ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчура коммуналан хьашташ а, церан кхачамбацарш а


Соьлж-гlала - Соьлжа хи тlехула долу тlай Керлачу шарна кечдина ду, 26Гlу2012

Соьлж-гlала - Соьлжа хи тlехула долу тlай Керлачу шарна кечдина ду, 26Гlу2012

ХIокху цхьана шарахь гIаьххьа алсамдаьлла бахархоша коммуналан хьаштех лучу ахчанан барам. ХIинцалц ахча гулдарна бIаьргаш хьаббина хиллехь а, тахана оцу гIуллакхан тIедирзина Iедалш. Ткъа, цхьана догIуш дуй те, коммуналан хьаштийн дикалла а, цуьнана мах а, теллира Маршо радионо.

ХIокху деношкахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Iедалхошца шен хиллачу цхьанкхетарехь, уггар а кIезга коммуналан ахчанаш луш ерг ю, аьлла билгалаяькхира ши кIошт: Куршлойн а, Шелан а. Цхьанен коьртехь волчу шен юьртахочунна Висмурадов Абухьуьсейнна а, вукхунна коьртехь волчу шен шичина Ибрагимов Турпал-Iелина дов дира цо, болх дика беш бац аьлла. Кхечу кхачамбацаршна юккъахь, хьахийна дара, оцу шина кIоштехь, коммуналан хьаштех нахера ахчанаш оьшшучу барамехь гулдеш дац аьлла.

Сийсара дуьйна меттигерчу телехьожийлехь хаддаза гойтуш дар, оцу шина кIоштера куьйгалхой ара а боьвлла, шайца, газ латточу урхаллера белхахой болуш, декхаре баханчу нехан неIарга хIуьттуш. Дийцарехь, оцу шинна кIоштехь, барам дукха лекха бу, 50 эзар соьма тIера дуьйна, 200 а, 300 а эзар соьман тIехкаччалц.

Декхарах цIанвала луучуьнгара, цу меттехь схьаоьцура, ткъа, иза дац бохучуьнна хIусам газах дIахадайора. Иза дац бохург а, чоьте оьцуш дацар.

-ХIора неIаргахь машен ю. Иза дIа а йохкий дIало декхар. ХIора берийн карахь ю еза телефонаш, уьш а йохкий дIало, аьлла хьехам бора, шаьш хIун дийр ду ца хуучу бахархошка, Куршлойн кIоштан куьйгалхочо Висмурадов Абухьусейна.

Соьлжа-гIалахь-м, коммуналан декхарш гулдар гIуллакх, ишта ледар дац. Ша мел болу тидам, коьртачу шахIаран тIебирзина болун дела, кхузара дукхачу бахархоша, бутт дIабаларцаний дIалуш ду, хих а, токах а , йовхонах а, нехаш дIаяхьарх а, петарийн подъездаш цIанъярх а, ишшта кхечуьнах а ахча.

ГIалийн коьрта республика куьйгалхочуьнна гергар стаг Кадыров Ислам хоттинчул тIаьхь, ахча дIалучу нехан раьгIнаш яхъелла. Къона мэр ша а лела, гIалахула, декхарш схьадохуш. Ткъа, доьхьал ваьллачуьнца дийца кхин къамел а дуйла хууш, наха далахь а, дацахь а, дIало ахча. Соьлжа-гIалахь коммунала хьашташна ахчанаш дIадалар лакхадалар кхин цхьа а бахьан ду.

Шозза-кхузза багар бина гIалахь бехаш болу нах, цкъа мэрера богIуш, юха, полицера богIуш. Дийнахь балхахь, ян цхьанахь бахана хилла болу нах, чохь ца карийча, цара дап олий, кехат латадо: «Мохар тоьхна ю полицино. Бакъо яллалц, неI елла мегар дац. Петарийн долаллийн кехаташ а дохьуш тIевола, куьпан полисхочунна», олий яздина а долуш. Цхьаболчу наха цу тайпа кехаташ шай петарийн неIар тIехь гича, дог лоций синтем байна хьуьйзу, хьанна хаа, хIинца хIун даг деана кхарна олий.

