ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Малхбалера ткъеха террорхо бахьанехь...


Террорхойн кхерам кхин дIа а лакхара бу Европерчу кхиинчу пачхьалкхашна, къаьстина даханчу шина шарахь бIеннаш эзарнаш мухIажарш тIеэцначу Германина а, Австрина а.

Масех де хьалха немцойн ХIемниц гIалахь Iедалхошна гучудаьллера, даханчу шарахь мухIажар санна Германе схьавеана волу цхьа шемахо ДаIишан декъашхо хилар а, иза цу махкахь террорхойн эккхийтар дан кечлуш хилар а.

Иза вехачу петарахь талламаш бинчу полицина герз а, лоьлху молха а, ДаIишца цуьнан йолу зIенаш тIечIагIйеш йолу компьютер чуьра материалаш а карийнера. Ша потенциала террорхо амма вада кхиинера. Массо а хаамийн гIирсашкахула цу 22 шо долчу жимчу стеган сурт а даржийна, лехамашка виллина волу шемахо ши ше даьллачул тIаьхьа ХIемницана 100 чакхарма генахь Iуьллучу Лейпцигехь лаца каделира Iедалхойн.

Аьлча, и кIант вевзаш хиллачу кхечу шемахойн мухIажарша, шаьш долчу петаре лачкъа дагахь веанчуьра, дIавихкина, полицига дIавеллера иза. Лаца а лаьцна, лакхара кхерамазаллин гIулчаш а ларйеш, Лейпцигерчу набахте воьллина волуАбубакар цIе йолу потенциале террорхо, цкъа хьалха дийнахь а буса а хIора 15 минот моссаза йолу хехоша ларвеш хиллера, иза ша лаьцначул тIаьхьа ша шена тоха гIоьртина хиларна а, шен набахтин чоьнахь мебалш дIасаетташ а, кхин долу къепедацарш лелош а хиларна.

Амма масех де даьлча и стаг жимма меттавеана аьлла, цунна хадар хIора а эха сохьтехь иза тергалварна тIе даьккхинера набахтин куьйгалло. Цу дийнахьехь шена тIера коч логахь а хьарчийна, ша чохь воллучу чоьнан неIарна тIехь хьалоллавелла веллера иза.

Делан цIарца тIелатарш дан кечлуш хилла волу радикалан исламхо набахтехь ша шена тоьхна валар бусалба дин девзачарна тамашийна хетта ца Iаш, немцойн йоллучу юстицин системина а йоккха скандал хилира. Амма цу тIехь дIа ца йирзина Германехь эккхийтарш дан кечлучера лаьцначу шемахочуьн гонахьара IалагIож.

ХIунда аьлча, Iедалхоша кесталгIа кхийтира, иза лаца а лаьцна, Iедале дIавелла болу цунна вевзаш волу шемахойн кхо кIант, цкъа хьалха массо а немцойн хаамийн гIирсашкахь турпалхой санна вазвеш хилла волу, бакъдолчехь Абубакарин накъостий хиллийла а, хетарехь, шайн террорхойн тIелатар дан Iалашонаш Iедална гучуяьллачул тIаьхьа шаьш кIелхьарбовларахьама цара шайн накъост полице дIавеллийла а.

Абубакар халла бен лаца ца луш, цул тIаьхьа набахтехь цо ша шена тохар саца ца деллачу немцойн къайлахчу сервисашна шога критика ю цу юкъана меттигерчу юкъараллехь дIахьош. Амма цхьа могIа кхерамазаллин аналисташна хетарехь, немцойн полици а, къайлахчу сервисан ницкъаш а Европехь тоьллачех бу, ткъа ша цхьаъ я жимчу тобанехь террорхойн тIелатарш дан кечлуш болу нах шен хенахь гучубахар а, лацар а вуно чолхе болх бу.

Иштта, Германерчу Эссен гIаларчу кризисаш юхатохаран институтан куьйгалхочо Топхофен Ральфа дийцира цу хьокъехь Дойче Велле агенталлица шен хиллачу къамелехь, Европехь кхин цхьанна а пачхьалкхехь полицино Германехь санна дукха теракташ ян кхиале гучу а ца яьхна, цхьанна а маьршачу нахана зе дан террохойн кхиале юха а ца тоьхна, аьлла.

„Нагахь санна Францехь террорхой доккхачу декъехь меттигерчу дукхахенахь дуьйна кхераме а, радикале а лоручу кIошташкахь кхиина кегирхой хиллехь, Германехь терроран тIелатарш кечдеш берш дукхахберш цхьа-цхьацца лелаш болу талорхой бу, я хIинца -хIинца махка схьабаьхкина болу мухIажарийн могIарлшлара нах бу, цхьанхьа генара, кхечу мехкашкарчу наха омраш деш лелош болу, масала, Ансбахехь я Вюрцбургехь нах байъина ши террорхо санна“, - элира цо.

Ткъа и санна болу талорхой гучубаха а, лаца а дуккхаъ халох ду, жимчохь дуьйна Iедалхойн тидамехь хилла шайх проблеме кегирхой олуш болчу нахал а, аьлла тешна ву экстремизмах эксперт волу Топхофен.

Цу юкъана немцойн эскарехь Бундесверехь болчу салтишна юккъехь дуккхаъ радикалан исламхойн хьежамаш болу нах болчух тера ду аьлла рогIера бусалба динца йоьзна скандал яьржаш ю Германехь.

ХьастагIа меттигерчу тIеман министраллин белхахоша йинчу рапортехь билгалдаьккхина дара, лерина тIеман говзалла Iамо, цул тIаьхьа цу тIеман говзаллехь джихадехь пайда эца немцойн эскаре баха марзбелла радикале хьежамаш болу бусалба кегийхой, аьлла. Цундела, Бундесвере кегийн нах бигарх долчу низамана цхьа могIа хийцамаш юккъебаха лерина ю министралла.

Иштта, масала, хIинцалца схьа немцойн эскаре баха лууш болу кегийрхой кхеле озийна хилла ца хилар бен, кхин башха царна хьалха хIиттош новкъарлонаш ца хиллехь, хIинцачул тIаьхьа Бундесвере ваха мел луучу жимчу стагана лерина досье кхуллур ю тIеман министралло, цуьнан дине, юкъаралле а болу хьежамаш толлуш.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG