ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн духар: дайша-наноша лелийнарг я Iаьрбийниг?


Москохана муьтlахьалла гойтуш, Республикан де даздан кегий нах вовшахтоьхна меттигера lедалша. Гезгмашин беттан 6-гlа Ичкери Йозуш Ца Хиларан де дара 1991-2002 шерашкахь, Соьлж-гlала, 06Гез2013
Москохана муьтlахьалла гойтуш, Республикан де даздан кегий нах вовшахтоьхна меттигера lедалша. Гезгмашин беттан 6-гlа Ичкери Йозуш Ца Хиларан де дара 1991-2002 шерашкахь, Соьлж-гlала, 06Гез2013

ТIаьхьарчу ткъех шарахь нохчийн юкъараллехь уггаре а шуьйра дуьйцучех хаттар ду духарца доьзна дерг. Ткъа муха хилла те я муха хила деза те нохчийн духар, зударийн дерг а, къонахийн дерг а?


„Нагахь санна шайн дийца хIума дацахь, хьенех вийца“ баьхначунна а дена, кху тIаьхьарчу ткъех шарахь массо а нохчийн пхьоьханахь а, массо а майданахь а, доцца аьлча, масех стаг вовшахкхеттачу меттехь уггаре а чIогIа дийцаре деш дерг духарца доьзна хаттар ду.

Кхеташ ма-хиллара, доккхачу декъехь и хIума дийцаре деш берш къонахий хуьлу, ткха цара дуьйцург зударийн барзакъаш. Хийла хеза, Нохчийчоьнна тIемашца тIебоссабелла бала зударийн духарш бахьана боьссина я цу кепара зударийн духарш лелачу махкахь я кхомалахь имий-беркат хила йиш яц, бохуш, цара дуьйцуш. ХIинца изза дискуссеш доза доцучу интернетан агIонашкахь а ю дIахьош.

Цаьрга ладоьгIча, ойла кхоллало, ванах, боккъал а зударийн, цу иммансизийн, коьртарчу хIумано я кучан юхано хIаллакдеш лаьтта те нохчийн къам, олий. Иза иштта хилча-м халаъ хир ма дацара и къам сихонца кIелхьарадакха, цу иммансизашка сихонца шайн месаш дIахьулйайтичахьана, олий а хетало.

Амма и духаран хаттар, иштта цхьа тIехула хьаьжча хеталучул, дикка чолхеха ду. Гергарчу хьесапехь аьлча, шина декъе декъаделла ала мегар ду нохчийн къам духаран хаттарехь. Цхьа дакъа – бусулба динан арканашна тIе а тевжаш, духар цхьа а компромисс йоцуш, шуьйра а, таьIначу бесашкахь а, дегI дIахьулдеш а хила деза бохучарех лаьтта. Царна юккъехь а ю тайп-тайпана тобанаш, дегI хьулдина ца Iаш, юхь-кедиг хьулъян а еза бохурш а болуш.

Важа дакъа – хIан-хIа, вай Iарбой а дац, вай дай-наноша а ца лелийна и хиджабаш, вай а лелор яц, бохуш, олуш ма-хиллара, тур даьккхинчарех лаьтта.

Цу шина тобанна юккъехь атта дац, цхьа мелла а юкъара ойла ерг, къоман Iадаташца а, бусулба динца а, вайн заманца а ма -доггIу долчу духаран кеп юхьаралаьцначийн векал карон. Германехь ехаш йолу Садаева Фатима ю ишттачарех цхьаъ. Жима йолуш дуьйна ша духарш тоьгуш йолчу цунна дика девза нохчийн барзакъашца дерг а, и барзакъаш заман йохалла муха хийцаделла а. Нохчийн духар муха хила деза хета хьуна аьлла шега динчу хаттарна иштта дийцира цуо:

Садаева Фатима: „ Суна нохчийн духар уггаре а хьалха оьзда хила деза, аьлла, хета. Вай дIадохадале вайн наноша а, ненан наноша а хаза деха пхьош болуш кучамаш а лелийна, еха, голел тIех йолуш, хьакхолге кхаччалца духар лелийна, коьртахь хье дIа а къевлина, йовлакхаш лелийна, коьртахь хаза шипонаш лелийна.

Цхьаболчара-м хIинца вай иштта духарш ца лелийний, вайн наной иштта ца леллий, олу. И хиджаб схьаеъца, хIинца дукха кегирхой цунна тIебирзина. Суна изаъ, важаъ тоба нийса ца хета. Нохчийн зудчуьн духар оьзда хила дезийла-м хаьа суна“.

Фатимас иштта кхин дIа а дуьйцу, духаран оьзделла а, цуьнан бустамаш а хьехочех дукхахьолехь массара юхьаралаьцнарг зудчун духар хуьлу, бохуш. Амма дицдо боьршачу нехан духар а заман йохалла вуно хийцаделла хилар, я хIуммаъ оьздачу агIор а ца хийцалуш. Дукхахьолехь зударийн барзакъийн дастамалла юьйцуш болу боьрша нах шаьш а хуьлу вуно маьттаза духарш духий лелаш, боху цуо.

Садаева Фатима: „Зударий хилла а ца Iаш, кегийчу нехан духар а хила деза оьзда. ХIинца кегий нах а чIогIа цIармата лела бевлла. Оццул цхьа йоца „футболкаш“ а юхий, - царех-м „футболкаш“ ала а йиш яц, цхьа „топикш“ санна хIумнаш а ю, цхьа гамажаш я лосинаш санна и цхьа хIумнаш а йоьхна лелаш хуьлу кегий нах а.

Хьалха вайн баккхийчара, вайн дайша „гIарчI“ аьлла юкъах дихкина доьхка лелош хилла, хаза йоьхна вета болу коч а йолуш, лелош хилла духар. Тахана вета болу коч ца юхарх, хаза деха пхьош а долуш, оьзда божарийн коч йоха йиш ма ю шена тIе, шен юкъах доьхка дехка а.

Шена тIехь товчу агIор оьзда барзакъ хила деза жимчу стагана тIехь. Къонахчунна тIехь гуттар а товш ма дац цIармата кечвалар. ЙогIуш -йоьдуш суна йистехь наггахь волу жимастаг нисвеллча, суо йоккха елахь а, цуьнга дIахьажа эхь хеташ, коре дIайоьрзий Iа-кх со. ЧIогIа халахета суна нохчийн къонахий, вайнехан кегийнах шайна тIехь иштта осала лелаш. Зударий буьйцучохь дац вай-м“.

Ткъа цхьана агIор „иза Iарбойн духар дуй“, вукху агIор“ нохчийн духар бусулба динца ца догIий“, бохуш, вовшашна чуччаоьхучу тобанех лаьцна духарш тоьгуш а, церан истори а, башхаллаш а евзаш йолчу Садаева Фатимас и ший тоба харц хета шена, боху. Бакъдерг, даима хуьлуш ма-хиллара, цхьанхьа юккъехь хила там.

Садаева Фатима: „Вайн баккхийчара, вайн наноша я ненан наноша иштта духарш ца лелийна, уьш Iарбойн духарш ду, бохуш кхамелаш хеза суна дукха кху тIаьхьарчу хенахь. Вайн наноша, - тхайчара а, и дуьйцучу нехачара а, - даккхий техкина йовлакхаш лелийна, хаза еха йоьхна кучамаш а лелийна, иза ду-кх нохчийн духар. Хьалхалерачу сарташка хьаьжча а гуш ду иза.

Бусалба динна тIетевжина, дино ма-баххара хилла-кх нохчийн духар даима а. Цул тIаьхьа, вай дIадохийначуьра цIадаьхкинчул тIаьхьа, оцу Советан Iедало цхьацца шен хийцамаш юкъебаьхна вайн къомана а. Цу хенахь Iедало я ницкъара леладайтинехь а, я цхьа пропагандано тIеIаткъам бина лелийнехь, хIетахь хилларш вай тахана лелон деза аьлла ца хета суна. Исторехь вайн наноша а, церан наноша а ма-леллора хила дезаш санна хета-кх суна вайн духар“.

Мухха делахь а, нохчийн духарх, къаьстина, зударийн духарх долу къийсадаларш кеста заманчохь дIатуьйр ду аьлла ойла ца кхоллало. Бакъду, дика хила мегар, цу зударийн духарех долу дийцарш къонахаша а ца дуьйцуш, вайнехан зударша шаьш дийцаре деш хилча, айдина хилча а. ТIаккха цунах хила там бара хила ма-деззара даIават а, хьехам а. ХIинца санна – неха боьршачу наха хийрачу зударийн барзакъех долу эладиттанаш а, бехкашдахарш а доцуш.
XS
SM
MD
LG