Ткъа кхочуш деш юй теша, тахана, дIалучу оцу ахчанца дуьстича, коммуналан хьашташ? Соьлжа-гIаларчу дукхачу бахархоша, цхьа жоп лура ду - дац аьлла. Iа тIедеанчу дуьйна, йовхо оьшучу хенахь, йоманашца летийна йолу биргIанаш кесста-кесста хи чекхадолуш хуьлу. ТIаккха, иттанаш гIишлош лаьтта и йовхо йоцуш. Чу йогIуш иза ца хилча, наха, тоькаца ерш латайо, дукха чIогIа ахча дIаузуш йолу.

Хьалха санна, хIинца хица бала бац Соьлжа-гIалахь. Амма, иза а дIадоккху, денна а шина денна а. Цунах а, кхечу хIуманах а, нах дIабоьлла. Уьш башха даккхъийчарах а ца хета. ГIала юккъахь, шийла а , довха а хи, даиманна догIуш ду, амма йистошкахь, масла, уггаре а адамех юькъйолчу микрорайонашкахь, довха хи доцуш ду. Наха, чу хIиттош ю, газац хи дохдеш йолу пешаш. Дукхачу хьолехь, уьш нийса хIоттош йоцун дела, газах дIовш а долуш нах балар а лакхадаьлла махкахь.

Соьлжа-гIалахь тIекIал йина йолу гIишлонаш, дукха ю аьтта куьзганаш а ю. ХIора гIат тIехь, ток дIасйоькъуш йолу боттанаш, серий гарий-чIамий вовшахтийсина ду. Ткъа, хьалхарчу гIат тIехь, йоккха щитовой дукхачу хьолехь, неIарш а йоцуш хуьлу.Буьйсана чу воьдург галвалахь, ян бера тIекхетахь, тоькан боккхачу ницкъах кхерам бу царна. Мел бахарх, иза хуьйцуш яц шай, бохуш арз дира Маршо радиога 3 микрорайонера Дьякова урамехь ишштачу цхьан цIа чохь бехачу наха. Ишшта хьал дукхачу гIишлош чохь ду.

Ворх-бархI шо хьалха, Соьлжа-гIалахь, хIора гIишлойн куьпан уллехь, лаьттачу нехаш дIакхуссучу меттехь даиманна жIалеш хуьлура. Цкъацца, берашна а, наггахь баккхийчарна а, тIедетталой, цара каетташ меттигаш нислора.ХIинца и бала дIабаьккхина. ЖIалех цIанъйина гIала. Амма, нехаш дIакхехьаран, гIуллакх шен цхьана ражехь хуьлуш далахь а, мокъа деношкахь, яшкеш, тIех а оьхуш, нехаш лаьттах вахькхуьйсий, цу тIехь лелаш цицигаш а, къийгаш а, хуьлу. Уьш а, адамех ца уозало. Хийла бераш кхера а лой, нехаш новкъахь вахьа кхуссий уьду.

Коммунала хьаштех, доккхуш долу ахча, дукха ду аьлла ца хеташ, гарехь, дукха нах хира бац. Амма, шай агIора, Iедалца бина болу барт кхочуш ца беш болу бахархой а кIезга бац. Масла, нехаш, цхьаболчу наха, цхьаннена гуш ца хилчхьана, новкъахь охьакхуссу. Ткъа, кхечара-м, иза балкон тIера генна олий чу а ластайой, полиэтилен тIоьрмиг диттийн генехь таса а лой, цу тIехь кхозу, шарахь, иза баттIалца, ша кемсийн хорх санна.

Коммунала хьаштех доккху ахча даиманна хетар ду нахан дукха, хIунда аьлча, дикалла лакхаяьккха езар гуш ду, тIехула бIаьрг тоьхча а. Боккха бала хира болуш а, хIинца а болуш а бу, Соьлжа-гIалана бухахь йолчу биргIашца. Уьш Совета заманахь дуьйна хийцназа ю.

Цундела худъелла, дIайоьвла уьш. Болчу лараршца, мел лаххара а ялх эзар километар хин биргIанаш ю хийца езаш. ХIинца цу чухулла вахьдогIу хи, шеца дIовш а, мехкдаьтта а, эчка а, долуш ду. Цхьанна а тайпа цIандеш а дац и хи. Амма иза кхечу материалан тема ю.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG