехкан Седа» («Звезда Поволжья») газетан коьрта редактора Ахметов Рашата Маршо Радионехула дийцинарг а.

Ахмедов: «ГΙезалойн исторехь цкъа а хилла боцу, бохаме хилам бу иза. Дерриге а дуьстина ду цигахь. Шеко яц, бусулба нехан къийсам Идал-хица а баржо беза бохучу Умаров Доккин дΙахьедарца дозу хилларг. Нохчийн профессионалан лар ю кхузахь гуш. Шашаха вовшахкхетта тоба яц иза – говза кечбина нах бу. Тешна а, иза Кавказан лар ю».

Зулам талла Ιедал дола а далале, политикашна и динарш нохчашлахь карош хилар иттанаш шерашкахь деха Оьрсийчоьнан ламаст ду. Дац Казанехь талламаш болийначу ФСБ-н а, я полицин а хьостанаша нохчех лаьцна бохуш хΙумма а. Ткъа социологна Сулейманов Раисаний, журналистна Ахмедов Рашатний стенгара кхаьчна нохчех болу хаам, кхеташ дац.

"Сахарехь мох баьлча, бехке бо нохчий,
Гималайхь дарц даьлча, бехке бо нохчий,
Стиглара малх леци – бехке бо нохчий,
Лом меца, борз меца – бехке бо нохчий.

...Нохчий, хΙай, нохчий, хIай,
Ма дукха даьржина хилла-кха вай!"

Оцу эшарера дешнаш дагадохкуьйту Татарстанехь хилларг зуьйчу хаамийн гΙирсаша а, цигарчу политикаша а.

Казанехь баьккхинарг баккъал а бу боккха бохам. Цуьнан бахьана а, бехкенаш а карийна, кхин и саннарг ца долуьйту бух буьллучу меттана, мостагΙ генарчу Къилбаседа Кавказехь лоьхурш дикане кхочуррий-те?

Шаьш шайгара ца даьллачу хΙуманна бехке барх нохчий-м боьллера хΙета а, вета а...

XS
SM
MD
LG