ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн хьехархошна духар хийца тIедожийна Iедалхоша


ОвхIанистан -- Кабулехь зударшна тIехь дукха хьолехь го иштта духар, 16Заз2010

ОвхIанистан -- Кабулехь зударшна тIехь дукха хьолехь го иштта духар, 16Заз2010

Шо хьалха, дешаран керла мур тIехIуттуш, Нохчийчуьрчу Iедалан дайша махкара хьехархой декхаре бира цивилан кепехь, цхьабосса догIу духарш тIедоха. Ткъа кху деношкахь омра дина дешаран министралло, муфтиятан хьехамца, школашкарчу белхахошна духар бусулба хьесапехь хийца. Кест-кеста хийцалучу духаран "революцино" гIайгIане баьхна хьехархой. Резадацарш ду церан могIаршкахь тахана хезаш...


Масех де бен ца дисина школашкахь тIаьххьара горгали бека. Iилма Iаморан шо дIа а дирзина, экзаменаш дIаюьйлаяла гергга ду кхечу лакхарчу доьшийлашкахь а. Чекхдаьллачу шеран жамIаш дан кечбелла хьехархой а болуш, дешарца доьзна а доцуш, царна беш болу тIеIаткъам лахбеш бац Iедалехь болучара.

Цунна тоьшалла карийна кху деношкахь дешаран а, Iилманан а министараллехь дIаяьхьначу рогIерчу кхетошонехь а. Шен цIе йоккхийла ца лиинчу цхьана ишколан директоро иштта дуьйцу шен бIаьргашна гинчух.

Школан директор: «ДIаяхал видеокамераш а, диктофонаш а, телпош а яха дIа, - аьлла омра дира цхьамма. - Сурт даккхахь а, цхьа дош дIаяздахь а мегар дац шуна. ХIара эфирана деш къамел дац. Кху чохь мел болучаьрга оха дуьххьал дIабоху. Балха догIуш шуна массарна а тIехь бусалбан динехь духар хила деза. Цу кеппара бухабелла хила беза шун хьехархой а. Ца хуьлу-кх къамел кхечу агIор хир ду».

Иштта чулацам болуш къамел дина, директоро дийцарехь, цу кхеташонахь, Пачхьалкхан цIийнера баьхкинчу маьхькамхоша, муфтиятан векалша а. Дешаран шо чекхдаьлла хьесап делахь а, массо тIегIан хьехархошна тIедожош ду, дино ма-хьоьхху духар лелор.

Шайн лааме хьаьжна а доцуш, шайна детта зил-дозанаш а, кхийдобо бехкамаш а цхьабосса тIеоьцуш а, туьдуш а бац хьехархойн гонехь. Дукхахберш реза бац, цхьана йозуш йоцчу исламан пачхьалкхехь санна, юьхь-чода бен гуш хIума а доцуш, къовлабелла лела. Иза цара акха лоруш хIума ду. Соьлж-гIалин кIоштара хьехархо Марха ю цу хьокъехь дуьйцуш.

Марха: «Нохчий хьехархой ишта а, хила ма-деззара духар а дуьйхина, ишколе лелаш бу. Дино ма-бохху дIахьарча деза. Еха кучамаш а йоха, кортош а къайладаха, бохуш, къамелаш долийна ,тIедожоран суьртехь. Массо а дIахьаьрчина хила веза, боху, "чупа-чупс" санна.

Шо хьалха цивилан костюмаш йоха, лаахь а, ца лаахь а, бохуш, хьийзи. Уьш а яцара гоьллелц йогIуш бен. Хаза шайн хила ма–деззара духар лелош болу зударий а, божарий а хIинца, балха тIе а буьтур бац, балхара дIадовла а дезар ду, нагахь духар ца хийцахь, бохуш, хьийзош бу. Лаьттах текхаш коч а хила еза, юьхь-чодий бен гуш доцуш, коьртехь хIума хила а еза, бохуш,готте хьийзош-м бу хьехархой».

Шайна лаахь а, ца лаахь а, таро елахь а, яцахь а, духар хийца, бохуш, бечу тIеIаткъамах дуьйцуш йолчу хьехархочо Мархас билгалдоккху, къовлабелла лела реза а ца хилла, хьехархой балхара дIабовлуш хилахь а, церан меттана балха бахка хьагам а, я лаам а болуш, говзанчаш цахилар а, хилча а, церан корматалла вуно ледара хилар.

Марха: «И хIинца болх беш болчу хьехархойн цхьа чкъор дIадаьллачул тIаьхьа, цу ишколе а баьхкина къахьега нах бан а-м бац. ТIекхуьучу кегийчех, эзарнех, цхьаъ ца хуьлу ишколе ван лууш. ХIинцалера дешарш а дукха чIогIа ледар ду, ахчане а даьккхина. Хила деза хаарш а ца хуьлу хIинцца дешна арабевллачийн.

Дош нийсса дIаяздан хууш а ца хуьлу. Кхара хIун де боху-м ца хаьа. Юхучо юьйхина и коч. Царех бераш доьлуш ду-кх, пIелгаш а хьежош. ХIинццалц схьа хьехархойн хилла духар дац иза. Ас цкъа а ца лелийна иштта духар, аьлча а, гIуллакх хуьлуш дац».

Цу керла юкъадаккхаро, бегашена а доцуш, йиш йохийна нохчийн хьехархойн. Цаьрга кхеталуш дац, синтемах а дохийна шаьш хьийзор. Хьала а, охьа а иштта духар ца лелийча ца долу аьлла, шайна тIедожош хилча, боху, Невран кIоштарчу хьехархочо Сацитас, цара дала дезара и барзакъ.

Сацита: «Дешаран шо дIадала йисинарг йоккха хан яц, ткъа хIорш зударшка а, божаршка а духар хийцийта арабевлла. Оха ишта а лелош ма ду оьздда духар. Бусалбан динан духар лелор шаьш тIедожош делахь, цара шаьш яла езара-кх и бедарш. Нехан тарош ма яц.

ГIеххьачул лол бетталахь а, са-м яц кху сохьта, хIинцца тIе а, коьрта а уьш эца таро. ТIаккха а кхана уьш а йоцуш ма йола боху балха. Хьехархой цара дечу къамелах бешаш а-м бац. Тхайн йолуш ерг тIе а юхуш, схьадогIуш ду тхо-м. Тхо-м дац дегI а гуш лелаш. Хьалха а ма эцийтина цара иштта духарш. Керла шо долалушшехь кхин хIума юкъадоккхур ду».

Доцца аьлча, карарчу хенахь хьехархошлахь чIогIа дийцаре деш ду, Iедалехь болчара тIедожош долу керла духар лелор. Дийцаре деш ду, юьхьан чкъор бен гуш доцуш лела луурш боцу хьесап а долуш. Бакъду, хьехархоша шаьш къаро а еш, цаьрга хIоьттуш кIадда а дан а дац урхаллехь болчара. Делахь а церан аьллар-лаам кхиамца дахаре боьрзур бу ала а дац.

Бусалбан дино ма бохху духар хийца бохуш, жигара хьийзаш ишколашкара а, кхечу доьшийлашкара а хьаькамаш белахь а, тахана, наггахь доцург, хьехархой бац коьртера коге кхаччалц къовлабелла хаалуш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG